Гал-ГӀала
Гал-ГӀа́ла[3] (оьрс. Калиновская) — Нохчийчоьнан Невран кӀоштан гӀала. Гал-ГӀалан йуьртан меттиган административан йукъ (йукъайогӀу Гал-ГӀала, Козлов кӀотар, Постни кӀотар, Селиванкин кӀотар).
Эвла | |
Гал-ГӀала | |
---|---|
43°39′00″ къ. ш. 45°18′33″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Неврен |
Йуьртан меттиг | Гал-ГӀалин |
Истори а, географи а | |
Дуьххьара хьахор | 1642 |
Центран локхалла | 67 метр[2] |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 8587[1] стаг (2019) |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
ОКАТО | 96222807001 |
Картин тӀехь | |
Этимологи
бӀаьра нисйанЭвлан цӀеран бух тӀехь долу дакъа «Гал», нохчаша Теркан аьтту бердаца йолчу Галнен дуьхьала йолу дера тиллина.
Географи
бӀаьра нисйанЛаьтта Теркан аьрру бердаца, Соьлжа-ГӀала 32 километр къилбаседехьа. Гал-ГӀалан 5 километр къилбаседехьа лаьтта цӀерпоштнекъан станци Терк (Новотерски эвлахь), ткъа иштта чекхболу Мазалк-ГӀизлар cиламан некъ.
Ӏаьмнаш
бӀаьра нисйан- Бирючи Ӏам – лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседехь. Тарло, цӀе ногӀийн маттара «боьрекхол» - «берзан Ӏам» маьӀнехь схьаэцна хилар.
- Вонючи Ӏам – кхоллабелла лаьттан бухара саьнгалан хин хьостах.
- Генеральски Ӏам – лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбузехь. Иштта цӀе тилларан бахьна ца карийна.
- Линковн Ӏам – лаьттан бухара хих кхоллабелла Ӏам, лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседехь. Линков – яьржина оьрсийн фамили.
- Нохчий Iоме – лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбузехь. Къаноша дийцарехь, оцу Ӏоман кӀоштам хьалха нохчий баьхна.
- Парсет Ӏам – Гал-ГӀалан къилбаседехьа Ӏам болу меттиг. ЦӀеран этимологи евзаш йац. Ӏам хилла йочанийн хих.
- Черногаевн Ӏам – лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседехь.
- Чугункинан Ӏам – лаьттан бухара хих кхоллабелла Ӏам, лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехь. Чугункин – оьрсийн фамили.
КӀотарш
бӀаьра нисйан- АксеновичевгӀеран кӀотар – иштта цӀе яра гӀалан къилбаседехьарчу кӀотаран. Аксенов – оьрсийн фамили. Аксенович – Аксёнах, оьрсийн доларчу цӀарах даьлла.
- Батыркин кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. КӀотар хилла хьалдолчу гӀалагӀазкхийн Жуков Григорийн а, Дериглазов Федотан а. ЦӀе схьаяьлла церан даьхнашца кхуза охьахиинчу ялхочун Батыркан цӀарах. Амма миска белхало хьийзош, жашшан дайша олуш хилла цунах шайна луъург – Ахтырка, Бахтырка, Батырка, цундела, хетарехь, оцу кӀотаран кхо цӀе йу: Батырка, Ахтырка, Бахтырка. Ялхочун Батыркин цкъа а даьхний ца хилла, я шен доьзал ца хилла. Дерриг шен дахарехь ваьцна хьалдолчу гӀалагӀазкхашна, диина гӀийла даар, шарахь цкъа хьоладайша цӀуокан я бассамин коч, хеча луш хилла.
- Бежанов кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. Хаамхоша дийцарехь, цӀе тиллина ялхо волчу ногӀийчун Бежанан цӀарах.
- Бештов кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. 1917 шарал хьалха даьхни лело кӀотар лаьттина, хьал долчу гӀалагӀазкхийн Росламбеков Петран (нохчех, гунойх схьавалар долчу), Богаевский Романан, Ефремов Денисан, кхин а. ЦӀе схьаяьлла ялхочун Бештон, и кӀотар йиллале кхузахь ваьхна, гӀалагӀазакхийн атаманан жаш дажош, лар а деш Ӏийна волу.
- Камышов кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. Хьалха цигахь лаьттина даьхни лело кӀотар, иза долахь яра хьоладайн Арев Семенан, Дементьев Дементийн, Червяков Акиман, Епифанов Епифанан, Зермин Максиман, Черников Филиппан. Кхузахь кӀотарахь шуран сурсаташ дахара – даьтта, нехча. Уьш духкура Соьлжа-ГӀалан, Мазалкан, ГӀизларан, гӀаланашкара базаршкахь духкура. ЦӀе схьаяьлла «эрзах», оьрсийн маттахь «камыш» олу.
- Козлов кӀотар.
- Кордонни кӀотар – иштта цӀе яра гӀалан къилбаседехьарчу кӀотаран, кӀотарш дӀаяхалц цигахь бехира СомовгӀеран, СтанскихгӀеран, ДементьевгӀеран доьзалш. ЦӀе тиллина, хьалха кхузахь гӀарулийн гӀазкхийн пост латтарна.
- Корнеевн-кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара гӀамаран аренашкара меттиг, хьалха цигахь ваьхна Зайцев Самуил, Солнышкин Семен шайн доьзалшца.
- Лаврентьев кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. Хьалха цигахь лаьттина даьхни лело кӀотар, иза долахь яра хьоладайн Соломатин Егоран а, Детистов Логвинан а. Кхузахь дика нисбина бара шурийн сурсаташ даран болх. КӀотаран цӀе схьаяьлла ялхочун Лаврентийн цӀарах.
- Линковн кӀотар – иштта цӀе яра гӀалан къилбаседехьарчу кӀотаран. Линков – оьрсийн фамили.
- Ново-Сакайкин кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. Хьалха цигахь лаьттина даьхни лело кӀотар, иза долахь яра хьоладайн Солнышкин Герасиман а, Плотников Акиман а.
- Постни кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. 1917 шерал хьалха кхузахь баьхна Диков Герасим, Дьяков Алексей, Жуков Яков.
- Садки кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. Кхузахь хьалха лаьттина бошмаш а, кхаш а долу кӀотар, долахь хилла уьстагӀий лелош болчу Червяков Иванан, Лазарев Яковн, Росламбеков Иванан (цуо ша нохчех ваьлла олуш хилла), Лемешев Иванан, йушковской (цӀе ца хаа), Федор а, Аким а АксеновичевгӀеран, Заикин Ефиман, МалакингӀеран.
- Сакайкин кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. Хьалха цигахь лаьттина даьхни лело кӀотар, иза долахь яра хьоладайн Солнышкин Герасиман а, Плотников Акиман а. КӀотаран цӀе схьаяьлла ногӀий ялхочун цӀарах, иза къиза вацош вара Солнышкин Герасима. Ялхо Сакайка, кхин болу ялхой санна, цкъан а тхов кӀелахь вижина вацара, аьхка а, Ӏай а вуьжу мотт гина бацара цунна, цкъан а текха тӀиера кхача биина вацара. Ткъа даьхнийн дайн ялхой иттаннаш, бӀенаш къиенбелла гӀазакхий, оьрсийн ахархой (царех кхузахь кхечу махкахой алара), нохчий, жӀайхой, даьргӀой, гӀумкий бара.
- Черногаев кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседехьара меттиг. Хьалха цигахь баьхна хьал долу гӀалгӀазакхий Солнышкин Владимир, Каленченко Андрей, Остапенко Владимир, Жуков Евдоким, Соломатина Евдокия, кхин а шайн дуккха а долчу жашца а, бежнашца а[4]..
- Селиванкин – кӀотар лаьтта Постни кӀотаран а, Кировн цӀарах, «Калиновски» винсовхозашна а къилбаседехьа. ЦӀе тиллина цигахь ваьхначу ялхочун Селиванкин цӀарах, иза жимачу заманара къанваллалц къабалехь вехира воккхачу даьхнилелорхочун Росламбеков Маврикийн бахамехь. РосламбековгӀеран схьабовлар нохчех хилла.
- Колпиновн байда – Селиванкин кӀотаран гуонахьара меттиг.
- Маврикийн байда – Селиванкин кӀотаран гуонахьара меттиг.
- Росламбековн байда – Селиванкин кӀотаран гуонахьара меттиг.
- Назаровн Ӏам – Селиванкин кӀотаран гергара меттиг, хӀинци а болуш бу. Назаров – оьрсийн яьржина фамили йу.
- Расламбековн гӀу – Селиванкин кӀотаран гуонахьара меттиг. ГӀу хӀинци а йолуш йу.
- СвинцовгӀеран кхаш – Селиванкин кӀотаран гуонахьара меттиг.
Кхин топонимаш
бӀаьра нисйан- Къора чекхтилийтар – Гал-ГӀалан малхбалехьара меттиг, хьалхарчу заманахь даьхний лаьхкина вогӀучун цхьа билгала кхерам хуьлура. Кхузахь новкъахошна дукха сих-сиха талораш дора гӀазакхаша-талорхоша а, нохчийн обаргаш а.* Сапожок – иштта цӀе йелла гӀазакхаша, Ӏедало Гал-ГӀала йогӀа деллачу доккхачу латтан декъана. Шен кепаца иза этках тера дара, ткъа «сапожок» бохург нохчийн матте гочдича этка хуьлу.
- МайорскигӀеран дакнаш – Гал-ГӀалан къилба-малхбален агӀора, хӀинци а лаьтташ ду цхьана хенахь МайорскигӀара дийна дакнаш.
- Федорин тача – дукха хенара, къух даьлла, дӀабаьлла тача. Гал-ГӀалара Теркан бердаш тӀе боьдура. Дуьйцу: Хаза гӀазакхийн йоӀ Федора ядийнера обарга Буолатхана шен хьешийн гӀазакхийн гӀоьнца. Органа Ӏинехь ворхӀ шарахь сов яьхна, цӀа йирзира шен гӀала.
- Шаваркинан кӀаг – гӀалан къилбаседехьа Шаваркинан хилла меттиг.
Баьрзнаш
бӀаьра нисйан- Архиповн барз – Гал-ГӀалан къилбаседехьа баьрзан каш долу меттиг.
- Керимкели барз – Гал-ГӀалан къилбаседехьа баьрзан каш долу меттиг. «Керимкели» цӀе, тера ду, тюркийн маттара яьллачух.
- Колоколовн барз – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара меттиг.
- Лазуткинан барз – лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседа йисттехь. Хьалха баьрзан гергахь Лазуткинан лаьттан дакъа хилла. йуккъерачу бӀешерашкара баьрзан каш.
- Лысовн барз – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара баьрзан каш долу меттиг. Лысов – оьрсийн фамили.
- Мударкинан барз – Гал-ГӀалан къилбаседехьара баьрзан каш долу меттиг, хьалха гӀазакхийчуьн Мударкинан долахь хилла.
- Панийн лаьтташ тӀиера барз – Гал-ГӀалан къилбаседехьара тӀехь барз болу меттиг.
- Росламбековн барз – Гал-ГӀалан къилбаседехьара тӀехь барз болу меттиг, шуьйра байданаш хилла даьхнилелорхочун Росламбековн. Росламбеков – нохчех бевллачу гӀазакхийн фамили.
- Хреновн барз – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара баьрзан каш долу меттиг, цигахь хьалдолчу гӀазакхийчуьн Хреновн латташ хилла. Хренов – оьрсийн фамилия.
ПхьолгӀанаш
бӀаьра нисйан- Афанасийн пхьолгӀа – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь, цигахь аьчкан пхьеро Ковалев Афанасий Логвиновича тойора ялтахьокхургаш, цӀевнаш боьхкургаг, ялтаорургаш, говрашна а, белхан стерчашна а ленаш тухура, чкъургашна хьоз тухура,атланаш йора.
- Владимиран пхьолгӀа – иштта олура Саламатин Владимир Алексеевичан пхьолгӀанах. Лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь.
- Ковалевн пхьолгӀа – долахь яра аьчкан пхьеран Ковалев Андрей Макаровичан а, цуьнан кӀентийн а. Лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь. Кхузахь тобора йуьртабахаман гӀирс, говрашна а, белхан стерчашна а ленаш тухура, чкъургашна хьоз тухура, хургонаш а, яйн ворданаш а йора.
- Леонан пхьолгӀа – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь, долахь хилла хьалдолчу гӀазакхийчун Дьяков Леон Карповичан.
- Петровн пхьолгӀа – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь, долахь яра хьал долчу гӀазакхийн а, дикачу пхьеран а Поляков Петр Ивановичан.
- Рябухинан пхьолгӀа – олура аьчкан пхьеран Рябухин Федор Тарасовичан доларчу пхьолгӀах. ГӀал-ГӀалан чохь лаьттина.
- Степанан пхьолгӀа – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь, долахь яра гӀазакхийчуьн Солнышкин Степан Васильевичан. Мехах белхалой лелабора.
- Трутковн пхьолгӀа – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь.
- Цыгганийн пхьолгӀана – хӀора шарахь ГӀал-ГӀалан йисттехь дӀайоьллура четарийн новкъахойн цыганийн пхьолгӀанаш.
Хьераш
бӀаьра нисйан- Аверьянан (Александран) хин хьер – лаьттина Гал-ГӀалан къилба-махбален йисттехь. Теркан тӀиера далийначу татол тӀехь лаьттара. Хьер яра вежарийн Аверьянан а, Александран а БугаевскийгӀеран. Лорура дикка онда, хӀунда аьлчи, цуьнан масех хьеран тӀулг бара.
- Еремеевн хьер – лаьттина Гал-ГӀалан къилбехьа. Теркан тӀиера далийначу татол тӀехь лаьттина.
- Марцвеладзен хьер – дика онда вальцови хьер, долахь яра, хуьнар долчу хьархочун Марцвеладзен, мехах белхалой лелабора. Гал-ГӀалан йисттехь лаьттара.
- Нефедовн хьер – ГӀал-ГӀалан чуьра вальцови хьер. Долахь яра хьалдолчу дабхнийлелорхочуьнан Заикин Нефедан, мехах белхалой лелабора.
- Сомовн хьер – хин хьер лаьттара гӀалан къилбехьа. Теркан тӀиера далийначу татол тӀехь латтара.
- Солнышкинан кохьар – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь, долахь яра даьхнийлелорхочун Солнышкинан Иван Савельевичан.
ГӀунаш
бӀаьра нисйан- Кумкую – Гал-ГӀалан къилбаседехьара хин хьост долу меттиг. ЦӀе тюркийн меттара яьлла: «кхум» - гӀум, «кхую» - гӀу, ма-дарра аьлчи - «ГӀамаран гӀу».
- КӀайн гӀу – хин хьост долу меттиг (гӀу), лаьтта Гал-ГӀалан 18 км къилбаседехьа.
- Богаевскин гӀу – Гал-ГӀалан къилбаседехьара гӀу йолу меттиг.
- Василийн гомха гӀу – лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседехьа. Къаноша дийцарехь и гӀу чӀогӀа гомха хилла. Цу чуьра хи чаданций бен эцалуш ца хилла.
- Василийн кӀорга гӀу – лаьтта Гал-ГӀалан къилбаседехьа, Василийн гомха гӀун гергахь.
Боьлакаш
бӀаьра нисйан- Бирулькинан боьлак – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбален агӀора меттиг, хьалха Бирулькина хьуьнан дакъа хилла.
- Кондрачевн боьлак – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбален агӀора меттиг.
- Нажан боьлак – Гал-ГӀалан къилба-малхбален агӀора хьуьнхара меттиг.
Боьранаш
бӀаьра нисйан- Козловн боьра – Гал-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, хьалхарчу заманахь шен къечу бахамца вехаш вара гӀазакхийн ахархо Козлов.
- КӀорга боьра – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг.
- Можарски боьра – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехь, цигара гӀазакхаша туьха дара. ЦӀе, схьаяьлла хила тарло, «маджар» олучу гӀажарийн меттигах, цигахь дукха герзан пхьераш хилла. Цигара яьржина нохчийн турпалийн иллешкахь йуьйцу «мажар тоьпаш», «бархI сонар мажар тоьпаш».
Куьйранаш
бӀаьра нисйан- Банниковн куьйра – даьтта доккху а, нехча йоккху а завод лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь, мехах белхалой лелабора. Дуьцу ерриг долара хӀума – хьеранаш, кохьарш, йуьртабахаман гӀирс (ялтаорургаш, цӀов боьхкургаш, куьйранаш, мангалш) дӀабаьккхира 1925 шарахь, дуьхьала хӀума а ца луш дӀаелира къечеран комитеташна.
- Видешинан куьйра – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь. Куьйра жима завод кепара хӀума яра, цигахь шуьран сурсаташ дора: даьтта доккхура, нехча йоккхура. Сурсаташ духкура базаршкахь ГӀизларахь, Мазалкехь, Соьлжа-ГӀалахь, Ставрополехь, кхечунхьа а.
- Дьяковн куьйра – лаьттина ГӀал-ГӀалан чохь. Мехах белхалой лелабора.
Истори
бӀаьра нисйанГал-ГӀала кхолларан билгала терахь хууш дац. ГӀала дуьххьара хьахийна 1771 шарахь Азов-Мазалкан чӀагӀйина аса йиллинчул тӀаьхьа. ГӀала йиллале, и меттиг муьргийн луьста евллачу коьллех йуьзина хилла. Дийцарехь Гал-ГӀала хьалха Теркан аьтту бердаца, хӀинца Галне йолчохь лаьттина. Оцу меттигехь нохчаша шайн керла йуьрт йиллина.
Революци хилале Гал-ГӀала православин керстачеран а, шираламастхойн а динан йукъ хилла. Кхузахь ялх килс лаьттина. ГӀалахь бехаш бара тайп-тайпана халбатхой, мозгӀараш, лартӀахь боцурш.
1926 шарахь Гал-ГӀала Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран кӀоштан Гал-ГӀалан сельсоветан йукъахь яра. 1926 шарахь бахархой багарбарца гӀалахь вехара 5471 стаг, царех оьрсий — 5425[5].
1990-гӀа шерашкахь Гал-ГӀалахь, Невран кӀоштан кхечу эвланашкахь санна, меттигаш хилира дискриминаци а, зуламаш а деш оьрсийн мотт буьйцучу бахархошна. Зуламаш даржарна а, нохчийн йукъахь къоман боламаш болабалар а бахьнехь Шелковски а, Неврен а кӀоштийн бахархоша (царна йукъахь Гал-ГӀалан бахархой а) президенте Б. Н. Ельцине кехат дахьийтина, и кӀошташ Нохчийчоьн йукъара Ставрополан мохк йукъа дӀало аьлла дехар деш[6].
Тахана иза ваха аьтту болуш эвла йу, йуьртабахамехь къахоьгуш, шортта оьздангаллин, дешаран меттигаш йолуш, берийн бешаш йолуш.
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархой — 7988 стаг леррана 2010 шарахь. Кхузахь беха нохчий, оьрсий, ногӀий. Нохчий, коьртаниг Сибрехара цӀабоьрзуш шайн ломара эвланашка охьа ца ховшийтина тайпанаш ду:
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
- ↑ http://www.latlong.ru
- ↑ А. Г. Мациев, А. Т. Карасаев. Русско-чеченский словарь. — М., Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 600-602.
- ↑ Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю. Ростов-на-Дону. 1929. С. 320 Архивйина 2016-05-17 — Wayback Machine
- ↑ Письмо жителей Наурского и Шелковского районов Ельцину Б. Н., Черномырдину В. С., Шумейко В. Ф., Рыбкину И. П. от 15.01.1995 г. Архивйина 2013-10-03 — Wayback Machine
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |