Сове́тийн Социалисти́йн Респу́бликийн Сою́з[~ 1], иштта ССРС, Советийн Союз, ССР Союз[8]1922 шерера 1991 шере кхаччалц йолчу хенахь Малхбален Европин, Къилбаседан Азин, Йуккъера Азин а, Малхбален Ази дакъойн мехкаш тӀехь хилла пачхьалкх. ССРС дӀалоцура йалхолгӀа дакъа гергга Дуьненан нах бехачу латтах[9]; йухучу хенахь йара майданца уггар йоккха дуьненахь пачхьалкх. Кхоьллина, 1917 шарахь Финляндин а, Польшин паччахьаллин дакъа а, кхин цхьацца мехкаш а боцуш Российн империн лаьтташ тӀехь.

Союзан пачхьалк
Советийн Социалистийн Республикийн Союз
оьрс. Союз Советских Социалистических Республик
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Ерриг пачхьалкхийн пролетареш, цхьаьнакхета!»
Шатлакхан илли: «Интернационал» (1922—1944)
noicon

«ССРСн пачхьалкхан шатлакхан илли» (1944—1991)
noicon
 
 
 
 
1922 шеран 30 декабрь — 1991 шеран 26 декабрь
Коьрта гӀала Москох Москох
Йаккхий гӀаланаш Москох, Ленинград, Киев, Ташкент, Бакох, Харьков, Минск, Горьки, Новосибирск, Свердловск[1]
Мотт (меттанаш) оьрсийн[2]
Официалан мотт оьрсийн мотт
Дин дац (атеизм, хьажа ССРСн дин)
Ахча рубль СССР
Майда 22 402 200 км²[3]
Бахархой 293 047 571 чел.[4]
Урхаллин тайпа цхьана партийн (1990 шо кхаччалц[5]) парламентан (советийн) республика (1922—1991)
Сахьтан асанаш +2…+12[6]
Интернет-домен .su
Телефонан код +7
Пачхьалкхан кортош
ССР Союзан халкъан комиссарийн Советан председатель
 • 1922—1924 (факт хилла - 1923 шеран 7 март кхаччалц) Ленин Владимир
ВКП(б) ЦК Инарлин секретарь/ССКП
 • 1924—1953 (факт хилла - 1923 шеран мартера) Сталин Иосиф
ССР Союзан министрийн Советан председатель, ССКП ЦК секретарь
 • 1953—1955 Маленков Георгий
ССКП ЦК Хьалхара секретарь
 • 1955—1964 Хрущёв Никита
ССКП ЦК Хьалхара/Инарлан секретарь
 • 1964—1982 Брежнев Леонид
ССКП ЦК Инарлан секретарь
 • 1982—1984 Андропов Юрий
ССКП ЦК Инарлан секретарь
 • 1984—1985 Черненко Константин
ССКП ЦК Инарлан секретарь/ССРС Президент
 • 1985—1991 Горбачёв Михаил
Хьалха хилларш а, когаметтанигаш а
Кхоьллина пачхьалкхаш пачхьалкхаш
ССРС йоьхначул тӀаьхьа

(ВКЪКХ декъашхой)[7]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ССРС истори

бӀаьра нисйан

Брежнев Леонидан урхаллин мур: Кхиина йаьлла социализм (1964—1985 шш.)/«Кхиамаш сацар»

бӀаьра нисйан
 
Брежневс а, Джимми Картера а куьг йаздеш бу Стратегин герз лагӀдаран барт, 1979

1964 шарахь Хрущёв даржера дӀаваьккхира. Керла ССКП ЦК хьалхара секретарь, факт хилла пачхьалкхан корта, хилира Брежнев Леонид Ильич.

1970-гӀа—1980-гӀа шерашкара муьрах оцу хенан хьосташкахь олура кхиина йаьлла социализман мур.

Брежневн урхаллин заманахь мехкдаьттан мехаш кхузза совдевлира[10], Малхбузан Сибрехахь керла мехкдаьттан меттигаш карйарна, ССРС хиира, олуш ма-дарра, «Мехкдаьттан механ тӀе»[10], цуо лагӀйира реформаш, йохо йолийра экономика[10].

Кхиамаш сацаран муьрехь йира пачхьалкхан Цхьаьнатоьхна электроэнергин система, цуо вовшахтесира ССРС мехкал сов, Болгарин, Мажаройчоьнан, Чехословакин, Польшин, ГДР, Финляндин мехкашна электроэнерги латтош йолу 78 энергосистема[11].

Кхиамаш сацаран муьран амалехь дара иштта рекордан боларца гӀишлошйар: шарахь 60 миллион м² гергга, иза 1964 - 1985 шерашкахь хилира миллиард шибӀе миллион квадратан метров дахаран майда, йар дика дацахь а, амма советийн барамашца аьтто болуш. Иза ю абсолютан рекорд советийн муьран, хӀинцалерачу дахаран фондан бух бу, постсоветийн Россехь оццу муьрехь дахаран гӀишлошйарехь боларш вуно лахара ду[12]

Экономикин хьал сурсатийн къоьлла йолуш, массо а сурсаташна рогӀехь лаьтташ дара[10]. Амма хьалхалерачу муьрашца дуьстича «кхиамаш сацар» уггаре дикачехь бара. Иштта, БорхӀалгӀа пхишо (1966—1970 шш.) уггаре аьтто болуш хилира советийн исторехь, цунна «дешийн пхишо» аьлла цӀе тиллира[10]. Кхиамаш сецначу шерашкахь боккъал а айбаелира советийн промышленность, оцу муьрехь дийнна схьаэцча кхиаран болар чехка дара АЦШ-чулла а: нагахь 1960 шарахь динчу промышленностан сурсатийн чухоаман барам АЦШ-чух 55 % гергга белахь, ткъа 1980 шарахь — 80 % сов бара[13]. 1980 шарахь Москохахь хилира XXII аьхкенан Олимпиада[14].

Цуьнца цхьаьна йисина йовхо дӀайаккхаран агӀора хьовзар хилира. Брежнев Ӏедале ма-веъа чӀагӀбелира «раз ойланашца» болу пачхьалкхан кхерамазаллин меженийн болх — дуьххьарлераниг хилира Синявскийн — Даниэлан процесс (1965)[15]. 1968 шарахь ССРС эскар чудахара Чехословаке политикин хийцамийн тенденци охьатаӀор Ӏалашо йолуш (хьажа Праган бӀаьсте). «Йовхо» дӀайаккхаран тӀаьххьара билгало хилира А. Т. Твардовский «Новый мир» журналан редакторан даржера дӀаваккхар 1970 шарахь.

1975 шарахь хуьлу «Сторожевой» цӀе йолчу кеман тӀиера гӀаттам — «Сторожевой» цӀе йолчу ССРС ТӀХӀФ доккхачу хин бухара кеманашна дуьхьал долчу кеман тӀеман советийн хӀордахойн тобано аьлларг дийриг ца хилар герзаца гайтар. ГӀаттаман тхьамда хилира кеман замполит, 3-гӀа тӀегӀанан капитан Саблин Валерий. Саблина дийцарехь, гӀаттам хьажийна бара социализман балха тӀехь ленинан принципаш денйаре.

1970-гӀа шераш дуьладелчхьана ССРС дӀаоьхуш бара жуьгтий. ДӀакхелхира дукхах болу гӀарабевлла йаздархой, актёраш, музыканташ, спортхой, Ӏилманчаш. Нисса оцу хенахь Израиль пачхьалкхо цӀа кхойкхуш бара дерриг дуьнен тӀиера жуьгтий.

Арахьара политикин областехь Брежневс кӀезиг болх ца бира 1970-гӀа шерашкахь политикин хьал даста гӀерташ. Америкин-советийн барташ бира тӀелатаран герзан доза тохарехь (бакъду, 1967 шерашкахь континенташна йукъара ракеташ йолайо дӀахӀитто лаьтта бухара шахташчу).

Гучубелира диссидентийн болам, гӀараевлира иштта цӀераш: Сахаров Андрей, Солженицын Александр. 1965 шарахь дуьйна ССРС тӀеман гӀо деш йара Къилбаседа Вьетнаман АЦШ а, Къилба Вьетнаман а дуьхьала болчу тӀамехь[16], иза лаьттира 1973 шо кхаччалц, чекхбелира Къилба Вьетнам а, цуьнан агӀо лаьцна америкин тӀеман тоба а оьшуш, америкин эскарш арадохуш, Вьетнам цхьаьнатухуш Социалистийн Республика еш.

Вьетнам (хьажа Вьетнамера тӀом). 1979 шарахь ССРС чуйахийтира дозатоьхна тӀемалойн контингент ДРО овхӀанийн правительствон дехарца (хьажа ОвхӀанан тӀом (1979—1989))[17], цуо дуьнанара политикин хьал дастадалар сацийра, болабелира шийла тӀом.

1977 шеран Конституцица, ССРС кхайкхийна йара цхьаллин союзан дуккхакъаьмнийн[18] социалистийн[19] пачхьалкх. 

ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи ССРС дара латтан тӀехула доза ОвхӀанца, Мажаройчоьнца, Иранца, Цийца, КХДР (иза кхоьллина 1948 шеран 9 сентябрехь дуьйна), Монголица, Норвегица, Польшица, Румыница, Туркойчоьца, Финляндица, Чехословакица, хӀордаца — АЦШ, Швецица, Японица. 

ССРС кхоьллина 1922 шеран 30 декабрехь РСФСР, Украинин ССР, Белоруссин ССР, ТӀехьакавказан СФСР цхьаьна пачхьалкхе вовшахтоьхна, цхьа правительство йолуш[20], столицей в Москве[21], кхочушдаран[22] а, суьдан[23] а Ӏедалшца, законкхолларан[24] а, бакъонийн[25] а системашца. Союзан республикаш (тайп-тайпанчу шерашкахь 4-16 хилла), Конституцица, лорура суверенан пачхьалкхаш[26]; формалан хӀоран а союзан республикин йитинера Союз йукъара паргӀата арайалар[27], 1990 шарахь дуьйна цуьнан низаман урхалла дора леррина законо[28]. Союзан республикин бакъо йара йукъаметтигаш лело кхечу пачхьалкхашца, цаьрца барт бан, дипломатийн а, консулийн а векалш хийца, дакъа лаца дуьненайукъара кхолламийн белхашкахь[29]. 50 пачхьалк-кхоллархойн ВКЪКХ ССРС цхьаьна яра цуьнан шиъ союзан республика: БССР а, УССР а. 


Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Советский Союз
  2. Де-юре в СССР до 1990 года не было официального языка. Русский язык фактически являлся основным языком делопроизводства. Закон СССР от 24 апреля 1990 года «О языках народов СССР» установил русский язык официальным языком СССР.
  3. На момент распада в 1991 году.
  4. По данным последней переписи населения СССР (1989)
  5. «В целях обеспечения дальнейшего развития осуществляемых в стране глубоких политических и экономических преобразований, укрепления конституционного строя, прав, свобод и безопасности граждан, улучшения взаимодействия высших органов государственной власти и управления СССР Съезд народных депутатов СССР постановляет:
    <…>
    II. Внести в Конституцию (Основной Закон) СССР следующие изменения и дополнения:
    1. Из преамбулы исключить слова "Возросла руководящая роль Коммунистической партии - авангарда всего народа".
    2. Статьи 6, 7, 10, 11, 12, 13 и 51 изложить в следующей редакции:
    "Статья 6. Коммунистическая партия Советского Союза, другие политические партии, а также профсоюзные, молодёжные, иные общественные организации и массовые движения через своих представителей, избранных в Советы народных депутатов, и в других формах участвуют в выработке политики Советского государства, в управлении государственными и общественными делами.
    Статья 7. Все политические партии, общественные организации и массовые движения, выполняя функции, предусмотренные их программами и уставами, действуют в рамках Конституции и советских законов.
    Не допускаются создание и деятельность партий, организаций и движений, имеющих целью насильственное изменение советского конституционного строя и целостности социалистического государства, подрыв его безопасности, разжигание социальной, национальной и религиозной розни";
    <…>
    "Статья 51. Граждане СССР имеют право объединяться в политические партии, общественные организации, участвовать в массовых движениях, которые способствуют развитию политической активности и самодеятельности, удовлетворению их многообразных интересов.
    Общественным организациям гарантируются условия для успешного выполнения ими своих уставных задач"…»
    Закон СССР от 14 марта 1990 г. N 1360-I "Об учреждении поста Президента СССР и внесении изменений и дополнений в Конституцию (Основной Закон) СССР" (извлечение)
  6. на территории СССР действовало декретное время
  7. Перечислены только государства — бывшие союзные республики, ныне — члены ООН. Российская Федерация продолжает членство СССР в международных организациях (в частности, ООН) и является «государством продолжателем» СССР
  8. Конституция (Основной Закон) Союза Советских Социалистический Республик. Принята 7 октября 1977 года
  9. 22,4 млн км² из 134,9 млн.
  10. 1 2 3 4 5 Минусы и плюсы эпохи Брежнева, 20 декабря 2006 года, Комсомольская Правда
  11. Сосновский И. Ю, Чайковский А. М. Энциклопедический словарь юного техника. Единая электроэнергетическая система страны, М., 1979
  12. Петрова Ю. Россия сравнялась в РСФСР по объёмам жилищного строительства, «Ведомости», 30.08.2013
  13. 293796130.html Акимов В. Советская экономика в эпоху Леонида Брежнева, РИА Новости, 08.11.2010 Архивйина 2018-11-11 — Wayback Machine
  14. Москва, 80. [Игры XXII Олимпиады. Альбом] / Сост. В. А. Жильцов. — М.: Физкультура и спорт, 1980. — 312 с.
  15. Цена метафоры, или Преступление и наказание Синявского и Даниэля. М.: Книга, 1989. ISBN 5-212-00310-5
  16. Воронов Борис Александрович. Записки начальника штаба Группы СВС во Вьетнаме
  17. Советско-афганская война 1979—1989(ТӀе цакхочу хьажорг)
  18. Ст. 70-я Конституции СССР 1977 года
  19. Ст. 1-я Конституции СССР 1977 года
  20. Договор об образовании СССР, пункт 1
  21. Договор об образовании СССР, пункт 23
  22. Договор об образовании СССР, пункт 11
  23. Договор об образовании СССР, пункт 12
  24. Договор об образовании СССР, пункты 2-9
  25. Договор об образовании СССР, пункты 12-17
  26. Ст. 76-я Конституции СССР 1977 года
  27. Ст. 72-я Конституции СССР 1977 года
  28. Закон СССР от 3 апреля 1990 года «О порядке решения вопросов, связанных с выходом союзной республики из состава СССР»
  29. Ст. 80-я Конституции СССР 1977 года
  1. Прилагательное «советский» могло обозначать как нечто, относящееся к СССР, так и, в более узком смысле, относящееся к системе Советов.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
Публицистика