Хьалхара Кавказ
Хьалха́ра Кавка́з — алсама Йоккха Кавказан кӀажошкара къилбаседехьара аренан мохк дӀалоцу, къилбаседехьара доза ду ГӀуман-Манычан чутаӀе, Салан-Манычан рагӀ Ергени гунашца, малхбузера – Азов-хӀорд а, Керчан хидоькъе а, малхбалера – Каспий-хӀорд. Къилбаседа-малхбузера къилба-малхбале яхъелла 900 км сов, меридианашца лаьрча (къилбаседехьара къилбехьа) — 300 км кхаччалц.
Хьалхара Кавказ | ||||
---|---|---|---|---|
Географин регион | Къилба-Малхбален Европа | |||
Локализаци | Российн Европин декъан къилбе | |||
Бахархой | оьрсий, нохчийн, украинаш, жӀайхой, гӀумкий, даьргӀой, ногӀий, хӀирий, адыгейш, гӀебартой, чергазий, балкхарой, кхарачой, кхин берш а. | |||
ЙукъайогӀу | Российн | |||
Цунна йукъайогӀу | Ставрополан мохк, Ростовн область (цхьа дакъа), ГӀалмакхийчоь (цхьа дакъа), Краснодаран мехкан аренан кӀошташ, Адыгей, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГӀебартойн-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, Нохчийчоь, ДегӀаста | |||
Махкахь пачхьалкх | ||||
|
||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Физикин-географин амалш
бӀаьра нисйанГеологин хӀоттам
бӀаьра нисйанХьалхара Кавказан алсама долу декъан къилбаседехьа а, йуккъехь а платформин структура йу герцинан чкъоьрнийн бух а болуш. И мохк йукъабоьду эпигерцинан Скифийн платформин. Малхбузен а, Йуккъера а Хьалхара Кавказан чкъоьрийн бухан хьалхарагерцинан хан йу, ткъа Малхбален Хьалхара Кавказан къилбаседан декъан геосинклиналан бухан хан — тӀаьхьарагерцинан йу[1].
Кубанан а, Теркан а лахенашкахь лаьтта, хӀоранна а, Индолан-Кубанан а, Теркан-ГӀуман чутаӀенаш, уьш йукъайогӀу Альпийн геосинклиналан областан йистан чутаӀенна — альпийн ламанан кӀажойн чутаӀенна, ткъа иза йуккъерачу декъехь чолхе йина герцинан чкъоьрнийн бухца йолу платформин структуро[2].
Хьалхара Кавказан тӀехуле йиллина антропогенан, неогенан, палеогенан бухайоьжна породаша. Ставрополан акъарин палеогенан а, неогенан а стоммалло кхуллу платформин тайпана чкъоьрнийн структураш. Теркан а, Соьлжин а даккъийн чкъоьрнаш лаьтта неогенан породех, чолхе бо йистан чутаӀенан къилба тӀам. Кавминхишшан кӀоштахь лаьтта лакколитийн тайпанан тӀапломан массиваш[2].
Физикин-географин кӀошташйар
бӀаьра нисйанОрографин агӀора Хьалхара Кавказ йекъало:
- Малхбузен Хьархара Кавказ
- Кубанан-Азовйистан чутаӀе (Кубанан къилбаседехьа)
- Кубанйистера таьӀна аре (лахара Кубанал къилбехьа)
- Кубанан дельта а, цунна тӀекхетта Таманан ахгӀайре (Азовйистан дельтан чутаӀе)
- Йуккъера Хьалхара Кавказ
- Ставрополан атагӀи (831 м кхаччалц)
- Теркан-Соьлжин акъари (Теркан-Соьлжин хинъйукъ) антиклиналан Соьлжин (926 м кхаччалц) а, Теркан (593 (690?) м) а даккъашца (уьш (даккъаш) декъна синклиналан Ӏалханчуртан атагӀо)
- царна йуккъехула (гунашна йуккъехула), къилбехахь — аренна йуккъехь айаделла нартол кепара лаьмнаш-лакколиташ Минералхишшан тобанан:
- Малхбален Хьалхара Кавказ
- Теркан-ГӀуман чутаӀе
- НогӀийн бай-аре
- Каспиййистан чутаӀе (Ӏаьржа латташ)
Ораматаш а, дийнаташ а
бӀаьра нисйанХьалхара Кавказан алсама тайпана ораматаш бай-аренан а, ахгӀум-аренан формацин йу. тахана бай-аренан доккхаха долу дакъа аьхна ду. Цхьацца дакъош дисина айаеллачу меттигашкахь, чутаьшначохь а, басенашкахь а, наггахь хаало цкъан а аханза дакъош. Хьалхара Кавказан карбонатан Ӏаьржа латтан бай-аренашкахь, коьрта эдификаторш йу огар (Stipa lessingiana, Stipa capillata, Stipa ucrainica, Stipa tirsa), ткъа иштта типчак (Festuca valesiaca), келери тӀилдигкепара (Koeleria cristata). Бецийн тайп-тайпаналлин йукъахь хаало мезофилан кепаш, масала турс термера (Filipendula vulgaris), цӀен лерг готта гӀа долу (Paeonia tenuifolia), адонис бӀаьстенан (Adonis vernalis), пхьагал-цӀазам баьццара (Fragaria viridis), сийна бӀаьрг хьуьнан (Myosotis sylvatica), ткъа кхин а алсама ксерофилан — солнечник месала (Galatella villosa), эзар гӀадерг беркате даьлла (Achillea nobilis). Нисло Кавказера схьаевлла кепаш а — псефеллюс кӀайн йина (Psephellus dealbatus). Цхьаццанхьа чутаьӀначохь хаало бай-аренан коьллийн къух кока (орамат) (Prunus stepposa), бай-аренан миндаль (Amygdalus nana), карагана кӀеда (Caragana mollis)[3]. Ставрополан акъарин малхбален басехь и бай-аренаш хуьлу типчакан-огаран, кхин дӀа типчакан, тӀаьххьара, типчакан-сагалбецан йекъа бай-аренаш, цара дӀалоцу Йуккъера Хьалхара Кавказан уггаре декъа къилбаседа-малхбален дакъа.
Хьун-аренийн кӀоштийн щелочь дӀадаьлла Ӏаьржа латтанаш ду байн аренашкахь, иза йу бай-аренан уггаре мезофилан семса, тӀеттӀакхетта тайп-тайпана кепаш йолу, дукха ши зӀийдиг йолу бецаш а йолуш, цхьаццанхьа уьш алсама хуьлу кенан орамател. Ширачу заманан кенан ораматех йу огар месаш йолу (Stipa pennata), тимофеевка бай-аренан (Phleum phleoides), кхечу кенан ораматех ха бердйистан (Bromopsis riparia), трясунка къилбан (Briza elatior). Ставрополан акъарин малхбузен басешкахь хаало огаран-типчакан бай-аренийн дакъош, тӀехь кхуьу огар чоберг (Stipa capillata) а, огар украинин (Stipa ucrainica) а, тӀон басешкахь шуьйра йаьржина огаран-можан бай-аренаш тӀехь огар чоберг (Stipa capillata) а, мажъерг термера (Bothriochloa ischaemum) а, гӀирмин сагал-буц (Artemisia taurica) а, сагал-буц Маршаллан (Artemisia marschalliana)[3] а йолуш.
Регионан экономикин географи
бӀаьра нисйанМалхбузен а, Йуккъера а Хьалхара Кавказ — ладаме латталелоран кӀошт, Малхбален Хьалхара Кавказехь ду ахгӀум-аренан байданаш. Хьалхара Кавказан дукхаха йолчу кӀошташкахь йу мехкдаьттан (Русски Хутор, Маьлхбикан-МохьмадхитӀен, кхин а) а, газан (Къилбаседа-Ставрополан, Майкопан, Ленинградан, кхин а) меттигаш.
Политикин йекъайалар
бӀаьра нисйанХьалхара Кавказан махкахь бу Къилба а, Къилбаседа-Кавказан а федералан гуонаш. Хьалхара Кавказехь берриг аьлча санна лаьтта Ставрополан мохк, Краснодаран мехкан а, Адыгейчоьнан а къилбаседа-малхбален дакъа, ткъа кхин а Ростовн областан къилба-малхбузен дакъа, Кхарачой-Чергазийчоьнан, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан, Къилбаседа ХӀирийчоьнан, ГӀалгӀайчоьнан, Нохчийчоьнан, ДегӀастанан къилбаседа аренан кӀошташ.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Хаин В. Е. Новые данные по геологии Предкавказья и их значение для геологии Кавказа // Доклады АН СССР. — 1953. — Т. 90, вып. 2. — С. 132-133.
- ↑ 1 2 Гвоздецкий Н. А. Кавказ. — М.: Гос. изд-во географической лит-ры, 1963. — 260 с.
- ↑ 1 2 Шифферс Е. В. Растительность Северного Кавказа и его природные кормовые угодья. — М.-Л.: Изд-во АН СССР, 1953. — 399 с.