Шалажа (эрк)
Шалажа — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн Хьалха-Мартанан а, ТӀехьа-Мартанан кӀошт кӀошташкахула. Ӏаьс-хин аьтту га.
Шалажа | |
---|---|
оьрс. Шалажа | |
Амал | |
Дохалла | 40 км |
Бассейн | 258 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | хиш вовшахкхоьтийла: Ӏаьржа Шалажа, КӀайн Шалажа |
• Локхалла | 473,7 м |
• Координаташ | 43°03′16″ къ. ш. 45°20′14″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Ӏаьс-хи |
• Эрк чекхдолу меттиг | 6,5 км аьтту бердаца |
• Локхалла | 167 м |
• Координаташ | 43°15′15″ къ. ш. 45°25′04″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 7,6 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Ӏаьс-хи → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регион | Нохчийн Республика |
КӀошташ | Хьалха-Мартанан кӀошт, ТӀехьа-Мартанан кӀошт |
Код ПХР чохь | 07020001112108200005598[1] |
Географи
бӀаьра нисйанЭрк кхоллало Ӏаьржа а, КӀайн а Шалажа цхьаьнакхетачохь. ОхьадогӀу къилбаседехьа Шалажахула, Котар-Юртахула, ШаӀми-Юртахула. Эркан хикхоче ю Закан-Юртан дуьхьала Ӏаьс-хин хикхочел 6,5 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохалла – 40 км (КӀайн Шалажаца цхьаьна), хи гулден майда — 258 км²[2]. Уггаре доккха аьтту га — Нетхой эрк.
Топонимаш
бӀаьра нисйан- КӀегана юх – эркан аьтту бердаца йолу саьлнаш.[3].
- Хьабин хьераш – эркан бердаца йолу нийса меттиг, Шалажа эвлан къилбаседа йисттехь.
- Валгхуоша хи чутеснача - генарчу заманахь Ӏаьржачу лаьмнашкахь лаьттачу Валарг-кӀотаран бахархоша шайн ялташ дуьйчу меттигашкара Валарг-хи, татол а даьккхина, Шалажан чудерзийна меттиг[4].
Хин реестрах хаамаш
бӀаьра нисйанРоссийн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ [2].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005598[2].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ 1 2 3 «Шалажа» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 75.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 399.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Шалаж // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.