Шелко́вски[3], Мохне[4] (оьрс. Шелковская) — гӀала, Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштан административан центр. Кхуллу Шелковскан йуьртан меттиг[5].

ГӀала
Шелковски
оьрс. Шелковская
Сурт
43°30′27″ къ. ш. 46°20′13″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Шелковскан
Йуьртан меттиг Шелковскан
Истори а, географи а
Йиллина 1718
Хьалхара цӀерш Сарапан, Сарафанниково
Центран локхалла 19[1] м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 13 773[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, оьрсий, кхин а
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш, православин
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87136
Поштан индекс 366108
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96240834001
shelkovskoe-sp.ru
Картин тӀехь
Шелковски картан тӀехь
Шелковски
Шелковски картан тӀехь
Шелковски
Шелковски картан тӀехь
Шелковски

ГӀалан цӀе схьайаьлла дарин заводах (оьрсийн маттахь «шелк» олу дарех), иза йиллина 1718 шарахь Терк эркан тӀехь эрмалойн совдегархочо Васильев Сафара. Заводан гуонаха кхоллаелира гуьржийн-эрмалойн эвла, цӀе тиллира Сарапан аьлла, иза гуьржийн маттахь "дари" бохург ду[6], цул тӀаьхьа хийцира Шелковски[7] гӀала аьлла.

2000 шарахь дуьйна гӀалахь гуттаренна бух тӀаьхь лаьтта Российн ЧГӀМ чоьхьара гӀуллакхийн оперативан Ӏалашон 46-гӀа ша йолу бригадан дакъа.

2007 шарахь июлехь Нохчийн Республикин куьйгалло кхайкхийра гӀалахь православин килс ян ойла хилира[8]. Йолуш йолу Шелковски килс йу Варвара Илиопольскин[9] цӀарах, иза ламазан цӀа бен дац[10].

2016 шеран 22 апрелехь ХӀинжа-ГӀалин епископа Варлаама базбира Сийлахь Варварин цӀарах йуьллу керла килсан бух тӀе буьллу тӀулг. Килса йина Шелковскин Ӏам йисттехь, республикин Ӏедало а, Хьуьнан промышленникийн къоман «Русский лес» ассоциацис а гӀолоцуш. Килсан совгӀатна елира йоккха Ӏазапхочун Варварин даьӀахкийн дакъонца ботт[11].

2018 шеран декабрехь гӀало даздира шен 300 шо кхачар.

Эвла лаьтта Теркаца, Мазалк-ГӀизлар новкъаца. Соьлжа-ГӀалина 71 км къилбаседа-малхбалехьа[12].

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехьа йу — Гребенски а, Воскресеновски а, къилба-малхбалехьа йу — Харьковски, къилба-малхбузехьа йу — Шелкозаводски, къилбаседа-малхбузехьа Коби.

Микротопоними

бӀаьра нисйан

Нах беха меттигаш

бӀаьра нисйан
  • Ломидзе кӀотар – гӀалан къилба-малхбузера меттиг, цигахь, баккхийчара дийцарехь, лаьттина мехкаден Ломидзен долара даьхний кхоба кӀотар.
  • Шира гӀала – иштта олух Ӏинца а Теркан аьрру бердаца, кхо км малхбалехьа, йолчу, хьалха Шелковски лаьттинчу меттигах[6].
  • Вознесенски кӀотар я Дуриловка – лаьттина гӀалан къилбаседа агӀора, Мазалк-ГӀизлар новкъаца. Кхузахь беха ногӀий, гӀезалой, нохчий. Дуриловка боху шира цӀе йисина Шелковски, Гребенски, Старогладовски гӀаланийн бахархошна йукъарчу къамелашкахь. КӀотар Дуриловс йиллина лору.
  • Бабски кӀотар – иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина гӀалан къилбаседа агӀора меттиг. Баккхийн бахархоша дийцарехь цӀе тиллина кӀотар йиллинчун цӀарах.
  • Борисовски кӀотар – гӀалан къилба-малхбуза йистера меттиг. Баккхийн бахархоша дийцарехь, кхузахь иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина. Тахана гӀалин йукъа яхана и меттиг.
  • Миклон мохк – Теркан аьрру бердаца йолу меттиг, гӀалан къилба-малхбалехь, дийцарехь, кхузахь ваьхна ведда лела гуьржий Баруки Микло (Бараташвили Михаил) – воккха забарча а, самукъане стаг а. Микло вехара талларца, чӀара лацарца, кӀеззиг уьстагӀий а, ет а лелабора, бераш а, жима хаза зуда а яра. Теркан хиш сих-сиха чудовлура цуьнан керта а, тоьлина а, цигара Микло а, цуьнан доьзал а сихха дӀаболхара луларчу гӀала, берриг бахам дӀа а тосий.
  • Гноевойн кӀотар – Коминтернан колхозан йуккъера керт хиллачу кӀоштара меттиг. Цигахь иштта цӀе йолу, хьал долчу гӀазакхийчун, Гноевойн кӀотар лаьттина, цуьнан дукха даьхний а, кемсийн беш а яра[13].
  • Харьковски кӀотар – гӀалан къилбаседа-малхбален агӀора меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу, Харьков гӀалара кхелхинчу бахархоша йиллина, кӀотар[14].

Инженерийн кхолламаш

бӀаьра нисйан
  • Шелковски тӀай – Теркан тӀехула диллина Шелковски кӀошт Гуьмсан кӀоштаца а, ДегӀастанан Республикица а цхьаьнатуху тӀай, гӀалан къилба-малхбалехьа лаьттина[6].
  • Килс – иштта цӀе йисина баккхий гӀазакхашна йукъахь Теркан аьрру бердаца йолчу меттигна, хьалха шира гӀала хиллачехь, цигахь гӀалин йуккъехь лаьттира килс. Килс дукха лаьттира шен меттигехь, гӀазакхаша дӀатесна цӀенойн а, тоьлийн а саьлнашна йукъахь. Дукха шерашкахь керлачу гӀалара гӀазакхий оьхура Ӏибадат дан а, динан Ӏиданашка а ширачу гӀалара килсе. ТӀаьхьуо килс вовшах а йаьккхина керлачу гӀалане дӀакхалхийра[13].
  • Пачхьалкхан дарбанан цӀа – иштта олу, революции халале хьалха йоьгӀначу, дарбанан цӀийнан ширачу гӀишлонах. ГӀалин йуккъехь.
  • Керла дарбанан цӀа – 1980-гӀа шерашкахь дина дарбанан цӀа. Лаьтта Шелковскин къилбаседан йистехь, Гребенски боьдучу новкъаца[15].
  • Копаньки – гӀалан йуккъера Ӏам. Дуьйцу, гӀалан бахархоша кхузахь буьйда кибирчигаш ян а, поппаран а сацкъар-латта доккхуш хиларх лаьцна, цуьнан жамӀ хилла доккха ор, хан хене мел йолу хино дуьзина. Ӏам чур ахи ара ца долу, шен хи схьаоьцу догӀнера а, шовданашкара а. Шен цӀе «Копаньки» нохчийн мате йаьккхича «Аьхкина» хуьлу. Оцу меттигах хьалха шовда олуш хилла.
  • Харш – хи дилларан татол, чекхдолу гӀалан къилбаседа-малхбуза агӀора. Татолан Новр-Шелковски га[6].
  • Сулу-Чубутла – йочанийн хих гулбелла Ӏам, лаьтта гӀалан къилбаседехьа. ЦӀе тюркийн маттара йу[16].
  • Будары – куьйга баьккхина Ӏам, цунна тӀаьхь лаьттина республикин кӀоштан къинхьегамхойн дика йина садоӀу база. ГӀалин къилбаседа-малхбузенан агӀора[13].
  • ГӀамаршка – иштта олу гӀалан малхбузехьара а, къилбаседехьара а НогӀийн аренех[6].
  • Форштат, Форхштат – иштта цӀе йолу меттиг лаьтта гӀалин къилба-малхбалехь. Дуьйцу, оцу меттигехь гӀалин кӀентий эскаре новкъа бахар бохуш, тӀемера цӀа богӀучарна цига дуьхьала богӀура. ТӀаьхьа – дуьххьарлера самукъадоккху а, кхин даздаран а белхаш. Иза галдаьккхина меттигерачу диалекто форштадт дош ду[13].
  • Гражданийн тӀамехь кхелхина тӀемлошна йоьгӀна иэс – йоьгӀна гражданийн тӀамехь кхелхинчу 19-гӀа ЦӀен Эскаран тӀемлошна. Лаьтта гӀалин къилба-малхбалехь[15].

Транспорт

бӀаьра нисйан

Шелковски йу СтавропольКрайновка трассин тӀехь; малхбалехьо ду Теркан тӀехула долу Гребенскан тӀай, цуна тӀехулла Шелковскан кӀоштера Хаси-Эвлан кӀоште дехьа гӀо. Эвлахь йу аьчка некъан станци Шелковски Къилбаседа-Кавказан аьчка некъ.

Шелковскехь йиллина керла автостанци.

 
Шелковскера автостанци
Бахархойн дукхалла
1878[17]1883[18]1926[19]1939[20]1959[21]1970[22]
5946631321231033575558
1979[23]1989[24]2002[25]2010[26]2012[27]2013[28]
66007961958111 11211 44011 679
2014[29]2015[30]2016[31]2017[32]2018[33]2019[34]
11 92412 27312 50412 71912 91313 293
2020[2]
13 773



Къоман хӀоттам

2002 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[35]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 7 802 81,43 %
оьрсий 1 291 13,47 %
гӀумкий 156 1,63 %
жӀайхой 58 0,61 %
ногӀий 50 0,52 %
гӀезалой 36 0,38 %
кхин берш 188 1,96 %
берриш 9 581 100,00 %

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[36]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 9 395 84,55 %
оьрсий 1 020 9,18 %
гӀумкий 192 1,73 %
жӀайхой 117 1,05 %
ногӀий 73 0,66 %
гӀезалой 61 0,55 %
даьргӀой 40 0,36 %
лаьзгий 33 0,30 %
кхин берш 172 1,55 %
ца гайтина я, ца аьлла 9 0,08 %
берриш 11 112 100,00 %

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Определение высоты над уровнем моря по координатам. latlong.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 26 август. Архивйина 2018-08-26 — Wayback Machine
  2. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  3. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
  4. Нохчийн маттахь «Шелковски» йа «Мохне»… Исламов И. (2019 шеран 14 май). ТӀекхочу дата: 2020-2-17.
  5. Закон Чеченской республики № 42-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Шелковской район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2011 шеран июль. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
  6. 1 2 3 4 5 Сулейманов, 2006, с. 653.
  7. Натик Джафаров. Я в шелка тебя одел бы // Дагестанская правда, 22.04.2004 Архивйина 2018-01-04 — Wayback Machine
  8. NEWSru.com. Кадыров объявил о начале строительства православного храма в Чечне
  9. Информационный сервер Главы и Правительства ЧР. Рамзан Кадыров подарил автомобиль «Газель» для православных прихожан Чеченской республики Архивйина 2012-01-31 — Wayback Machine
  10. Грозный-информ. В станице Наурская состоялась встреча духовенства с православными жителями района
  11. Храм в честь святой великомученицы Варвары в станице Шелковской // Гора Господня. Официальный сайт Махачкалинской епархии
  12. Сулейманов, 2006, с. 652.
  13. 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, с. 654.
  14. Сулейманов, 2006, с. 654-655.
  15. 1 2 Сулейманов, 2006, с. 655.
  16. Сулейманов, 2006, с. 653-654.
  17. Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
  18. Список населённых мест Терской области. По сведениям к 1-му января 1883 года. Владикавказ. 1885
  19. Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
  20. Шелковской район (1939)
  21. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  22. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 октябрь. Архивйина 2013 шеран 14 октябрехь
  23. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 29 декабрь. Архивйина 2013 шеран 29 декабрехь
  24. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  25. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  26. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  27. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  28. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  29. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  30. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  31. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  32. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  34. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  35. Этнокавказ. Национальный состав Шелковского района по переписи 2002 года
  36. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более". Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine