Коьрта меню схьаелла

«Ра́дио „Маршо́“» (юьззина цӀе — «Радио „Маьрша Европа“/Радио „Маршо“», РСЕ/РС[1]; инг. Radio Free Europe/Radio Liberty, RFE/RL) — дуьненаюкъара коммерцин йоцу радиокъамелийн кхоллам, финансаш латтайо АЦШ конгрессо Телерадиокъамелийн гӀуллакхьан урхаллин советан (BBG) юкъараллийца[2]. Шайн мисси кхайкхайо, «прессан маршо Ӏедалаш ца магийна я тоъал кхиина йоцу пачхьалкхийн демократин мехаллашна а, институташна а хааман журналистикица гӀолацар»[3].

Маьрша Европа/Радио Маршо
Радио «Маьрша Европа»/Радио «Маршо»
RFERL primary brandmark.svg
ГӀала Прага
Пачхьалкх АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Лестам

1386 кГц

Flag of Russia.svg Росси
Къамелан зона дерриг дуьненан
Къамел долийна терахь 1953
Къамел чекхдаьккхина терахь 21 июнь 2010 (68,30 УЙТ лестамехь)
10 ноябрь 2012 (1044 кГц ЮТ лестамехь)
26 июнь 2016 (йоца тулгӀенаш тӀехь)
Координаташ 50°04′44″ къ. ш. 14°28′42″ м. д.HGЯO
Сайт www.svoboda.org
Онлайн-трансляци ю
Commons-logo.svg Маьрша Европа/Радио Маршо Викилармехь

2017 шеран августан хьолаца къамел до 26 маттахь 23 Малхбален Европан, Юккъера Азин, Гергара а, Юккъера а Малхбален пачхьалкхашка[4]. Эфиран къамелал сов, «Радио „Маршо“» иштта къамелаш до Интернет чухула а, кхуллу телевизионан суьрташ. Кхолламан штаб-квартира Прагехь ю (1995 шо кхаччалц Мюнхенехь яра), кхин а ю 17 регионан бюро а[4]. РС официалан сайтан хаамашца, РСЕ/РС болхбеш ву 400 гергга штатан журналист а, 750 гергга фрилансер а[4][5]. Newsru.com хаамашца, 2006 шарахь Россехь РС бара 60 штатан а, 200 гергга штатехь боцу а журналисташ[6].

БилгалдахаршНисъе


  1. О Радио Свобода
  2. RFE/RL FAQ (How is RFE/RL funded and managed?) // RFE/RL: «RFE/RL is funded by the U.S. Congress through the Broadcasting Board of Governors (BBG).»
  3. RFE/RL Mission Statement
  4. 1 2 3 Radio Free Europe/Radio Liberty // RFE/RL Pressroom.
  5. Fast Facts
  6. В России запрещена ретрансляция «Голоса Америки» и «Радио Свобода» // NEWSru.com, 07.07.2006