Коби (Нохчийчоь)

Мохне кӀоштара йурт, Нохчийчоь.

Ко́би[3] (оьрс. Коби, хӀир. Къоб[4]) — Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштан эвла. Кхуллу Кобин йуьртан меттиг[5].

Эвла
Коби
оьрс. Коби, хӀир. Къоб
Сурт
43°30′47″ къ. ш. 46°14′41″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Шелковскан
Йуьртан меттиг Кобин
Истори а, географи а
Йиллина 1913
Центран локхалла 20[1] м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 2180[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, жӀайхой, ногӀий, кхин а
Динан хӀоттам бусулбанаш-суннийш
Бахархойн цӀерш кобихой
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87136
Поштан индекс 366113
Автомобилан код 20. 95
ОКАТО 96240813001
Картин тӀехь
Коби картан тӀехь
Коби
Коби картан тӀехь
Коби
Коби картан тӀехь
Коби

Эвла лаьтта 4 км малхбузехьа кӀоштан йукъ йолчу — Шелковски гӀалан, Р262. СтавропольКрайновка некъан къилбаседехьа; кхин а эвлан къилбехьахула чекхйолу Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан аса (сацаран пункт 23-гӀа км).

Эвла лаьтта ма-дарра дийцича Шелковскан кӀоштан ахгӀум-аренан зонехь, амма цигахь луьста даьхна хи дуьллу татолаш ду. Къилбехьа а, къилба-малхбузехьа а чекхдовлу Невран-Шелковскан га, Шелковскан коллектор, Щедринан татол, Червлённийн коллектор татолаш. Кхин а къилбехьа, хьена латта долу Теркан тогӀи чохь, лаьтта йоккха хьун — Парабочан заказник. Цуьнан къилбаседа йисттехь лаьтта республикин маьӀна долу башха Ӏалашъен Ӏаламан меттиг «Карьеран Ӏам», кхоьллина иштта цӀе йолчу хилоттийлин бух тӀаьхь.

Къилбаседехьа а, къилбаседа-малхбузехьа чекхдовлу Къилбаседа коллектор а, Куйбышевн цӀарах татол а. Йуьртан кӀоштахь (Кобин къилбаседехьа муххале а) лаьтта тайп-тайпана локхалла йолу шортта баьрзнаш. Уггаре ладаменаш лаьтта эвлан къилбаседа-малхбалехьа — баьрзнаш Ши Ваша (25,5 м) а, Филимонов (21,6 м).

Уггаре гергара нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбузехь — Каршыга-Эвла, малхбалехь — Шелковски гӀала, къилба-малхбалехь — Шелкозаводски гӀала а, Парабоч поселок а, къилба-малхбузехь — Новощедрински а, Старощедрински а гӀаланаш[6].

Микротопонимаш[7]

бӀаьра нисйан
  • Бизан-барз (Бизан-кӀобар) — эвлан малхбузехьа. Бизан цӀе йолчу хӀирийчо кхузахь шен даьхний латтадора, цуьнан цӀарах йелла топониман цӀе.
  • Медведевн барз (Курган Медведева) – эвлан малхбузехьа. Баьрзан уллехь гӀазакхийчо Медведевс шен жа а, рема а латтайора. Цунах схьаяьлла цӀе.
  • Ямо-жоьла (Ямо-кошар) – Кобин малхбузера хӀирийчун Ямон жоьла лаьттина меттиг.
  • Тушинийн латта (Тушинская земля) – иштта олура хьалдолчу гӀазакхийн мехах лело гӀамаршкара латтах. Кобин малхбузехьа тушойн жаш лелочара латтадора шайн жаш.
  • Рамазанан ирзу (Рамазановская поляна) – Кобин малхбалехьара меттиг, цигахь хьалха Рамазанан дакъа хилла.
  • КӀора боккху меттиг – Кобин малхбузехьара пхьалгӀашна хьуьнхахь дечиган кӀора боккху меттиг.

Юрт йиллина 1913 шарахь хӀираша — иштта цӀе йолчу Кобиэвлара кхелхина болу мухажирша. Гуьржийчуьра эвла лаьтта Теркан бердаца ТӀеман-Гуьржийн новкъа тӀехь, ЖӀаран лам баккхарна къилбаседа-малхбалехьа, Кобин боьрахь (я Кобин чӀожехь), Турсан чӀожан йисттехь (Российн империн Тиблисан губернин Душетин уезд, хӀинца Гуьржийчоьнан Казбегин муниципалитет)[8]. Лекха лаьмнашкара аренашка кхалха Ӏедалера пурба делира 1907 шарахь[9]. Цхьацца бакъбина боцучу хаамашца, Коби юьллуш хӀинцалерачу Шелковскан кӀоштахь йолуш яра хӀирийн йукъараллаш (XIX бӀешарахь дуьйна; масала, хьехабо, хьалха Старогладовски гӀалахь а баьхна, ткъа цул тӀаьхьа хӀинцалерачу Кобин гена йоцуш кӀотар йиллина болу хӀирий БизиковгӀар)[10].

Кобин бахархой, шеш православин хиларна, луларчу Шелковски килсе[10], так как собственной церкви в селе не было[9] богӀура.

УьстагIий дажош жима кIотара хилла. Шена цIе, Коби цIе йолуш хIири жаIу хилла цигара наха ахч луш циг валош тIкъа из цигахь Iаш ца хилла, цуьн цIерах тилна эвла цIе.

1993 шарахь Нажи-Йуьртан кӀоштехь латт-токхум хилла дуккха гIишлош а цIенош духайнера, циг Iа кхераме ду аьлла,Гилнара дуккх наха Шелковскан кӀоштан эвла, Кобе охь бехира [11].Хьалха жима кIотар хилла ю тIкъа Гилнар нах охь баьхна жима кIотарах йоккху эвла хилира, юртахош эвлах "Керла Гилна"олу наггахь.

1993 шеран Ӏай а, бӀаьстенан юьххьехь а Нохчийчоьнан Нажи-Йуьртан кӀоштан лаьмнашкахь хилира гӀишлош йохош, нах а бойуш токхмаш. Сацам бира йохийначу эвланашкара бахархой Шелковскан кӀошта кхалхо. Коби эвлахь ладамен барамехь лаьттан дакъош делира Гилна[12] эвлан бахархошна. Иза бахьнехь тахана дукхаха болу Кобин бахархой Гильнара схьабовлар долуш бу.

1990-гӀа шерашкахь, Нохчийчохь политикин хьал дика ца хиларна, берриш хӀирий дӀакхелхира Шелковскан кӀоштара гуттаренна а баха РКЪСХӀ-А. Хаамаш бу, 2008 шеран хьолашца Кобихь ца бехара 2 хӀирийн доьзал бен[9][13]. Ткъа Къилбаседа ХӀирийчохь 50 фамили ю Кобин[9] бахархойн. Оццу хенахь эвлара арабевлира Кобихь баьхна жӀайхой, схьабовлар ДегӀастанан Ӏахвахойн (КӀудиябросо эвла, Ӏахвахой) а, ЦӀумадан (Къеди эвла) кӀошташкара[14]. 1990-гӀа шерашкахь Кобин бахархойн доккхаха дакъа жӀайхой дара; 2005 шеран хьолашца, цхьацца хаамашца, Кобихь бисина иттех жӀайхойн доьзал[14].

Кобин иэсан 2008 шеран августехь Къилбаседа ХӀирийчохь, Архонски гӀалан гена йоццуш, Кобин хиллачу бахархоша, часовня йиллина везачу доккха Ӏазапхочун Георгийн Толамбахьачун сийнна[9].

Бахархойн дукхалла
1926[15]1990[16]20022010[17]2012[18]2013[19]2014[20]
288102415071805189119501999
2015[21]2016[22]2017[23]2018[24]2019[25]2020[2]
207121102118213621472180

2002 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца, эвлахь ваьхна 1 507 стаг (716 боьрша стаг а, 791 зуда стаг а), 77 % бахархой бара нохчий[26].

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[27]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархой дакъа, %
нохчий 1 506 83,43 %
жӀайхой 244 13,52 %
ногӀий 36 1,99 %
гӀумкий 12 0,66 %
хӀирий 3 0,17 %
оьрсий 3 0,17 %
гӀезалой 1 0,06 %
берриш 1 805 100 %

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Топографические карты. К-38-21. Гудермес
  2. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  3. Мациев А. Г., Карасаев А. Т. Русско-чеченский словарь. — М., Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728.
  4. Фыдыуæзæг: Тырсыгом, Хъуды ком, Къобы зылд. // Бæциаты А.Б., Кокайты Т.А. — Дзæуджыхъæу: Проект-Пресс, 2008 Кеп:Os
  5. Закон Чеченской республики № 42-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Шелковской район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2011 шеран июль. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
  6. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь Объём 8 МБ.
  7. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный, 2006, стр.652
  8. Высокогорное село Коби в Грузии существует до сих пор. Оно расположено в 23 км от административного центра Казбегского муниципалитета города Степанцминда (Казбеги) и наиболее известно как родина выдающегося языковеда-ираниста В. И. Абаева.
  9. 1 2 3 4 5 Патриархия.ru. В Северной Осетии освящена часовня во имя святого великомученика Георгия Победоносца
  10. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Нальчик, 1997 (переизд.: Грозный, 2006).
  11. Гилна(ТӀе цакхочу хьажорг)
  12. IGPI.RU. Политический мониторинг. Выпуски политического мониторинга. Чеченская Республика: Ю. Кульчик. Чеченский кризис и стабильность на Северном Кавказе
  13. Примечательно, что аналогичная ситуация имеет место также в Трусовском и Кобском ущельях в Грузии, откуда родом были первые жители чеченского Коби. На начало 2000-х годов число жителей Казбегского муниципалитета осетинской национальности — менее 100 человек.
  14. 1 2 М. Шахбанов. ГРУбые зачистки. Этнический антитеррор // Черновик, 10 июня 2005
  15. Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
  16. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  17. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  18. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  19. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  20. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  21. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  22. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  23. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  24. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  25. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  26. Данные Всероссийской переписи населения 2002 года: таблица 02c. М.: Федеральная служба государственной статистики, 2004. (2002zip Архивйина 2014-10-06 — Wayback Machine, см. прим.)
  27. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 4 "Население по национальности и владению русским языком". Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine