Яса́ков КъахIим Ясакович (1924 шеран 23 февралехь, РСФСР, Нохчийчоь, Теркан кӀошт ЧӀулга-Юрт) — нохчийн хьехархо, 46 шо ишколан дIаделла. Тайпана Ӏаларо.

Ясаков, КъахӀим Ясакъан кӀант
ГӀуллакхан тайпа Хьехархо
Вина терахь 1924 шеран 23 февраль({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Вина меттиг ЧӀулга-Юрт, Теркан кӀоштан Нохчийчоьн, РСФСР
Кхелхина терахь 1987({{padleft:1987|4|0}})
Кхелхина меттиг ЧӀулга-Юрт
Корматалла нохчийн меттан хьехархо
Гражданалла ССРС ССРС
Да Ясакъ
Зуда Халипат
Бераш 2 йоӀ, 4 кӀант

КъахIим вина 1924-чу шеран 23-чу февралехь. ЧӀулга-Юртара, оцу хенахь цхьаъ бен йоцу, ишколан ворхI класс кхиамца чекхйоккху цо.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалале хьалха иза деша хIутту Эна-Хишкара (цу хенахь иза уггар лоруш хиллачу) Асланбекан цIарах йолу хьехархойн училище.

Новкъа дIаса ваха аьтто боцуш, чIогIа хала зама хилла иза. Шена хуьлуш йолчу халонан ойла ца йеш, шайн цIийнан тIера дIа 80 км гIаш некъ беш дийшира цо. 1941-чу шарера дуьйна 1987 шо кхаччалц (ша валлалц, Дала гечдойла цунна а, массо бусалба стагана а) цуьнан дахар а, ойла а, болх а нохчийн маттаца доьзна дара. Хьехархочун болх дIаболийра цо ЧIулга-Юртарчу ишколехь. 1944-чу шарахь, вайн къам махках доккхучу хенахь, ишколан куьйгалхо вара иза.

Махкаха даьхначул тӀаьхьа

бӀаьра нисйан

Вайн нахана хийрачу махкахь уггаре халачу а, чолхечу а заманахь КъахӀим[1] дешна стаг хиларе терра сурсаташ юхкучу туькана куьйгалхо хӀоттийра. Цу туьканчуьра гIопасти тӀе кест-кеста мацалла дан хӀума доцуш долу бераш догӀура, царна йукъахь хуьлура цуьнан хилла дешархой. Уьш гича даге ца лалора цаьргахь болу бала а, гӀайгӀа а. КъахӀим Ясковича Iедалх къайлаха туькан чуьра мерза юургаш лора царна. И болх кхаа шарахь бира цо. Иза кхетара оцу гӀуллакхан чаккхе дика йолуш хир доций. Берашна болу деган лазам совбалар бахьана долуш, туька леринчул тӀаьхьа, Къаимна 15 шо хан туьйхира набахти чохь йаккха.

ЦIехьа дирзинчул тIаьхьа

бӀаьра нисйан

Даймехка цIавирзинчул тIаьхьа, йуха а шен болх дIаболийра цо ЧIулга-Юртарчу ишколехь. Массарна а билгалделира, ша набахти чохь хан йоккхуш, шен нохчийн мотт кIорггера Iамор цо дIатесна цахилар. Цунна карайора дешархошна вас ца йеш, ша-тайпа забаршца йолу методаш бакъонашна тIехь. Цуьнан хиллачу дешархошна цкъа а диц ца ло шен хӀусамнене, Халипате, цо цIахь шортта туьха тесна демех шианнаш кечдайтар. Ткъа бакъо ца йийцина дешархо и даар даа дезаш вара классана хьалха. Дукха ца хуьлура и саннарг тIелаца лууш дешархой.

1966-чу шарахь цо болх беш чекхйаьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт «къоман» факультет.

 
КъахIима болх барах долу тешалла

КъахIиман дешархой

бӀаьра нисйан

Шовзткъа шарахь сов вайн нохчийн матте къайленашна тIекхача гIерташ, оцу балха тIехь дуккха а кхиамаш бина волчу КъахIимна лаара и вайн шира сийлахь нохчийн мотт шена санна, шен дешархошна а безаш хуьлийла. ХIинца а Делан къинхетамца, дийна бу цо нохчийн мотт хьехна цуьнан дешархой.

Царех цхьаберш:

КъахӀиман цӀарах иза винчу а, веллачу а йуьртахь ураман цӀе тиллина[5].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан