Шикъарой
Шикъарой — шаройн тукхумера нохчийн тайпа[1]. Даьхна Нохчийчоьнан къилба-малхбален декъехь. Шара-Орган аьрру ген Шаро-аьхкан тӀехь лаьттина Шикъарой тайпанан тӀулгийн эвланаш[1]. Тайпанаy векалийн йаьккхина ДНК тесто гайтина Шикъарой J1 гаплотобанара хилар. Бекъало гарашна а, некъешна а, масала, Чапал-гар – Ваги некъе (J1)[2]. М.А.Мамакаевс Шикъарой Нохчийчоьнан орамера тайпанаш юкъатуху[3].
Къена тайпа | |
Шикъарой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | шарой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан шаройн диалект |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Шаройн-Мохк |
Этимологи
бӀаьра нисйанСулейманов Ахьмада дийцарехь Шикъара дешан жӀайхойн маттахь сирла месаш йолуш, хьаьрса маьӀна ду[4].
Географи
бӀаьра нисйанШикъара – эвлан саьлнаш Итон-Кхаьллан кӀоштахь ю; лаьтта Шара-Орган аьрру бердаца, цуьнан аьрру ген тогӀийца. Шикьара эвла лаьттина шина декъех: Байдие а, Пхьиедие а. Шикъаран доза ду: малхбузехь КӀесалца, малхбалехь Шаройн-Мохкца, къилбаседехьа ДженжIарие дукъан дехьа ЧӀаьнтица а, Зумсица а, къилбехьа Шара Орган харшца доза хилла Хуландан латтанашца[1][4]. ДженжIарие дукъ тӀиера охьадогӀу Шикъаройн эрк[5].
Тайпанца йоьзна топонимаш
бӀаьра нисйанШикъар-гӀала – гӀала-гӀап, лаьтта Орстхарчу Турсиел-дукъан а, ХӀуттанчун а, юккъехь ХӀуттунчун къилба йисттехь. А.Сулеймановн хетарехь, хьалхара дакъа доьзна ду Шикъарой тайпанца[6]. Чурт-ТогӀи – Соьлжа-ГӀалин кӀоштара эвла, лаьтта Соьлжа-ГӀалан rъилбаседа-малхбалехь, 15 км гергахь, Соьлжан аьрру берда тӀехь. Кхоьллина Шикъаройша ислам дин даржош лелачу тобанех бевдда[7].
Тайпанан эвланаш
бӀаьра нисйанТайпанан махкахь хилла кегийра эвланаш а, бӀаьвнийн гӀаланаш а: Дехачу-агане, Уоратл-дукъа, Икъарой (ша даьлла тайпа), Ами-гӀала, ПирсунтӀехе, ГӀур-тогӀи, Пха-хьалхие[1][8].
Беха меттигаш
бӀаьра нисйанБеха меттигаш: БердакӀел, Гелдаган, Йоккха АтагӀа, Лакха Невре, Макан-ГӀала, Новр-ГӀала, Олхазар-КӀотар, Чурт-ТогӀи, ЧӀулга-Юрт.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Я. З. Ахмадов. Очерк исторической географии и этнополитического развития Чечни в XVI—XVIII веках. Благотворительный фонд поддержки чеченской литературы. 2009. Архивйина 2017-08-12 — Wayback Machine
- ↑ Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart
- ↑ Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 213.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 209.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 23.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 474.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 214.
Литература
бӀаьра нисйан- Я. З. Ахмадов. Очерк исторической географии и этнополитического развития Чечни в XVI—XVIII веках. Благотворительный фонд поддержки чеченской литературы. 2009.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: «Эль-Фа», 1997. — 682 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |