Нартол
Нартол (итал. cupola, лат. cupula, оьрс. купол) – шен кепаца герга йу ахсферех йа кхечу сатторан (эллипсан, параболан) хьовзийна тӀехулонах. Нартолан конструкцеш лелайо дукха хьолахь къовлуш гоьрга, дуккха сенаш болуш, эллипсан гӀишлойн планаш, цуо таро ло къовла йаккхий меттигаш йукъ-йуккъе гӀортолаш а ца хӀиттош. И кепаш йо цхьацца саттаршца. Охьанехьа йолу йозаллийца нартолан конструкцешкахь кхоллало саттаран Ӏаткъам, ткъа иштта анасизан дӀасататтар гӀортолаш тӀехь.
Истори
бӀаьра нисйанНартолан истории йолайелла ширачу заманахь, уьш хаало дукха ширачу иэсашкахь Галлин, Нурагашкахь, йа нурагенашкахь Сардинин (уьш йу гоьрга тӀулган экъа, тӀехь лаьтташ горгбина бохь болу бӀогӀамца, оцу бохь чохь хуьлу масех цхьаъ вукханна тӀехула йолу чоьнаш; и чоьнах къевлина хӀора а харц нартолца), Лидера каш тӀиера хӀолламакахь, шира Желтойчоьнан бахамаш бохкучохь (масала, Атреян бахамаш бохкург Микенашкара), этрусскийн дӀабухку маьлхан кешнашкахь, нубийн Курна пирамидехь; амма уггаре дукха уьш лелийна, гарехь, шира халдейша а, гӀажарша а, иза гойту вайга кхаьчначу церан гӀишлойн суьрташ а, церан гӀаланаш лаьттинчохь дина археологин ахкарш а. Шира нартолаш харц хилла. Церан анасиза доьттина тӀулган йа кибирчиган могӀанаш кхозура цхьаъ вукханна тӀехула, цара дӀа ца лора анасизан Ӏаткъам пенашна. Классикан Желтойчоьнан архитектуро ца лелайора нартолаш; тӀаккха а иза йу Афинехь жима Лисикратан хӀоллам къовлуш монолит.
Шира Рум
бӀаьра нисйанТехнологица чолхе а, йаккхий тӀулгийн нартолаш нийсачу нартолан конструкцешца йан йолийра бетон йукъайаьллачул тӀаьхьа Руман архитектурин революцин заманахь килсаш а, йаккхийра йукъараллин гӀишлош йеш. Румхоша, шайн исбаьхьалла къегинчу муьрехь, нартол йоттаран бакъонаш йевзина, майра лелайора уьш дукха йаккхий меттигашна тхов къовлуш. Лору, уггаре шира нартол, хӀинца йолчех, руман Пантеонехь йу, иза йоьттина вайн эран 128 шарахь. Кхузахь ахсферан нартол йу, боьххьехь гоьрга Ӏуьрг ду серло чукхетитархьама дитина, цуо къовлу гоьрга гӀишло диаметр 43½ м йолу. Шира румхоша нартол кечйора чухула йоькъуш арагӀоьртина хьала-охьа а, анасиза а пӀендапршца, цара йора кессонаш.
Византи
бӀаьра нисйанТӀаьхьа нартолаш йар схьаийцира византийн динан а, культан а архитектуро. Византийн архитекторш дуьххьала аьттонца йира нартолаш гоьрга йоцучу гӀишлона а, беасенан а, дуккха сенийн а планашна тромпийн а, гатан а, йа пандантиван а гӀирсашца. Оцу муьран кульминаци хилира гатан технологи лелор Константинополехь Софийн килс йуттуш. Нартол хилира ладаме архитектурин элемент византийн килсан. Тойина византихоша нартол йаьржира Византера йерриг цуьнан провинцешкахула а, цуьнан Ӏаткъам болчу пачхьалкхашкахула а. ЖӀарин-нартолан килсан нартолаш йан йолийра Европин малхбузехь, Эрмалойчохь (Эчмиадзинан килсера Сийлахь Рипсимен килс, VII бӀешо), Гуьржийчохь (Мцхета уллера Джвари килс, VII бӀешо), Русехь (Киевра Сийлахь Софийн килс, XI бӀешо). Апеннинан ахгӀайрен тӀехь нартолашца йевза Баптистери православничеран а, базилика Сан-Витале а Равеннера, Сийлахь Маркан килс Венецера (кхузахь нартол тӀехула тхьов бина нартолах къаьсташ болу; йан йолийна — IX бӀешарахь); Рейн бердаш тӀехь — Ахенера императоран капелла; Францехь — Перигёра Сен-Фрон килс.
Исламехь
бӀаьра нисйанБусалбачара Сасанидийн импери а, Византийн Гергара Малхбале а схьайаьккхинчул тӀаьхьа нартол дакъа хилира бусулбачеран архитектурин (Самаркандера Биби Ханум маьждиг, XV бӀешеран йуьхьиг).
Итали
бӀаьра нисйанЛакхарчу тӀегӀанера нартол кхиар хилла италин ЙухаметтахӀоттар муьран архитектурехь (Флоренцин Санта-Мария-дель-Фьоре килсан нартол (Брунеллески, XV бӀешо), руман Сийлахь Петран килсан нартол (Микеланджело, XVI бӀешо), кхин дуккха а). Бароккон муьрера нартолаш йара уггаре йаккхий гӀишлошна а, гӀаланашна а тӀехь йина.
XIX бӀешо
бӀаьра нисйанXIX бӀешарахь нартол лело йолийра ладаме пачхьалкхан гӀишлош еш. ЦӀенош деш нартолаш кӀезиг лелайора. Нартолаш йеш металлан каркас, эчигбетон, аьнгали лело долийра. ЧӀогӀа хаза шайн барамца а, исбаьхьа конструкцица а нартолаш йу ЗаьӀапчеран цӀийнан а, Пантеонан а Парижехь, лондонан Сийлахь Павлан килсан, Германехь — берлинан Паччахьан музейхь (К. Шинкель); Россехь — москохан Ӏийсан килсан а, петарбухан Исакъан килсан.
XX бӀешо
бӀаьра нисйанXX бӀешарахь гӀишлошйаран технологеш кхиарца а, керла гӀирсаш йукъабовларца а, масала полимераш, архитекторш тхьов къовларан проекташйан буьйлабелира тайп-тайпана кепара нартолашца (масала, Р. Фуллеран геодезин нартолаш). Нартолаш чӀогӀа йаьржира спортан а, ловзаран а гӀишлошйарехь.
Лосера Нураг, Сардини. ХӀинцалера хьал | Афинера Лисикратан иэс | Руман Пантеонан кессонаци йина нартол | Киевра Софийн килс. Реконструкци. Сурт | Венецера Сийлахь Маркан килсан нартолаш |
Нартол исламан архитектурехь
бӀаьра нисйанИсламан архитектурера ширачех масала ду Скалан нартолан, Цепин нартолаш, Иерусалимера Байтал Мукъаддис маьждиган, иштта кхин а Дамашкъера Омейядийн маьждиган конструкцеш. Оцу йерриг а гӀишлоша схьаэцна византийн архитектурин амалаш. Амма исламан пхьерашна хиира шайн йевзачу амалаш тӀиера дӀа а таьӀна цӀенна бусалбачеран кхолларалла йукъадаккха[1]. Скалан нартол йина 691 шарахь Ӏабд аль-Маликан лаамца. Иза йечу хенахь пхьераш тӀетевжина хила тарло Ӏийсан кешан килсан конструкци. ГӀишлочун нартол йу шина чкъоьран дечиган конструкци диаметрехь 20,44 метр, локхаллехь 30 метр. Иза лаьтта йалхийтта бӀогӀам тӀехь лаьтта вотан тӀехь. Оцу бӀогӀамийн гуонехь лаьтта бархӀсаболу аркада 24 бӀогӀамах лаьтта. Тахана нартол арахьа деший тоьхна наштарца къевлина бу. ДӀадевллачу бӀешерашкахь конструкцийн дуккха а сакхташ динехь а, йерриг схьаэцча ширачу заманера дуьйна хийцамаш кӀезиг бу. Цепин нартол масала хилира тӀаьхьа йинчу бархӀсаболчу гӀишлойн.
Билгалйахайеза ширачу гӀишлойн нартолан конструкцеш, масала, Тунис пачхьалкхера Кайруан гӀалара Укъбан маьждиг, цигахь масех нартол йу, уггаре йоккханиг царех михраб тӀехула йу, ламазан зал чура чоьхьарчу керта чекхволийла а йу. Нартол лаьтта бархӀсаболу вотан тӀехь, бух биъсаболчун базан тӀехь бу. Шен истори иссалгӀа бӀешере йоьдуш йолу иштта нартол, лору уггаре ширачех а, хаза нартолех а исламан архитектурехь. Кордован рузбанан маьждиг, хӀинца руман-католикийн килс, Испанин Кордовера, иштта жовхӀар ду исламан архитектурин.
Нартолийн кепаш
бӀаьра нисйанАсанан нартол
бӀаьра нисйанАсанан нартол къаьста «боккъал нартолах» иза анасизан чкъоьрех латтарх. ХӀора тӀехулара чкъор кӀеззиг арадолу бухарчул, латтадо консольца, боьххьехь тӀеттӀакхочу. Иштта нартолан масала ду Атреян хазна.
Нартол-хоханкорта
бӀаьра нисйанНартол-хоханкоьртан боьххьехь ирлуш, хохан коьртах тера а йолуш кеп йу. Дукха хьолахь иштта нартолаш лелайо Россехь а, Туркойчохь а, ХӀиндехь а, Йуккъера Малхбалехь а. Иштта кепара нартолаш лелайо оьрсийн православин килсаш еш. Делахь а уггаре хьалхара Русера тӀулгах йина килсийн византийн нартолийн хатӀ дара, тӀаьхьуо уьш йерриг аьлча санна дӀайехира хохан корта кепарчу нартолаш. Иштта нартолийн бухал а йоккха диаметр йу, вотана тӀехӀиттайо уьш, ткъа церан локхалла шораллел сов хуьлу. Йисанчех уггаре хьалхара иштта нартол йолу гӀишлош XVI бӀешерера йу, шира тептарш тӀиера суьрташ тешалла до, уьш XIII бӀешерал тӀаьхьа йукъайевлла ца хиларх что. Четарш, нартолаш санна йуьхьанца лелодолийра дечиган килсаш тӀехь, тӀулган архитектурехь гуттара а тӀаьхьа лелийра. Амма тӀаккха а уьш кечйора дечигах йа металлах, хӀиттайора дечиган вотан тӀе. Православин килсийн нартолаш ечу говзаллехь гӀараваьлла инженер-архитектор хилла Падюков Сергей Николаевич[3] (1922—1993), цуо нартолийн конструкци йина, дакъа лаьцна АЦШхь 44 килс йеш.
Масех нартол-хоханкорта болу килс оьрсийн килсан архитектуреран кеп хилла, иза къаьста кхечу православин къаьмнийн а, керсталлийн конфессийн а архитектурех. Исторера ишттачу оьрсийн килсийн хьалхара масала ду Новгородера хьалха хилла дечиган 13 нартол йолу Софийн килс (989)[4] а, Киевера 25 нартол йолу Десятинни килсан меттигехь хилла хьалхара килс а (989—996). Нартолийн барам оьрсийн архитектурехь сийлалла йолуш хуьлу, масала, 13 нартоло гойту Ӏийса пайхӀамар шен 12 асхьабаца, ткъа 25 нартол — инжил тӀиера кхин а 12 пайхӀамарца . Византийн нартолашца йуьстича, оьрсийн килсийн нартолаш кегийра йу, дукха хьолахь деший диллина йа къегина басар тоьхна йу.
Овалан нартол
бӀаьра нисйанОвалан нартолаш барокко архитектурин дакъа ду. Ша цӀе схьайаьлла латинан дешах ovum, гочдича хӀоа хуьлу. Дукха хьолахь овалан нартолаш йоьзна йу архитекторийн Л. Бернинин а, Ф. Борроминин цӀерашца, амма хьалхара бароккон овалан нартол йина Джакомо да Виньолас Сант-Андреа-ин-Виа-Фламина[it] килсан (кхин олу Сант’Андреа-дель-Виньола). Нартол папас Юлий III-гӀачо йайта йолийра 1552 шарахь, шолгӀачу шарахь йелира. Уггаре йоккха овалан нартол йина Викофортехь архитекторо Галло Франческос[it].
Полигоналан нартол
бӀаьра нисйанПолигоналан нартол анасизаца йекъча дукхасенашберг хуьлу. Уггаре а гӀарайаьллачеран масала ду Брунеллески Филиппос йоьгӀна Флоренцера Санта-Мария-дель-Фьоре килсан барӀсаболу нартол.
Гатан нартол
бӀаьра нисйанГатан нартолаш, кхин а византийн нартолаш а олу царех, иза ду гата, цуьнан бух тӀиера йуккъе тӀеттӀа йоьду нарптол. Иштта йолу нартолаш тера йу лахара еасонера дӀа а йихкина, лахара хьала мохь хьоькху биъсаболчу гатанах.
Нартол-бошхап
бӀаьра нисйанНартол-бошхап кӀорга ца хуьлу, анасизан а, бух болчура тӀехалонан а йукъара са жима хуьлу. Геометрица, ишттачу нартолийн анасизан хадор гуо бу, ткъа хьала-охьаниг — гуонан сегмент (аьлчи а цуьнан дакъа). Нартол-бошхапаш лоха йу кхечу нартолел. Тахана уггаре йаккхийчу нартолех дукхахаерш иштта кеп йолуш йу.
Нартол-бошхапаш гӀарадевлира XVIII бӀешарахь, хӀинци а иштта ду уьш. Дукха хьолахь уьш леладо хӀусаман чуьра дизайн йеш, бедан чохь чоь йина меттиг хилча. Иштта меттиг хилча нартол арахьара ца го, ткъа чохь чоь йоккха хетуьйту. Дукхахдерг иштта нартолаш кечйо бустамашца йа фрескашца.
Иштта нартолаш лелийна византийн килсанаш а, хункаройн маьждигаш а дечу хенахь. Дукхаха долу ХӀиндера, Пакистанера, Иранера, ОвхӀанера маьждигаш къевлина ду нартол-бошхапашца.
Нартол-четар
бӀаьра нисйанНартол-четарш декъна ду, йуккъера бух тӀе доьдучу пӀендаршца, сегменташна. ПӀендаршна йуккъера меттиг хьевзина йуьзина йу, цуо охьанехьа болу Ӏаткъан пӀендаршна бо. Софийн килсан йуккъера нартол ишттачу схемица йина, цуо аьтту бира архитекторан нартол йолалучохь пӀендаршна йукъахь кораш дан. Сийлахь Петран килсан коьрта нартол а иштта кеп йолуш йу.
ГӀараевлла нартолийн конструкцеш
бӀаьра нисйанКонстантинополера Сийлахь Софин килс | Флоренцера Сийлахь Санта-Мария-дель-Фьоре килс | Петарбухера Исаакиевн килс | Оитера стадион | Релайант Астродом стадион |
Шо | Диаметр | ЦӀе | Лаьтта меттиг | Йинарг | Билгалдахарш |
---|---|---|---|---|---|
в. Э. 1250 шо хь. — в. Э. I бӀешо хь. | 14,5 м | Атреян хазна | Микенаш, Желтойчоь | Асан нартол | |
в.э. I бӀешо хь. — в.э. 19 шо хь | 21,5 м | Меркурийн килс | Байи, Итали | Руман импери | Хьалхара монументан нартол |
в.э. 19 шо хь. — II бӀешо долалуш | 25,0 м | Агриппин термаш | Рум, Итали | Руман импери | Румера коьртачу гӀишлон нартол лелийна хьалхара термаш |
II бӀешо долалуш — 128 шо | 30,0 м | Траянан термаш | Рум, Итали | Руман импери | Ахнартол |
128—1436 | 43,4 м | Пантеон | Рум, Итали | Руман импери | Дуьненахь уггаре йоккха арматура йоцу бетонан нартол (тахана а йац цул йоккха) |
1436—1881 | 45,52 м | Санта-Мария-дель-Фьоре | Флоренци, Итали | Флоренцин архиепархи | Дуьненахь уггаре йоккха киран берамца кибирчиг йуьллуш йоьттина нартол (тахана а йац цул йоккха) |
1881—1902 | 46,9 м | Девонширера паччахьан госпитал[en] | Бакстон, Йоккха Британи | Cotton Famine Relief Fund | |
1902—1913 | 59,45 м | Уэст-Баден-Спрингс | Уэст-Баден-Спрингс, АЦШ | Lee Wiley Sinclair | Болатах а, аьнгалих а йина нартол |
1913—1930 | 65,0 м | БӀешеран зал | Вроцлав, Польша | Германин импери | Нартол эчигбетонах |
1930—1955 | 65,8 м | Лейпцигера базаран гӀишло | Лейпциг, Германи | Нартол эчигбетонах | |
1955—1957 | 101,5 м | Bojangles' Coliseum[en] | Шарлотт, АЦШ | Thompson and Street | Нартол конструкцин болатах |
1957—1965 | 109 м | Belgrade Fair[en] | Белград, Серби | Belgrade Fair | Дуьненахь уггаре йоккха нартол буламе бетонах йина |
1965—1975 | 195,5 м | Релайант Астродом | Хьюстон, АЦШ | H.A. Lott, Inc. | |
1975—1992 | 207 м | Мерседес-Бенц Супердоум | Нью-Орлеан, АЦШ | Blount International | Гур конструкцин болатах бу |
1992—2001 | 256 м | Джорджи стадион[en] | Атланта, АЦШ | Брэнсфилд а, Горри а[en] | Тенсегрити тайпана конструкци |
2001—2009 | 274 м | Стадион Оита Бэнк | Оита, Япон | Кисё Курокава | ДӀашерша тхов |
2009 — тахана а | 275 м | Ковбойз Стадион | Арлингтон (Техас), АЦШ | HKS, Inc.[en] | ДӀашерша тхов |
Нартол динехь
бӀаьра нисйанНартолаш лоцу ладаме меттиг керсталлин а, бусалбачеран а архитектурехь. Дукхаха йолу православин килсанаш а, бусалбанийн маьждигаш а, ткъа иштта дуккха а католикаллин килсанаш а тӀехула нартолаш йолуш йу.
Дукхаха долчу динашкахь нартолан доккху сийлаллин маьӀна до. Иштта, православехь нартол Стигларчу Паччахьаллин сийлалла йу, цара цу тӀе суьрташ а дохку Дела ву, маликаш ду олий.
Исбаьхьаллехь
бӀаьра нисйан- В. Высоцкийн 1979 шеран эшар «Купола Российские» (Российн нартолаш) (йевза иштта Г. Лепса локхуш [1])
- М. Круган эшар «Купала» («Нартолаш») Архивйина 2015-09-12 — Wayback Machine
Нартолан бух тӀиехь йина конструкцеш
бӀаьра нисйанТандыр
бӀаьра нисйанТандыр Азин къаьмнийн Куьрк-пеш йу, цуьнан хуьлу хӀоан кеп, тера хуьлу ламастан кхабанах лакхахь гоьрга Ӏуьрг долуш. Тандыр шен лакхарчу декъехь — нартолан конструкци йу, кхин тӀе нартол чухула ладаме меттиг а йу: оцунна тӀе туху боккха буткъа чӀапа бод; довхачу хӀаваэхь деттанчул тӀаьхьа атта схьадолу чоьхьарчу пена тӀиера. Дукха йаккхий тандыраш а хуьлу; наггахь уьш йалта, кхин хӀума а лело меттиг санна лелайора, кхин а — тӀом болуш зударий, бераш ловчкъа меттиг санна а хуьлура. Тандыро шира архитекторийн ойла тӀейахийтинна хила, тера ду, нартолаш йаккхий гӀишлошна йан.
Гумбаз
бӀаьра нисйанТуркойчохь, Иранехь, кхин цхьа могӀа Йуккъера Азин пачхьалкхашкахь «гумбаз» олу нартолан конструкцех, уьш шуьйра лелийна гӀишлошйарехь сардобаш, ковра-божалаш, зияраташ, банеш, кхин дуккха а гӀишлош йеш. Нартол-гумбаз йаран говзалла Азехь кхаьчна кхачамалле. Нартолийн тхевнаш баран Азера говзалла кхаьчна цхьацца Африкин кӀошташка. Йерриг гумбазаш йуттура башха кибирчиг йоттаран хьесапца. Иза далора ша-кепара кибирчиг йаран технологица, кибирчиг йуьллу берам башха йоттаран хьесапца уьйр йолуш, оьшучехь лелайора лакхара исбаьхьаллин нартол кечйаран материалаш. Дерриг оцу хӀумано таро лора даккхий тхевнаш дан, гумбазан геометрин кепаш бес-бесара йан, механикин ондаллин а, цецвоккхуш дукха латтаран а конструкцеш йан.
Азин цхьа могӀа ламастахь а, оьздангаллехь а гоьрга нартол-гумбазо Дуьненан сийлалла гойтура — адаман бӀаьрган буса го стигал. Килсан классикан кеп хилира дуьненан йиъ агӀо гойту къуб, иза гоьрга нартол-гумбазца къовлура. Оцу тайпана классикан гӀишло йу дуьненан гӀишлош йаран исбаьхьаллин хазна Бухарера Саманидийн зиярат.
Сардоба
бӀаьра нисйанЧӀогӀа ша-кепара йу, архитектурехь а, инженеран а, гишлошйаран а практикехь кхин йоцу йу сардобан конструкци — Азехь къевлина молу хи латто меттиг. Кхузахь дукха хьолахь нартол-гумбаз хуьлу тоьуш йолу архитектурин феномен, иза кхуьу дешна лайн, догӀан хи гулдечу меттигехь. Наггахь сардобе даладора татолашца йа кяризашца хи. Нартол-гумбазан сардобехь масех функци хуьлура: бассейн чуьра мола хи ченах а, ченан мохех а Ӏалашйар, бассейн тӀехула ӀиндагӀ дар хи Ӏаьнаре ца далийтархьама. Цхьацца гуонахьа галерейш йолу сардобашкахь, сардобан нартолаш кӀелахь дийнахь садаӀа совцура новкъахой, йовхачу хенахь некъ ца балора, кхузахь нартолан ӀиндагӀехь хин уллохь, буьйса йулийтий шелонехула йуха новкъа бовлура, гӀум-аренашкахь ковранаш аьхкан заманахь буса бен ца лелара. ГӀунаш, кяризаш, татолаш санна сардобаш мола хи латтадора новкъаца, ткъа цхьацца меттигехь иза бен хин хьост а ца хуьлура. Сардоб йоцуш ойла а ца йалора йохк-иэцаран а, новкъан а. Хьалхарчу а, Йуккъерачу а Азин, ткъа иштта Африкин цхьа могӀа пачхьалкхийн экономика а, транспортан логистика а XX бӀешо йуккъе даххалц еккъа сардобан хица хьашташ кхочуш дора. Оцу ширачу заманан гидротехникин говзаллин хазно деккъа ша хиларца а пачхьалкхийн а, къаьмнийн историйн тӀаьхьало йора. Сардобах архитектурин гӀишло хилира, ткъа нартоло йерриг гӀишлон эстетикан чам тобора, иза коьрта конструктиван а, гаран а дакъа дара цуьнан технологин иэшар бахьнехь.
Азин къаьмнийн архитектурин оьздангаллехь гумбазаш доккха маьӀна долуш йу: цхьаьна агӀора — тайп-тайпана гӀуллакхашна лерина хӀусамашна аьтту болуш а, технологин конструкци а йу, кхин тӀе хаза а йу, дукха хьолахь — гӀишлон куьцехь уггаре коьртаниг йу. Гумбазо кхузахь ши функци кхочушйо: лахара чухоаман тхов а, эстетикан, идеологин, конфессин маьӀнехь, — хаза гаран функцис Ӏаткъам бо хьажархошна шен куьцаца. Дуьненан архитектурин тӀаьхьалонехь уггаре гӀарайаьллачех гумбаз йу Самаркандера Гур-Эмиран кошан нартол.
Сардоб а, гумбаз а вовшен гергара нартолан конструкцеш йу, Азин аренашкахь дуьнен тӀеевлла, иштта, Малхбузан архитектурин ламастехь йу пурхнехьа дуьхьалонаш а: тӀех сов атта а, абсолютан а сардобан нартолан функционалан архитектоника, хаза, бес-бесара гумбазан кепаш а, декор а — динан а, мемориалан а гӀишлошна муххале а, дукха хьолахь — йаккхий, айина «тӀекхочур воцучу лакхене», лепаш Малхбалехь дукха безачу сийначу бесан смальтан а, айсийначу экъан а.
Яранга
бӀаьра нисйанСибрехан Къилбасела-Малхбален къаьмнийн ламаста, йайн гуран-нартолан вовшахтосу-вовшахйоккху конструкцин дӀасхьалело хӀусам. Атталлийца а, функцийца а шех тера кхин йоцу инженерин конструкци, аьтту бо адамийн баха а, болхбан а чӀогӀа луьрачу климатан лахарчу температурийн, лаьтта таьӀна хӀаваийн, чӀогӀа мехаш, дарц, лайш долчу хьолашкахь. Ярангин конструкцис иштта Ӏалашбо чухула болу нах акхаройх. Ярангех тера нартолийн конструкцеш йу Тийна океанан бердашкарчу къаьмнийн хӀусамийн; и нартолаш йина дийнатийн цӀоканех, гур бо китан а, океанан кхин даккхийчу дийнатийн даьӀахкийн бух болуш.
Иглу
бӀаьра нисйанГӀортола йоцу нартол йо чорда лайх йа шех йаьхначу блокех — ламаста дахаран гӀишло йу эскимосийн. Ша-кепара, цхьанне хӀуманах тера а йоцу гӀортол йоцу нартолан конструкци, йина «цхьа йоцучу хӀуманех» башха, оцу гӀишлон бен йоцучу технологица. Иглу йан иштта атта а дац: оьшу билгалчу кӀоргаллин а, чӀогӀаллин а лайн чкъор — «детта ло», кхин а дика — фирн. Лайх йаьхна йеакӀуон кибарчиган блокашна зайла кепара куц до, тӀаккха блокаш дӀайутту мелла а чоьхьа таӀош; эвнашна чу лот уху йа хьокху. Нартол «къора» йо; чуволу Ӏуьрг классикан вариантехь цӀенкъал лахахь доккху, нартол кӀелхьара йовхо дӀа ца йахийтархьама. ХӀаваъ шен кристаллех дузуш долу чӀогӀа мехаш, баабо иглун мох болу агӀо, цундела и пен стомма бо, йа — ша лаьтта мехах ларвен пен буту лайн блокех.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйан- Корта (архитектура)
- Геодезийн нартол
- Гумбаз
- Астронартол (хьажаран нартол, блистер) — стигал гайтархьама кеман фюзеляжаш доьллина чекх са гунн куьй. Астронартол лелайо куьйга секстантаца а, цхьаьнатоьхначу астрономин компасца а болх бечу хенахь.[5]
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Власов В. Купол // Новый энциклопедический словарь изобразительного искусства: В 10 т. — Спб.: Азбука-классика, 2006. — Т. IV. — 751 с.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Брунов Н. И. Очерки по истории архитектуры. Том 1, стр.322-330
- ↑ А. В. Галанин, Купола и главы храмов, 2010
- ↑ Зарудный Н. Памяти друзей. С. Н. Падюков // За Россию. — 1994. — N 1(300) — 1994. — С.2.
- ↑ Новгородский кафедральный Софийский собор. — Новгород: Тип. Губернского правления, 1886. — С. 3.
- ↑ Военно-авиационный словарь, Москва, Воениздат
Литература
бӀаьра нисйан- Бартенев И. А. Конструкции русской архитектуры XVIII—XIX вв.: Учеб. пособие. — Л., 1982.
- Сомов А. И., Таненбаум А. С. Купол // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.