Нохчийчоьнан истори

ХӀокху версин 24 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 12 февраль).


Нохчийчоь — тӀулган оьмарехь дуьйна хилла бахархой болуш, хӀинца а йолуш йу кхузара къам йукъараллин-экономин лакхара даржехь кхиана хилла хилар бакъдеш йолу хӀолламаш.

Йуккъера бӀешераш

бӀаьра нисйан
 
Нохчо а, лаьзги а. 1862 шеран иллюстраци

Нохчийчоьнан латта тӀехь дуьххьара пачхьалкх кхоллайалар хьехадо йуккъера бӀешерийн хьалхара дакъа чекхдолуш. IX бӀешарахь таханлерачу Нохчийчоьнан шера дакъа Аланийн пачхьалкх, ткъа лаьмний дакъа — Серир пачхьалкх йукъахь хилла. Лаьмнашкахь бахара нохчийн дай — нохчо (нохчи) ваьраш.

XIII бӀешарахь монголаш тӀелатар бахьанехь нохчийн дай аренан кӀошташ а йитина лома дӀакхалха бийзира, оцуо, шеко а йоцуш, сацийра нохчийн тайпийн йукъараллин-экономически кхиамаш[1] [тешам боцу хьост?].

XIV бӀешарахь нохчаша кхоьллира хьалхарафеодальни пачхьалкх Симсир, тӀехьо Тимаран эскарша халлакайина йолу[1][тешам боцу хьост?].

Дешийн Орда йекъайеллачул тӀехьа таханлера Нохчийн Республикин аренан кӀошташ гӀебартлойн а, дегӀастанан а феодалийн карайахна. Цхьанхьа охьа ца ховшу туьркиметтан къаьмнаша масех бӀешарахь доладинчу шерачу лаьттанаш тӀера аратеттина нохчий XVI бӀешарахь бехира лаьмнашкахь, шеш бехачу меттигера лаьмнийн, хишшан цӀераш техкина (мичикхой, гӀачалкххой, ичкерихой, чӀебарлой, шотой, Ӏовхой, кхин берш а) тукхмашка бекъабелла[1][тешам боцу хьост?]. Оцу заманца догӀу нохчийн йукъараллийн тайпан структура кхоллайалар.

XVI бӀешарахь нохчийн цхьа дакъа кӀез-кӀезиг йухаберза буьйлабелира лаьмнийн кӀошташкара аренашка — Нохчийн ариене, Теркан тогӀенашка, Соьлжан а, Орган а бердашка. Нохчийн истори а, оьздангалла а хууш волу А. А. Саламовс йаздина: «Лаьттан йоккхачу къоьлло, мацалло теттара нохчийн, гӀалгӀайн тайпанаш лаьмнийн баххьашкара а, чӀежашкара а хьеначу аренан лаьттанашка. Дуккха а бӀешарашкарчу исторехь уьш цӀа бахана цаӀара Теркан аренашка, амма йуха а къайлабовла безара лаьмнашкахь ницкъ болу мостагӀ тӀетаьӀча»[2]. Йуьханца аренашка дӀакхелхаш нохчаша а, гӀалгӀаша а, кӀезга-мезга девзаш долчу кегийра тайпанех йарташ йахкара, кхин тӀе цхьайолу йарташа тахане схьайеана, лаьмнашкахь хӀара а, важа а, йарташ кхоллина хилла болчу шайн дайн цӀараш йарташна а техкина[3].

Оцу хенахь Аштаркхан ханийн пачхьалкх халлакйича йолайелла Оьрсийн пачхьалкх Къилбаседа Кавказе, Малхбузан Хажар-хордйисте экспансии йан. ХӀокху махкахь Оьрсийн пачхьалкхан гӀоьнчаш, Оттоманин империн дакъа долу ГӀирман ханийн пачхьалкхан агӀора а, Таркхойн шамхалан агӀора а ницкъ хуьлуш болу гӀебартлойн элий хилира. ГӀебартлойн элас Темрюк Идаровичас Грозный Иванега Соьлжа Терках кхетачохь, и меттиг мостагӀехь ларйархьама гӀап йогӀар дийхира. 1567 шарахь йина йолу Теркан гӀап, хилира оьрсийн хӀокху регионехь дуьххьарлера тӀеман чӀагӀйина пункт.

Дуьххьала Теркан тӀе охьахевшина гӀалгӀазкхий, оцу хенал дуккха а хьалха хевшина.[4]. XVI бӀешера хьалхара декъехь гӀазакхийн гӀаланаш йара Теркан аьтту бердан арцаш тӀехь, мадарра аьлча Теркан дукъан малхбален а, къилбаседан а басешкахь, Орга Соьлжах кхетачохь, цунах церан цӀе а кхоллайелира — гребенски гӀазакхий. ГӀазакхий охьаховшура дукха хьолахь Теркан а, Соьлжан а бассейнийн йуккъехьа. XVI бӀешарахь кхуззехьа схьакхелхира Калитва хи тӀиера Донан гӀазакхи.

XVI бӀешеран шолгӀа декъахь дуьххьарлера йозанан тоьшаллаш ду оьрсийн Ӏедалан нохчашца йукъаметтиг хиларан. 1570-гӀа шерашкахь нохчийн тхьамданех баккхийчарех цхаъ волу эла Аьккхийн Ших-мурза Москвохаца уьйр тесна, Москвоха дуьххьарлера нохчийн посольство кхаьчна. Цара гӀайгӀабора нохчий Российн тӀома кӀел иэцийтарна, тӀаккха Фёдор I Иоанновича церан гӀайгӀан тептар делира. Амма 1610 шарахь, Ших-мурзин кӀант Батай даржера воха а вина, вийча , Аьккхийн олалла гӀумкхийн элаша дӀалаьцна.

XVI бӀешераш чекхдовлуш Къилбаседа Кавказе гӀоьртира дукха гӀазакхий мухажираш Дон тӀиера, Идал тӀиера, Хопер тӀиера. Царах, лулара къаьмнаш жигара дакъа а лоцуш, «бух» хилира «теркан» гӀазакхашна, гребенскичарел а тӀехьа кхоллабеллачехь (XVI—XVIII б.ш.). Дукхаха болу православни хӀирий а, чергази а, османийн, персийн Ӏазапах бевдда болу гуьржий а, эрмалой а гӀазакхашна йукъа иэцара, гӀазакхий а хуьлий дӀаиэра царех. И шаьш схьабовлар дукха къаьмнех йолу жамӀато кхоьллира Теркан гӀазакхийн эскар, и кхолларан официальни терахь лору 1577 шо[5].

Гребенски гӀазакхий дуьххьара Ӏиттабелира лулахой-ламанхой даьхний, йа кхин хӀонц, йа йийсархо, шайха лайш бан, йа мехах йухабала Ӏалашо йолуш тӀелатарца. Оцо девнаш латтадора, дов луьстуш гӀазакхий нохчийн эвланашна тӀелетара йурташ халлак а йеш. Иштта доллушехь, XVI—XVII бӀешерашкахь гӀазакхийн а, нохчийн а йукъаметтиг гӀеххьа машарехь латтара: царна йукъахь йохк-иэцаран зӀенаш шорлора, доттагӀаллаш тийсалора, гергарлонаш тасаделла меттигаш а йара. ГӀазакхаша схьаийцира нохчашкара а, кхин ломан къаьмнашкара а духаран, герзан сипаташ; рогӀехь, нохчаша тӀеийцора гӀазакхашкара цхьадолу белхан гӀирсаш[6]. Нохчий гӀебартлошца а, Теркан гӀазакхашца цхьана тӀом бира ГӀирман ханийн пачхьалкхана а, Ӏосманан империна а, Персина а дуьхьал[1][тешам боцу хьост?].

1627, 1645, 1657—1658 шерашкахь малхбален Нохчийчура цхьа могӀа йукъараллаш байӀат дира Российн тешаме хила, амма XVII бӀешеран шолгӀачу декъехь уьш кога кӀелабахара гӀебартойн, гӀумкийн, бацойн феодалийн[7].

Вайнехан дин

бӀаьра нисйан

XI бӀашо кхаччалц вайнах политеисташ бара, Ӏибадат дора меттигерачу деланашан. Царна йукъахь даьржинера гӀомалла, молханаш лелор, лаьмнашна, боьлакашна, дитташна, кхин дуккха хӀуманна Ӏибадат дар. XI—XII бӀешерашкахь Гуьржмйчуьра а, Византиера а православи еара. Гуьржийн паччахьаша кхуза дин хьеха мозгӀараш бахкийтора, жайнаш дахкийтора килсанаш йан гӀо а дора. XIII бӀешо герга кхаьчча керстаниг вайнехан коьрта дин хилира, ткъа вайнеха йукъараллаш Гуьржийн пачхьалкхан гӀоьнчаш хилира[7]. Византи йохар а, Гуьржийчура гӀелйалар бахьана долуш вайнахана йукъахь керста дин гӀелделира; оцу хенахь дендеш дара шира дин — политеизм, XV—XVII бӀаьшерашкахь вайнаха леладора иэдина керста дин а, политеизм а.

Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан аренашкахь, XIII—XV бӀешерашкахь, монгол-гӀезалой бӀо а беана Тимаран экспанси йолчу хенахь, Симсир пачхьалкх санна йолу, цхьайолу вайнехан йукъараллашка, Дешийн Ордахула а, ДегӀастанехула а (лулахошкара-гӀумкашкара) чудан доладелира суннитийн маьӀна долу ислам. Малхбален а, лаьмнийн кӀажошкара а Нохчийчоьнан бахархой, иштта лаьмнийн кӀожашкара ГӀалгӀайчоьнан бахархой а XVI бӀаьшарахь а болуш бара бусулба, амма дукхах болу Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а ломара бахархоша ислам XVII—XVIII бӀаьшерашкахь бен тӀецаийцира. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а аренашкахь а, лаьмнийн кӀажошкахь а ислам даьржиншехь, лаьмнашкахь хӀетте а лелаш дара цӀудинан а, керста динан а гӀиллакхаш, керлачу бусулба динца тарлуш.

Нохчашна йукъахь исламан бухан цхьадолу йукъара хаарш, бусулбанийн цӀераш йаьржина йоллушехь, исламан чӀагӀо коьртачу бӀогӀам тӀехь (йукъара бакъонийн бӀогӀам) XVIII бӀаьшераш кхаччалц гӀийла йара. Бусулба динан бакъо (шариӀат) кӀезга лелош йара; шадолу нохчийн йукъараллин дахар, ислам тӀедалие санна, нисдеш дара дукхах дерг Ӏадатан низамца, иза лардешберш а, лелошберш а тайпанийн къаной бара[6].

Ислам нохчийн коьрта дин хилла чӀагӀдалар хуьлу 1785 шарахь дуьйна, бусулбан байракх кӀелахь российн Ӏазапан политикин дуьхьала шайх Мансур хьалха а волуш, дуьххьала Нохчийчохь, тӀехьа шайолу Къилбаседа Кавказехь а тӀемаш болабелчи. Ламанхошка сихха бусулба дин тӀелацийта Алдера схьавалар долуш волу нохчийчо Шайх Мансура, шен уллорачеран тобана хьалха а ваьлла Нохчийчоьнан ломан йурташкахула бусулба дине кхойкхуш лийлира[3].

XVII бӀешарахь, XVIII бӀешо долалуш Кавказ, шахан Иранан а, Оттоманийн империн а цхьана агӀор, Российн вукха агӀор, къийсаман объект хуьлу. XVII бӀешо йуккъехьа сефевидийн Ирана, Оттоманийн империца Кавказдехье шайн кӀела ерзийна, азербайджанера а, дегӀастанера а гӀоьнчашца гӀоьртара Росси Малхбуза Хажар-хордйистера аратеттина Къилбаседа Кавказехь Дербентера Соьлжа хи тӀекхаччалц шайн политикин гегемони чӀагӀъян. ХӀункара пачхьалкхо Къилбаседа Кавказан малхбуза Ӏаьрж-хӀордйистехь шайн политика лелайора шайн вассалан ГӀирман ханин махкан куьйгашца. Къилбаседа-малхбален Кавказ дӀалаца ойланаш йолуш, ХӀункар пачхьалкхо коьрта Ӏалашо шайн агӀор ДегӀастанан, ГӀебартчоьнан, Нохчийчоьнан, ГӀалгӀайчоьнан, Азербайджанан феодалийн кортош бахар йолуш эмиссараш оьхийтора цига. ХӀункара пачхьалкхан аннексионистски ойланаш чагӀйелира Российн аьтту болуш доцу Прутски машаран (1711 шо) тептар тӀе куьг йаздича, цигахь бинчу бартаца Российс йухаяла йийзира ХӀункарна Азов, кхин тӀе шайн флот Азов-хӀордан тӀехь латто йиш а ца хилира[3].

XVIII бӀешо долалуш теркан гӀазакхаллин исторехь керла агӀо еллало: хиллайолу «паргӀато» яйина, иза Российн тӀеман ницкъаш йукъайахара, шайна тӀедиллина Кавказехь Оьрсийн пачхьалкхан къилба доза лардан декхар а долуш, тӀеман-гӀуллакхан чкъор хилира цунах. Теркехь даиман бехаш бара паччахьан воеводаш, кхузах латтара йоккха тӀеман гарнизон, Ӏалашъдора тӀеман дӀадехкина герзаш а, дуург а. Кхуза иэхара Кавказдехьара посолаш, Къилбаседа Кавказера элий. Пётр I хетара, Къилбаседа Кавказо йоккха роль ловзор йу Российн тӀеман сийлалла ойуш а, Уллора Малхбалехь йохк-иэцар даржош а. Пётр I 1722 шарахь Персийн тӀелата воьдуш сецна, дуккха а меттигерчу элашца къамелаш дича, Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Российца экономикин а, политикин а, оьздангаллин а зӀаьнаш шоръяла йуьйлира. 1722 шарахь оьрсийн Ӏедало Сулак хи чеккхенан 20 км лакхахь йуьйгӀира Къилбаседа Кавказехь а, Хажар-хӀордйистехь а керла экономикин, административани центр хилла йолу керла Сийлахь ЖӀаран гӀап. 1735 шарахь иза дӀайаьккхира, оццу шарах кхоьллира ГӀизлар-гӀала[3].

XVIII бӀешо долалуш оьрсийн тептаршкахь нохчашна «чеченец» боху цӀе чӀагӀйо Чечан-эвла цӀарах йаьлла хила мегаш йолу[3]. Дуьххьала Российн пачхьалкхан йукъара стратегин чудогӀуш дацара Кавказан жигара чуэхар, Ӏалашо йацара Нохчийчоь Российх схьатохар: къамелаш дара оцу хенахь империн къилба доза хиллачу Теркан тӀехь «паргӀато» латторах. ТӀелата коьрта бахьана хилира Теркан тӀиера гӀазакхийн гӀалашна нохчий даиман тӀелетар. Оцу муьрехь оьрсийн Ӏедална гарца нохчий кхераме мостагӀий бара, церан лулахалло даиман а сингаттам латтабора пачхьалкхан дозанашна[6].

1721—1783 шарашкахь Нохчийчура «гӀовгӀане» къаьмнаш совцо оьрсийн эскарийн таӀзаран экспедицеш чуоьххуш лаьтта — уьш шайна тӀелетарна, Российн, номинально куьйга кӀелайолу нохчийн йукъараллаш шайна доладан, тӀехиттина болу гӀебартлойн а, гӀумкийн а эланаш бохург цадарна. Экспедицехь регулярни эскарш доцуш, дакъалоцу гӀазакхаш а, «къурд аьлла» къаьмнех гӀолмакхех, гӀебартлойх, ногӀех коьллина тобанаш а. Экспедицеш ягайора «гӀовгӀане» эвланаш, балабора церан бахархой Российн кӀела церан тайпанийн къаношка Российн байӀат дойтуш. Сий-доьналла долчу доьзалашкара аманаташ оьцу, уьш оьрсийн гӀопашкахь кхоба. Эскарийн къизалло кхоллабора бахархойн цабезам а, чӀирайекъа лаам а, цуьндела хан мелъели ситуацеш карлайовлара.[6].

Ламанхойн гӀарадевлла тӀелетарш билгалдаьхна 1707—1708, 1722, 1732, 1757—1758, 1760, 1770—1774, 1783 шерашкахь.

1708 ш. нохчаша, ногӀаша, гӀумкхаша, оьрсийн бевддалела гӀазакхаша башкир Мурат коьртехь а волуш айабелла, тӀелетта йаьккхира Теркан гӀап. Российн эскарш айадалар охьатаӀийра, човйина Мурат йийсар вина вийра.

1732 ш. Чечан-эвлан уллохь герзашца гулбелира 10 эзар гергга ламанхой, цара вийра нохчийн эла Хазболат, халлакйира полковник Кох куьйгаллехь волу российн тоба.

1757 шарахь Чечанара дӀасакхехьийтар «карзахбоху кехаташ», цара кхайкхам бора ломанхошка герз кечдар доьхуш ломанхойн латташна тӀелеташ болу оьрсашна доьхьало ярхьама. ГӀаттамна цхьа бахьана дара ломанхойн элий вовшех девнаш латтадарна аренашкара нохчий резацахилар. Цун дуьхьал 1758 ш. российн инарла Фрауендорф новкъавелира 5—6 эзар стаг волу эскарца Нохчийчу вагӀа. 22 апрелехь российн эскарш йоццу штурмаца схьалецира Хенакхаьлла Ӏин, амма тӀехьа, цхьа а аьтту цахилла, Фрауендорфан йухаверзавийзира ГӀизларе, нийсса мукӀарло дира, гӀаттамхой «къар ца бели».[8][тешам боцу хьост?][хьост?]

XVIII бӀаьшера шолгӀачу декъахь дуьйна Российн империно керла гӀулчаш йоху Къилбаседа Кавказехь чӀагӀйалархьама, цигара къаьмнаш къардархьама. Долийра тӀеман колонизацица — нуьцкъала кхалхийра идалан а, донан а гӀазакхий Кубань а, Терк а хиш тӀе. Оьрсийн эскаран куьйгалло йугӀара гӀазакхийн станицаш а, юьрташ а аренан латташ тӀехь, ткъа ломан кӀажошкахь йугӀара тӀеман гӀопаш. Мазалк гӀап кхолларца (1763 шарахь) оьрсийн эскаран куьйгалло Кавказан чӀагӀйина асан аьру фланг йан буьйлабелира, керла гӀапаш йуьйгӀара: Екатериноградски (Малка хи тӀехь), Павловски (Кура хи тӀехь), Марьински (Золка хи тӀехь), Георгиевски (Подкумок хи тӀехь), Александровски (Томузловка хи тӀехь). 1769 шарахь Екатерина II омарца (указца) Теркан тӀе дехьабехира идалан гӀазакхий, уьш ховшийра Мазалк гӀопанний гребенски гӀаланашний йуккъахь Гуьлгане, Новр, Ищоре, Мекенски, Калиновски станицашкахь. Иштта Теркан аса дикка чӀагӀйира.

XVIII бӀешеран 80-гӀа шерашкахь вовшен цабезамо а, динан бошхаллаша а Нохчийчохь кхоьллира «шариатан тобанаш», уьш оьрсашна дуьхьала а мохк мукъабаккхаран Ӏалашо йолуш йара, дуьххьала гайтира Кавказехь лозунг гӀазот — дин дуьхьа тӀом, пайдехьхилар.

1785 шарахь нохчийн Алды йуьртара Ӏуьно Ушурмас кхайкхийра ша имам ву, шен цӀе йу Мансур аьлла[9], шен къоман йукъахь «цӀена», «бакъдолчу» динан тӀе йухадерзар, аскетически исламе дерзар, исламаца ца догӀу ломанхойн Ӏадаташ, гӀиллакхаш бухдахар, уьш шариӀатца хийцар, Ӏадаташ лелочарний, оцул тӀехьа керстачарна (кхечу динехь болу ламанхой), тӀаьххьара оьрсашна дуьхьал гӀазот («дела дуьхьа тӀом») кхайкхор. Боцачу муьрехь Мансур имам, шайх, цхьаболчара пайхӀамар хилар шуьйра тӀелецира, шегахьа дукха нах бехира Нохчийчохь хьов, уллохь йолу ГӀалгӀайчохь, ГӀебартчохь, ГӀумкехахь, Ломан ДегӀастанахь а. Нохчийчохь цӀеххьана маьждигаш, молланаш шарӀан суьдхой (къедий) алсамбевлира[6]. Оьрсийн Ӏедало, динан-политикин гӀаттам шен орамехь халлакабан дагахь Алде «харц пайхӀамаран Ушурман» дуьхала ягӀийтира дукха йоккхайоцу тоба полковник Пиери куьйгаллехь волуш. Пиери аьтту байра: 1785 шарахь 6 июляхь, нохчийн кӀелон тӀенисйелла тоба шайерг халлакайира; ша Пиери кхелхира[9]. Цул тӀехьа ягӀана таӀзарин экспедицино Алди йурт ягоро шайолу Нохчийчоь меттахйаьккхира[6]. Шайх Мансуран агӀорхьарчара цхьа могӀа тӀелетарш дира Кавказан асан чӀагӀошна а, станицашна а. ЖамӀехь Мазалкера БуритӀе кхаччалца йолу гарнизонаш Гуьржеха боьду некъ нохчийн агӀор тӀелетарх, къоланаш дарх ларбан а дедоцуш хилира. Оцу бахьанехь 1786 шарахь хӀинцца йоьгӀна гӀопаш (Потемкин, Григориполь, Владикавказ) йитира, гарнизонаш араехира асанаш тӀе[9]. Нохчийчохь болабелла, гӀаттам 1787 шарахь дукха чӀогӀа баьржира Къилбаседа-Малхбузан Кавказера адыгашна йукъахь а, Кубань дехьа а. Хункара, оцу шарахь тӀом болийра Российца, Мансуран имам дарж тӀечӀагӀдира, гӀертара исламан байракх кӀелахь шайн тӀеман гӀуллакхаш ломанхойн гӀаттамхошца координации йан[6]. Шайха Мансуран агӀорчаьрца а, царна гӀоьнна даьхкинчу османийн эскаршца а бечу тӀамо Российн дукха ницкъ дӀабаьккхира, дукха салтий халлак а хилира. Масех аьтту болуш тӀелатарш бахьанехь, ткъа коьртаниг — 1790 шарахь 30 сентябряхь инарлас Германа хӀункаран-ломанхойн тобанан куьйгалхо хӀункара паша Батал-бейна тӀехь, Кубань тӀехь толам баьккхира, ткъа Мансур шен тӀеххьарчу тобанашца къайлавелира Анапа гӀопахь. 1791 шеран 22 июняхь, российн эскарша Анапина штурм а йина схайаьккхича, шайх Мансур човйина волуш, лецира йийсаре, и Соловецки килсе араваьккхинчохь велара[9]. Нохчийчохь гӀеххьа тӀом лагӀбелира, наггахь таӀзаран экспедицеш йогӀуш[6].

XVIII бӀаьшарахь — XIX бӀаьшеран йуьххьехь нохчийн бахам

бӀаьра нисйан

Ширачу заманах дуьйна нохчийн а, гӀалгӀайн а коьрта бахам латтлелор бара, лулара къилбаседакавказан къаьмнаш а санна. Лаьмнашкахь латталелор дукха къинхьегам оьшуш болх бара. Латта оханна кечдеш, иза мукъадаккха дезара кондарех, хьаннех, тӀулгех, нисдан дезара, гамаш тохайезара, хидиллархьама татолаш далодезара. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а ломан кӀошташкахь терхьийн латталелор дара. Аренашкахь а, лаьмнашкахь а беха нохчий, гӀалгӀай, дукхах берш экстенсивни латталелош бара, гӀелделла оханан латта хийца а хуьйцуш. Цул сов, шайолу Къилбаседа Кавказехь санна, Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а ломан кӀошташкахь тархаш долчу дакъош тӀе латта кхоьхьура кхечу дакъош тӀиера[3].

Хидиллар лаьмнашкахь лелийна ца Ӏаш, аренашкахь а леладора. Лаьмнашкахь терхьашна хидуьллура тӀедалош долу карсолашца. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а аренашкахь ламанхоша охьадоьду хиш тӀиера татолаш даладора, йукъалхоьттича царна чухула дӀадийна дакъош тӀе хи хецара[3].

Акъарийн Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а XVIII бӀаьшо латталелоран айам болуш мур хилира, иза коьрта отрасль хилира. Оцу хенахь вайнах хьеначу акъарийн латташ тӀе кхелхина бевлира, и бахьана долуш бахамлелоран амалаш хийцайелира. Аренашка охьахевшина нохчий а, гӀалгӀай а бӀоболарца йукъаэхара йохкэцаран-экономикин Российца а, лулара къилбаседакавказан къаьмнашца а йолу зӀаьнашна. Оцу холехь аллсама болчу бахархойн бахаман коьрта отрасль латталелор (ялталелор) хуьлу. XVIII бӀашо чекхдолуш, XIX бӀаьшо долалуш акъарийн Нохчийчоь хуьлу бепиг латториг Къилбаседа Кавказан ломан йукъараллашан хилла а цаӀаш, иза арадоккху дозанал дехьа а. Ялтакхиор даьржа гуттар а гена къилбаседехьа, шорлора Теркан аьру бердан а, лахенашкара а деса латташ бахьанехь. Нохчийн а, гӀалгӀайн а йуьртийн ялтан бахам айабалар гойту оцу юьрташкахь алссам хинхьераш а, куьйгахьераш а хиларо. Оьрсийн гӀопех а, тӀеман форпостех а, лаьтташйолу Кавказан чӀагӀйина аса хилира йуьртабахаман дуург, цхьацца меттигерчу пхьераш йина хӀуманаш йухку меттиг. Оцо тайна хьал кхоллара ялташдер шордан, ассортимент а, кхио культураш алсамйаха а. Ломан а, акъарийн а бахархошна йукъахь къинхьегам бекъало. Иштта, лаьмнашкахь беха вайнах, акъарийн бахархошкара ялта оьцуш даьхий леладора[3].

Акъарийн Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а дукхахдерг кӀа а, борц биера, ткъа лаьмнашкахь — мукх, сула, кӀа диера. Лакхалаьмнашкахь кхиабора мукх; лаьмнашкахь — бӀаьста дуй кӀа а, мукх а; ломан кӀажошкахь а, уллорчу акъареш тӀехь а — хьаьжкӀаш, ткъа йекъа аренашкахь — борц. XVIII бӀашарахь — XIX бӀаьшо долалуш Нохчийн а, гӀалгӀайн а, кхечу Къилбаседан Кавказан къаьмнийн санна, борц уггара йаьржина, лакхара барамехь ялташ лун арелелоран культура йара. ХьаьжкӀех лаьцна аьлча, уьш XVIII бӀаьшарахь лелайора массо а акъарера нохчаша а, гӀалгӀайша а, ткъа XIX бӀаьшо долалуш ломан кӀошташкахь кхочий, иза хуьлу уггаре а йаьржина культура. Цул сов, ламанхоша дӀайиера беттанаш чохь йолу горох, кхоьш, кӀомал, тонка, кхин а кхиайора наьрсаш[3].

Вайнехан шолгӀа латталелорал тӀехьа мехалла долуш дара даьхнийлелор, дукхахдерг йаккхий маьӀаш йолу даьхний. Даьхний белхан ницкъ а бара — охана дора, латта тодора, мохь а, адамаш а дӀасакхехьара, кхин тӀе латтатодан кхош, гамаш а латтайора. Ламанхойн коьрта белхан дохна стерчий дара. Царал сов, вайнаха гомаш лелайора, къаьсттина акъарехь. Ломан даьхний меттигера хӀу долуш дара — лоха а долуш, кӀезгапайден а долуш, хӀунда аьлча буьрса климат, бецан къоьлла, Ӏан заманахь лаьмнашках цатоьу йол, селекции йацара. Амма ломан даьхний йуург хоьржуш дац, чӀогӀа хаза меттигерчу хьолех дула. Меттигерчу бежнаш шура кӀезгалора, амма иза лакхара хьоналла йолуш йара. Шурех даьтта а, нехча а йора. ЧӀогӀа мехала дара даьхнийн некъ, цунах мачаш йора, говран гӀирс бора: дуьста, архаш кхин а. Дахнийн маӀашах вайнаха маккхарчий дора арсашна, шаьлтанашна, таррашна, кхин а кхечу даьӀахках ечу хӀумнашна а. Даьхний механ бустам бара, йохк-эцарехь, урдо луш, чӀиран гӀуда луш, лазийча, сийсазваккхача луш болу мах а бара[3].

Вайнахан йукъахь лаьмнашкахь (лакхахь) а, акъарехь (лома кӀажехь) а даьхнийлелоран кхиамаш цхьабосса бацара. Иштта, масала, лаьмнашкахь алсам леладора жаш: уьстагӀий, гезарий. Стерчий кхобура аренан белхашна иэшарна, мах лакхара а бара церан. Ломанхой акъари тӀе охьакхелхича даьхнийлелор даьржира Соьлжан а, Теркан а йистехула ГӀизлара кхаччалц. Акъарийн дежийлаш лелайора лаьмнашкахь бехачу нохчаша а, гӀалгӀаша а — аьхкенан беттанашкахь даьхний лаьмнашкахь дажадора, ткъа йисанчу ханна уьш акъари тӀе лахкара. Даьхний дӀасадоху бахаман системо хьекъалца дежийлаш кхоадора, кхин тӀе аренашкара, ломан кӀожера, ломара Ӏаламан асанийн климат хьекъалца лелайора. Кавказхьалхара аренаш чӀогӀа мехала дежийлаш дара бӀаьста а, гурахь а, Ӏай а. Иштта луо кӀезга долу довхачу Ӏаьн муьрехь даьхнаша луон кӀелара буц яара декабрь кхаччалц. Ломан дежийлаш дукха хьолахь лахахь Ӏашволу хьалдолчу даьнийлелорхойн долахь хилара, церан лаьмнашкахь даьхнашна шайнна кечдина дежийлаш хуьлура — Ӏалара олуш. Даьхний Ӏаьнера даха ломанхой-даьхнийлелорхоша йол кечйора, иза чӀогӀа хала а, кхераме а болх бара[3].

Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а ламан бахархойн даьхнийлелор оцу муьрехь алсамдаьллехь а, дебба дӀа цадахара уьш дежийлаш а, йол хьакха ирзуш а тоьуш цахиларна. Ламанхой акъари тӀе охьакхелхинчул тӀехий бен ца хилара аьтту деса дежийлаш карадерзо а, даьхний дебо а. Цуо аьтту бора сов жижиг, шура, даьтта, нехча, кхин даарш, цул сов неӀ а, тӀаргӀа а. Даьхнийлелоран кхиамаш хилча алсамдовлура стерчий, тӀаккха киамаш хуьлура латтлелорехь. Даьхнийн хӀу тодархьама нохчаша а, гӀалгӀаша а бежний, уьстагӀий иэцара луларчу къилбаседакавказан къаьмнашкара а, теркан а, гребенски а гӀазакхашкара[3].

Уггара а шира долчу даьхнийлелорцаний цхьана могӀара, беркате а, кхиам болуш а бахаман отрасль йара нохчийн а, гӀалгӀайн а уьстагӀийлелор. УьстагӀашна тӀехь Ӏуьнал кӀезга дезара, бежнашна тӀехь чулла а, хӀоъ хоьржуш дацара, уьш ломан басеш тӀехь а дажадора. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а хьолехь уьстагӀий леладора ломан кӀажошкахь, акъарехь, ломахь а, лекхаломахь а. Нохчаша а, гӀалгӀаша а акъари тӀиера ломанхошца, луларчу къаьмнашца уьстагӀий хуьйцура бамбийн кӀадешца, басмашца, кисешца, цӀестан а, эчиган а пхьегӀашца, бахаман гӀирсашца, туьханца, ялтийца, кхин дӀа а. Оцу муьрехь чӀогӀа даьржинера чергазийн а, гӀолмакхийн а хӀуьн уьстагӀий. Оьрсийн мухажирашкара теркан а, гребенски гӀазакхашкара схьаэцна, нохчаша а, гӀалгӀаша а леладора муьжгийн уьстагӀий, мелла а дорах долу аренан уьстагӀий а. Цул сов, ламнашкахь а, акъарехь а нохчаша а, гӀалгӀаша а дукха гезарий лелайора[3].

Бахаман коьрта отрасльца — латталелор, даьхнийлелор — доккха гӀо дара нохчийн а, гӀалгӀан а экономикин гӀоьн отраслаш: бошмашлелор, накхаршлелор, чӀарлацар, тонкалелор, таллалелар, ломан промысль, кхин дӀа а.

XIX бӀешо. Нохчийчоь Российн импери йукъахь

бӀаьра нисйан

1804 ш. нохчийн, гӀалгӀайн, хӀирийн, гӀебартлойн цхьана герзашца гӀаттам хилира российн Ӏедалан дуьхьал, иза «тӀеман куьгаца» охьатаӀийра. 1807 ш. инарла Булгаков халла ларавелира кӀизчу тӀамехь Хьенакхаьллан чӀижехь ламанхошца. Нохчийн эвланаш берта яло аьтту белира некълуш, нохчийн къаношна ахчана совгӀаташ деш.

Кавказан тӀом болуш, инарла Алексей Петрович Ермоловс омар делира Соьлжан асан чӀагӀонаш йуогӀа аьлла, иза кхочуш дира 18171822 шерашкахь. Иштта, кхоллайелира йоккха оьрсийн жам1ат таханлера Нохчийчоьнан дозана т1ехь. XIX бӀешо чекхдолуш лаьттан доладаран хеттарш ира хуьтту хӀокху махкан бахархойн. Теркан гӀазакхий, шуьйра аренаш а, ломан т1екхачале дуьйшдолу латта а шайн долахь долуш, дукхахдерг иза мехах лелуо нохчийн ахархошка дӀалора, амма цадохкара царна[10].

Нохчийчоьнан бахархойн терахь дуккха а кӀазгделира Кавказан тӀом а, нохчий Хункар-мохк дӀакхалхар бахьанехь.

ТӀом чекхбаьлчи цхьа могӀа нохчийн гӀаттамаш хилира. 1860 ш. герзашца гӀаттам хилира ломан Нохчийчохь, латтан къоьлла алсама йолчохь. Иза кӀизаллийца охьатаӀийра, цхьа могӀа эвланаш ягийра. 1864 ш. Ӏаьн заманахь масех эзар зикр олу муридаш гулбелира Шелан гӀопехь, российн Ӏедало лаьцна волу шайх Кунта-Хьаьжа араваккха бохуш. Шайна жоп ца делчи, уьш тӀелетира шаьлтанаш а, тарраш а бен доцуш, молхан тоьпаш оьшуш йац аьлла охьа а кхийсина. Российн эскарш дӀасалаьхкира уьш тоьпаш етташ. 1877 ш. оьрсийн-хӀункарийн тӀом бахьанехь Нохчийчохь а, ДегӀастанехь а боккха гӀаттам хилла, иза а къизаллийца охьатаӀийра[11].

ХIХ бӀешеран 60—70-гӀий шарашкахь Нохчийчохь кхоьллина дуьххьарлера светски ишколаш нохчийн берашна. 1868 ш. арахецна дуьххьарлера нохчийн маттахь йолу абат. 1896 ш. дӀайиллина Соьлжа-гӀалин училище. ХIХ бӀешо чекхдолуш буьйлабелла промышленни маьхкдаьтта даккха. 1893 ш. Соьлжа-гӀала Российн центрца вовшехтессаболу цӀерпошт некъ биллина[1].

Россиехь Революци а, Граждански тӀом а

бӀаьра нисйан

1917 шарахь Февралан революци тоьллачул тӀехьа Соьлжа-гӀалахь коьллира Граждански комитет, ткъа шолгӀачу дийнахь гӀалахь коьллинера Соьлжа-гӀалин белхалойн, салтийн, гӀазакхийн депутатийн совет. 27 мартехь Соьлжа-гӀалахь хилира Нохчийн гулам, цигахь хаьржира Нохчийн къоман совет[12].

Аьхка нохчийн тобанаш тӀелиетара Бури-гӀалин цӀерпошт некъан Соьлжа-гӀала — Хаси-Эвл декъан тӀехь, ткъа сентябрехь Соьлжа-гӀалара российн армийн регулярни дакъош арадаьхчи нохчийн тобанаш тӀелиета йолайелира маьхкдаьттан промыслашна, уьш дага а деш[12]. Уьш раж а хилла халлакйеш тӀелиетара немцойн колонешан, оьрсийн бахамашна, кӀотаршна, юьрташна, Хасу-юртан а, цуьнца дозанца йолчу округийн слободашан (йаккхий юьрташна гонахьара кегий юьрташ). 29-30 декабрехь буха хӀума цадуьтуш халлакйина, ягийра Кахановски а, Ильински а станицаш[13].

1917 шеран гурахь Соьлжа-ГӀалахь тӀом тасабелира Германан тӀемера цӀаеанчу Кавказан къаьмнийн дивизера Нохчийн дошлой полкан а, теркан гӀазакхийн а, тӀехало Соьлжа-гӀалара нохчийн бахамаш халлакбар а йолуш. Цун доьхьала кхоьллира Нохчийн къоман совет коьртехь шайх Арсанов Дени а волуш. Соьлжа-гӀалех гуолаьцна гӀап хилира, маьхкдаьтта даккхар промыслашкахь сецира.[14]

1917 ш. декабрехь Кавказан къаьмнийн дивизера нохчийн дакъош дӀалецира Соьлжа-гӀала. 1918 ш. январехь Буро-ГӀалар ЦӀен гвардийн тобанаш доладан долийра Соьлжа-гӀалин тӀехь, гӀалара Ӏедал ТӀеман-революционни комитетан карадахара. 1918 ш. мартехь ГӀойтӀахь Нохчийн къоман гуламо хаьржира ГӀойтӀийн халкъан совет (председатель Т.Эльдарханов), Советан Ӏедал къобалдар дӀа а хаийтара. 1918 ш. майхь Соьлжа-гӀалахь хилира III Теркан къомийн гулам[12].

1918 шо йуккъе даханчу хенахь ломан къаьмнаш инарла Деникинан Шайн лаамца вовшехкхатна эскарца Ӏиттаделча, ламанхой вовшехкхета буьйлабелира жӀайн шайхан Узун-Хаьжин гонаха. Узун-Хаьжас жимачу тобанца дӀалецира Виедана эвла, цу чохь чӀагӀвелла тӀом кхайкхира Деникине. 1919 шарахь сентябрехь Узун-Хаьжас Къилбаседа-Кавказан эмират кхоллар кхайкхира[15]

1918 шарахь 11 августехь теркан кӀайнгӀазакхий 12 эзар стаг гергга Л.Бичерахов куьйгаллехь а волуш Соьлжа-гӀала дӀалаца хьаьжира. ГӀалин гарнизоно йухатуьйхира уьш, амма цул тӀехьа гуо лецира Соьлжа-гӀалина. ГӀала ларъян большевикаш вовшехтуьйхира 3 эзар стаг гергга йолу тоба, оцу тобанахь бара гӀалийн гарнизонан салтий, лулара юьрташкара ломанхой, гӀазакхийн уггара къиен дакъа. Царна тӀехь куьйгалла шена тӀелецира гӀалин гарнизонан куьйгалхочо Н. Ф. Гикалос[16]. Г. К. Орджоникидзес а, М. К. Левандовскийс а дакъалоцуш кхоьллира цӀен гӀазакхийн кхоъ тоба 7 эзар стаг гергга шен куьйгаллехь А. З. Дьяков а волуш, уьш октябрехь дуьйна кӀайгӀазакхашна тӀехьашхула тӀелиета буьйлабелира. 12 ноябрехь цхьанне тӀелетта гӀалачура гуонехь болчара а, Дьяков куьйгаллехь волчу цӀечу гӀазакхаша а кӀайнгӀазакхийн дуьхьало сацийра, Соьлжа-гӀалийн гуо баьстира[17].

1919 ш. февралехь Соьлжа-гӀалийчу делира инарла П.Врангелан Кавказан шайн лаамца вовшехкхатна эскар. Оцу баттахь цӀерапошт некъаца Соьлжа-гӀала кхечира Порт-Петровскера британийн эскаран шалон. 1919 ш. мартехь Соьлжа-гӀалахь болхбан болабелира Теркан гӀазакхийн Боккха Гуо. 1919 ш. сентябрехь Соьлжа-гӀалина тӀелетира нохчийн Советан Ӏедалехьа болу гӀаттамхой А.Шерипов куьйгаллехь а волуш. ТӀамехь Воздвиженски йуьрта уллохь А.Шерипов вийра, амма 1919 ш. октябрехь гӀаттамхойн «ПаргӀатонан Эскаро» дӀалецира Соьлжа-гӀала[12].

1920 ш. мартехь ЦӀен эскаран дакъой чоьхьадевлира Соьлжа-гӀала[12].

Узун-Хаьжа велира, цуьнан правительство «дӀасахецар» кхайкхийра[15].

Советийн Нохчийчоь

бӀаьра нисйан

Нохчийчоь 1936 шо тӀедалие

бӀаьра нисйан

1920 ш. ноябрехь Теркан областан халкъий Гуламо кхайкхийра Ломан АССР кхоллар столица Буро-ГӀалахь а йолуш, йукъахь ялх административан округца, царех цхьаъ йара Нохчийн халкъан округ. Иштта кхоьллира Ломан АССР йукъахь Соьлжан гӀазакхийн округ.[18]

Россиехь граждански тӀом болуш нохчийн йаккхий юьрташкара масех оьрсийн слобода, кхин тӀе Соьлжийн тӀиера гӀазакхийн станицаш халлакйира нохчаша а, гӀалгӀаша а, церан бахархой байира. Советан Ӏедална гӀо оьшура ломан къаьмнашкара, Деникинан Шайн лаамца вовшехкхатна эскарна а, цунна тӀетевжина болчу гӀазакхашна а доьхьала, нохчашна «совгӀатна» дӀаделира Теркан-Соьлжийн хинйукъан цхьа дакъа[19].

1920 ш. сентябрехь Нохчийчоьнан а, къилбаседа ДегӀастанан а ломан кӀошташкахь совета Ӏедалан дуьхьала гӀаттамаш буьйлабелира, царна хьалхавелира Нажмудин Гоцински а, имам Шамилан кӀентан кӀант — Саид-бей а. ГӀаттамхоша масех кӀирнах каралецира дукха кӀошташ. Нохчийчоь гӀаттамхойх мукъаяккха Советан эскаран аьтту цабелира 1921 ш. мартехь бен[20].

1922 шарахь 30 ноябрехь[21] Нохчийн халкъан округах Нохчийн автономни область йира. 1929 шеран йуьххьехь Нохчийн АО тӀетуьйхира Соьлжан г1азакхийн округ[22] а, Соьлжа-гӀала а, хьалха шен башха статус хиллайолу[23].

1923 ш. бӀаьста нохчаша инкарлойира меттигера советашка болчу харжамашна, цхьайолчу юьрташкахь халлакйира харжаман меттигаш, бахьана дара центральни органаш харжамашкахь шайн векалш кочабохка гӀертарна. Карзахбевлларш охьатовӀо меттигера жигархойн тобанашца чӀагӀйинайолу ЧГ1ХКан дивизии яхийтира.

Карзахбевлларш совцийра, амма Нохчийчоьнан дозанца йолу кӀошташна тӀелетара шайн Ӏалашо къоланаш дар, даьхний дӀадигар йолуш. Оцунца цхьана аманаташ лецара, Шуьйта гӀопа герзаш деттара. Цуьндела 1925 ш. августехь-сентябрехь рогӀера, йоккха масштабан эскаран операци йира халкъера герз дӀадоккхуш. Оцу операцехь лецира Гоцински.

1929 ш. дукхаха болу нохчаша Ӏедалан бепиг цадала доьхьало йира. Цара бахара, бепиг гулдар сацадие, герз дӀа а даккхий Нохчийчуьра араваккха массо а бепиг гулдийриг. Иза бахьанехь эскаран а, подразделенийн а оперативни группо ЭПОГ (ОГПУ) 1929 ш. 8-28 декабрехь йира эскаран операци, жамӀаш дара — ГӀойтӀахь, Шелахь, Саьмбихь, Бенахь, ЦӀоьнтарахь, кхечу юьрташкахь а халлакйира герзаца йолу тобанаш.

Амма Советан Ӏедална дуьхьалболчара чӀагӀдира шайн Ӏазап партийни-советан жигараллан, советашна дуьхьала кхин а йоккхачу масштабехь болх болийра. Оцу бахьанехь 1930 ш. мартехь-апрелехь йира керла эскаран операци, цуо лагӀйира Советийн Ӏедалан мостагӀийн жигаралла, амма дукха ханна дацара иза.

1932 шо долалуш Нохчийчохь коллективизаци яр бахьанехь масштабни гӀаттам хилира, оцу йукъахь дакъа лецира ТеркантӀиера гӀазакхийн станицашкара оьрсийн бахархойн алсама долу декъо а. И гӀаттам охьатаӀийра 1932 ш. мартехь, нах шайн эвланашца цхьаьна Къилбаседа Кавказера ара а бохуш[20].

1934 шеран 15 январехь[21] Нохчийн автономин область вовшехтуьйхира ГӀалгӀайн автономин областьца, царех Нохч-ГӀалгӀайн автономин область йеш. НГӀАССРан Ӏедалан органашкахь оьрсий алсама бара, оьрсийн бахархой дукхах болуш йаккхий гӀаланаш (Соьлжа-г1ала, Гуьмсе) хилар бахьанехь[24].

Нохч-ГӀалгӀайн АССР

бӀаьра нисйан

1936 шарахь 5 декабрехь областах Автономни Советийн Социалистически республика йира.

Нохчийчохь Советан Ӏедална герзаца йен доьхьалонаш лаьттира 1936 шо кхаччалц, ткъа ломан кӀошташкахь — 1938 шо кхаччалц. 1920—1941 шерашкахь Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а латта тӀехь шаберигге а 12 герзашца болу боккха гӀаттам (дакъалаьцнарш бара 500-5000 тӀемло) а, 50 сов хирболуш жима гӀаттам а хилира. 1920—1939 шерашкахь БАЦ1Э (РККА) а, чоьхьара эскарийн а тӀеман дакъош йукъара, гӀаттамхоша байина халлак вира 3564 стаг.[20](ТӀе цакхочу хьажорг)

1940 шеран январехь Нохчийчохь болабелира Советан Ӏедална дуьхьал герзашца карахь керла гӀаттам куьйгаллехь Исраилов Хьасан волуш.

Боккха Даймехкан тӀом

бӀаьра нисйан

Нохчийн Республика

бӀаьра нисйан

«Нохчийн революци»

бӀаьра нисйан

1990 шарахь аьхка нохчийн интеллигенцийн йукъара гӀарабевлла болу наха кхайкхам бира Нохчийн къоман гулам бан беза, йукъадиллинарг къоман оьздангалла, мотт, гӀиллакхаш, истории карлаяккхар[23]. 23—25 ноябрехь Соьлжа-гӀалахь дӀабаьхьира Нохчийн къоман гулам, цигахь хаьржира Кхочушдаран комитет коьртехь председатель инарла-майор Джохар Дудаев а волуш[25]. 27 ноябрехь Нохч-ГӀалгӀай АССР-н Лакхара Совето Кхочушдаран комитет тӀетаьӀна, адамаша йаккхий акцеш яр бахьанехь тӀеийцира Нохч-ГӀалгӀай Республикин пачхьалкхан суверенитетан Деклараци[23]. 1991 шарахь 8-9 июнехь хилира Хьалхарчу Нохчийн къоман гуламан 2-гӀа сесси, цуо кхайкхийра шеш Нохчийн къоман Халкъанйукъара конгресс хилар. Сессийно барт бира НГӀАССР-н Лакхара Совет дӀайаккха а, Нохчийн Республика Нохчийчоь кхолла а, ткъа Д.Дудаев коьртехь волу Кхочушдаран комитет цхьана ханна Ӏедалан орган йита[23].

1991 шеран 19-21 августехь хилла хиламаш республикера политически хьолан катализатор хилира. 19 августехь Вайнехан демократически партийн жигараллийца Соьлжа-гӀалийн йуккъерачу майданехь йолайелира митинг российн куьйгалхошкахьара, амма 21 августал тӀехьа цуьнан лозунгаш «путчисташна гӀодарна» Лакхара Совет дӀайаккхар йара шен председательца, кхин а парламенте керла харжамаш бар а[26]. 1-2 сентябрехь НКЪШХК (ОКЧН) 3-гӀа сессийно кхайкхийра Нохч-ГӀалгӀай Республикин Лакхара Совето шайн декхарш охьадехкина шадолу Ӏедал Нохчийчоьнан латта тӀехь НКЪШХК Кхочушдаран комитетан караделла[23]. 4 сентябрехь дӀалецира Соьлжа-гӀалин телецентр а, Радион цӀа а. Соьлжа-гӀалин кхочушдаран комитетан председатель волу Дудаев Джохара дӀабийшира кхайкхам. Кхайкхамо бахара республикин куьйгалхой «зуламхой, кхаъоьцурш, хӀазналаьчкъораш бу, хаам бира »5 сентябрехь дуьйна демократически харжамаш хиллалц республикера Ӏедал кхочушдаран комитетан а, кхин йолу демократически кхолламийн карадоьду". Цунна дуьхьала Лакхара Совето кхайкхийра 5 сентябрехь буьсана 12 сахьт даьлчхьана 10 сентябре кхаччалц Соьлжа-гӀалахь чрезвычайни хьал хир ду аьлла, амма оцу йукъа ялх сахьт даьлчи Лакхара Советан Президиумо дӀадаьккхира чрезвычайни хьал[26]. 6 сентябрехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан председатель волу Завгаев Докка даржера дӀавелира, Кеп:Хьост йац 2. Масех де даьлча 15 сентябрехь хилира Нохч-ГӀалгӀайн Республикин Лакхара Советан тӀаьххьара сесси, цигахь барт хилира Лакхара Совет дӀасахецар тӀехь[23]. Керла Ӏедал хотталца кхоьллира Ханнайолу Лакхара совет (ХЛС), 32 депутатех лаьтташйолу[27], председатель хилира НКЪШХК-н Кхочушдаран комитетан председателан гӀовс волу Ахмадов Хьуьсайн[23]. НКЪШОКЧН кхоьллира Къоман гварди куьйгаллехь «Исламан некъ» партийн корта Кантемиров Беслан волуш[27].

Октябрь болалуш НКЪШХК Кхочушдаран комитетан агӀорболчарний (Ахмадов коьртехь волуш) царан дуьхьалболчарний йукъахь (Чернов Ю. коьртехь волуш) дар-дацар хилира. 5 октябрехь иссаннах ворхӀаммо барт бира Ахмадов дӀаваккха, амма оццу дийнахь Къоман гвардис ХЛС болхбешдолу Профсоюзан цӀа а, республикин ПКХК-н (КГБ) гӀишло а дӀалецира[23]. Цул тӀехьа цара лецира республикин прокурор волу Пушкин Александр[27]. ШолгӀачу дийнахь НКЪШХК-н Кхочушдаран комитето «кӀелдахуьла тешанбехке белхаш барна» дӀасахийцира ЛХС, церан декхарш «ша йолу Ӏедалан бакъонаш йолуш Ӏедал кхоллалц болу муьран революционни комитетан» тӀедехкира[23]. РСФСР-н Лакхара Советан Президиумо омар дира Дудаевгхьарачаьрга 9 октябрехь буьйса йуккъейагӀалие герз охадилла аьлла. Амма НКЪШХК-н Кхочушдаран комитето и омар «колониальни политика бӀаьшерашшана кечйина дуьненанйукъара масштабан харцо йу» аьлла, г1азот кхайкхийра, 15 шарера 55 шо кхаччалц волчо герзаш схьаиэцар дийхира[27].

Дудаевн Ӏедал

бӀаьра нисйан

1991 шеран 27 октябрехь Нохчийчохь президентан харжамаш хилира, толам баьккхира Дудаев Джохара, 90,1 % харжамхочо кхаж а тесна[25]. 1 ноябрехь Дудаевс омар даьккхира «Нохчийн Республикин суверенитет кхайкхайарх»[28], ткъа 2 ноябрехь РСФСР-н халкъан депутатийн гуламо къобал ца бира лакхарчу пачхьалкхан Ӏедале (Лакхара Совет) а, республикин Президентан а харжамаш[29]. 8 ноябрехь РСФСР-н президент Ельцин Бориса куьг йаздира Нохч-ГӀалгӀайчохь чрезвычайни хьал хотторан омар тӀехь. 10 ноябрехь НКЪШХК-н кхочушдаран комитето кхайкхам бира Российца йолу йукъаметтигаш дӀахадайие, ткъа Москохах «къоьллин зона» йие аьлла. ШолгӀачу дийнахь РСФСР-н Лакхара Советан сессино чекх ца далийтара чрезвычайни хьал даран омар[25]. Оппозицин партийн кортош дӀакхайкхийра президент Дудаевга шаьш хьо а, хьан Ӏедал а къобалдо, шу Нохчийчоьнан суверенитет ларъеш ду аьлла. Ханнакхоьллина Лакхара Совето сацийра шен болх.

Ноябрехь Нохчийчохь Дудаевн агӀорхьа болчара тӀеман гӀаланаш а, герз а, ТӀеман Ницкъийн, чоьхьара эскарийн бахам дӀалиеца буьйлабелира. Ткъа 27 ноябрехь инарла Дудаевс арадаьккхира республикера тӀеман дакъойн герз а, техника а халкъан бахам хиларх долу омар[25]. Нохчийчохь иза куьйгаллехь волуш оьрсий аратетта буьйлира махкара, этнически цӀанйаран амал йолуш.[30][31][32][33][34].

1992 шеран 12 мартехь Нохчийчоьнан Парламенто тӀеийцира республикин Конституци, цуо Нохчийчоь кхайкхайора "нохчийн къомо шаьш кхоьллина йолу суверенны демократически бакъонан пачхьалкх[23]. Оцу йуккъехула йуха а кхоллайелира Дудаевн администрацина оппозици. Уггаре а радикальни Дудаевн дуьхьала йолу оппозицин декъашхоша коьллира Нохч-ГӀалгӀайн Республикин конституцин хотам меттахотто Координационни комитет. Ӏуьйранна 21 мартехь 150 гергга оппозицин декъашхоша дӀалецира телецентр а, радиоцентр а, къамел дира нохчийн радиохула ницкъаца дӀайаккха Нохчийчоьнан правительство а, парламент а бохуш кхайкхам беш[23][35]. Оцу дийнахь сарахь гвардейцаша мукъайаьккхира радиоцентр, охьатаӀийра гӀаттаман кечам. Дуьхьалбевлларш чӀагӀбелира НР Теркйистан кӀоштехь, цигара Ӏедал 1991 шеран гурахь дуьйна Дудаевн Ӏедал лоруш а, бохург деш а дацара[23]. 7 июнехь Нохчийчура арайаьккхира тӀаьххьара Российн эскаран подразделени — Соьлжа-гӀалин гарнизон[36].

1993 шеран февралехь Нохчийчохь кхочушдаран а, законашдахаран а Ӏедалан йукъахь конституцин къоьлла хилира. 15 апрелехь Соьлжа-гӀалахь Театральни майданахь дуьхьанца экономикин, ткъа тӀехьа политикин лозунгашца йолайелира оппозицин митинг, цара президентега а, правительствега а балхара дӀадовла, керла парламентан харжамаш бие бахара[23][37]. Цунах бахьана дина 17 апрелехь Дудаевс арадаьккхира омар Парламент, Конституцин суд, Соьлжа-гӀалийн гулам дӀасахоьцуш, республикехь президентан бакъолелар а, комендантан сахьт хоттош, дӀасахийцира Чоьхьарчу ГӀуллакхийн Министерство[23]. Оццу дийнахь шайн митинг йолийра президентан агӀорчара. 4 июнехь Дудаевн герзашдолу накъосташа Басаев Шамиль куьйгаллехь а волуш дӀалецира, боьдуш Парламентан а, НР Конституцин суьдан болх а болуш Соьлжа-гӀалин гуламан гӀишло, дӀасалаьхкира Парламент, Конституцин суд, Соьлжа-гӀалин гулам[23].

«Нохчийчура граждански тӀом»

бӀаьра нисйан

1994 шеран 14 январехь Нохчийн Республикин Нохчийчоьнан (Нохчийн Республика) цӀе хийцира Нохчийн Республика Ичкери (НРИ) аьлла[25]. Оццу баттахь Къам кӀелхарадаккхаран комитетан (КЪКӀК) тӀаман вовшехтохарш гӀортира Солжа-гӀалийн уллохь правительстван эскарийн позицешшана тӀелата, амма 9 февралехь церан корта Сулейменов ИбрахӀим схалецира Пачхалкхан кхерамазаллин департаментан (ПКХД) белхалоша, цул тӀеха цуьнан тобанаш йуйхира. Ахка Дудаевн Ӏедалца тӀом латто йолайелира, 1993 шарах декабрь баттахь коьллинайолу Нохчийн Республикин Ханна кхоьллина совет (НРХКХС), шен коьртехь Теркйистан кӀоштан мэр Автурханов Ӏумар волуш[23]. Июлехь-августехь Солжа-гӀалийн мэр хиллачу Гантамиров Бисланан оппозицера тобано доладан долийра Халхара-МартантӀехь а, Халха-Мартан кӀоштан доккхахадолчу декъа тӀех, ткъа Дудаев хен хьакам хиллачу Лабазанов Русланан тоба — Устар-ГӀордойхь[23]. 12-13 июнех Солжа-гӀалахь хилира правительствон эскарийн а, Лабазанов Русланан тобан а[38]. 2 августех НРХКХС-н халхаваьллачу Автурханов 1умарс дӀакхайкхийра, совето Ӏедалера Дудаев Джохар дӀавоккха, ткъа "Нохчийн Республикин шадолу Ӏедалан болх шайна тӀелоцу олий[39]. 11 августехь Дудаевс Нохчийчохь тӀеман хал кхайкхош, мобилизации йеш омар кӀела куьг йаздо[38].

Гурахь Ханна кхоьллина Советан российн нуцкъаллин структурийн гӀоьнца кхоьллинайолу тӀеман вовшехкхетараллаш, Дудаевн Ӏедална дуьхала тӀемаш болийра. 1 сентябрехь правительствон эскарш (дудаевгхьаранаш) тӀелетира Халха-Мартана йистонашна, 5 сентябрехь цара халлакйира Устар-ГӀордойра Лабазанов Русланан тоба, ткъа 17 сентябрехь гуолецира Девкар эвлан[25]. 27 сентябрехь правительствон эскарш тӀелетира Теркйистан кӀоштара оппозицина, оццу хенахь оппозицин тобанаш Хьалха-МартантӀиера Соьлжа-гӀалийн Черноречехьа тӀелетира, Текйистера эскарш йухадаха дийзира[25]. 13 октябрехь дудаевгӀар тӀелетира Гихтан уллорчу оппозицин тобанан базина[25]. 15 октябрех оппозицин эскарш шина агӀор Соьлжа-гӀалийн чудахара, цхан а дуьхьало а йоцуш, столицийн масех меттиган доладан буйлабелира, «400—500 метр» бен правительствон гӀишлошна гена боцуш. Амма цара сихха йитира Соьлжа-гӀала, шайн позицешка йухабирзина. Шен агӀора Дудаевс дӀакхайкхийра, гӀалийн чуйаьхкира «Российн армин леррина кечйина тобанаш» шайн бронетехникаца, артиллерийца, амма правительствон эскаршан атту белира уьш «совцо, гуобан, халлакбан»[40]. Ӏуьйранна 19 октябрехь правительствон эскарш бронетехникийн а, артиллерийн а гӀонца тӀелатадуьйладелира Хьалхара-Мартан кӀоштана а, Хьалхара-Мартанна а (цигахь йара оппозицин вовшехтохначу тӀеман ницкъийн куьйгалхочун Гантамиров Бисланан штаб-квартира) а, Девкар эвлана а[41].

Оцу йуккъехула Нохчийн Республикин Ханна кхоьллина совет кечамбанйолайелира шен тӀаьххьара Соьлжа-гӀалин тӀелатардан. 23 ноябрехь кхоьллира Къам йухакхолларан Правительство (КЪЮП) коьртехь СССР-н маьхкдаттхимин промышленностан министр хилла волу, «Даймохк» тобан корта Хаджиев Саламбек волуш[23]. 26 ноябрехь российн тӀемалоша кугалладешйолу, дудаевн оппозици, Соьлжа-гӀалин штурме, столици чубахара къилбаседера а, къилбаседа-малхбалера а. ДудаевгӀар штурм йухатуьйхира, йийсар вира масийтта российн эскархо. Дудаев Джохар нохчийн оппозицин ницкъаца дӀаваккха аьтту цабалча, Российн правительствос бартбира Нохчийчу регулярни арми яхийта. 29 ноябрехь Российн Кхерамазаллин Совето бартбира Нохчийчохь тӀеман операци йан, ткъа шолгӀачу дийнахь Ельцин Бориса куьг йаздира къайлаха № 2137с йолу «Нохчийн Республикин латтан тӀех конституцин низам меттахотторан белхаш» бохучу Омар кӀела[25].

Нохчийн хьалхара тӀом

бӀаьра нисйан
 
1995 шарахь январехь Соьлжа-гӀала, Респубиликан Компартийн комитетан гӀишлон («Президентан гӀалин») гонахьара тӀемаш.

Ӏуьйрана 1 декабрехь российн авиацино тӀетуьйхира герз Калиновски а, Хенакхаьлла аэродромашна, тӀаккха Соьлжа-гӀала — Къилбаседан аэродроман, халлакайира Нохчийчоьнан шайолу авиаци[42]. 11 декабрехь Ельцин Бориса куьгйаздира № 2169 йолу «Нохчийн Республикин латтан тӀех низам а, низман бакъо а, йукъараллин кхерамазалла латтадар» бохучу Омар кӀела[43]. Оццу дийнахь Мохкларбаран министерствон а, ЧГӀМ Чоьхьара эскарийн а дакъойх лаьтташйолу Эскарийн Вовшехтоьхна тобан (ЭВТ) подразделенеш, Нохчийчоьнан латтан тӀе чуевлира: малхбузехьара (Къилбаседа ХӀирийчура ГӀалгайчоьнан чухула), къилбаседа-малхбузехьара (Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан к1оштехула), малхбалехьара (ДегӀастанан мохк тӀехула). Декабрь чекхболуш тӀемаш дуьйладелира Соьлжа-гӀалин йистошкахь. 20 декабрехь мазалкан группировко дӀалецира Долински йуьрт, нохчийн столицан къилбаседа-малхбузехьара тӀебогӀу некъ дӀахадийра, ткъа гӀизларан группировко оцу муьрехь дӀалецира Петропавловски станицера тӀай, дӀахадийра къилбаседа-малхбалехьара Соьлжа-гӀала богӀу некъ. 23 декабрехь буса оцу группировкан йукъара подразделенеш, малхбалехьахула гӀалин гуо а тесна, дӀалецира столицин йукъара йурт Хьенакхаьлла[44]. 31 декабрехь российн эскар тӀелетира Соьлжа-гӀалин. ГӀалахь урамаш тӀехь тӀемаш дуьйладелира. 19 январехь федеральни эскарша дӀалецира Президентан ГӀала, дудаевгӀеран коьрта ницкъаш йухабевлира Нохчийчоьнан къилба кӀошташка[23]. ТӀаьххьара, 1995 шеран 6 мартехь Басаев Шемалан батальон йухайелира Ӏаьржахийист (Черноречье) олу гӀалийнйистера[23][45] — нохчийн тӀемлоша латтошйолчу Соьлжа-гӀалин тӀаьххьара кӀоштера. Соьлжа-гӀала дӀалаьцча тӀемаш дехьадевлира Малхбузан а, Малхбален а Нохчийчоьнан акъарийн дакъош тӀе. 30 мартехь дӀалецира Гуьмсе, ткъа шолгӀачу дийнахь — Шела[45].

Апрель чекхболуш российн эскаро дӀалецира Нохчийчоьнан шайолу ала мегардолуш акъарийн латта, цул тӀехьа федеральни эскарш кечам бан буьйлабелира «ломан тӀаманна». Российн агӀоно дӀакхайкхийра 28 апрелера 11 май кхаччалц тӀом сацабар[46]. 12 майхь федеральни ницкъаш шуьйрра тӀелатар долийра ломан кӀажошкахь йолу кӀошташкахь: Веданан, Шуьйтан, ЭгӀаштан агӀорхьа. 3 июнехь дӀалецира Ведана а, Нажий-Юртан гонахьара локхаллаш а, ткъа 12 июнехь федеральни эскарийн куьйга кӀела йахара кӀоштан центарш Шуьйта а, Нажий-Юрт[46]. Амма федеральни эскарш къилбехьа чу мелдоьда а, нохчийн тӀемлоша шайн ницкъийн цхьа дакъа дехьакхоьссира акъарий тӀе. Цул сов, хаъал алсамйевлира федеральни салташна а, Российн Ӏедалехьара болчу нохчийн хьалхелелошболчарна а йен къизаллин операци. Уггара йоккханиг царех хилира 14 июнехь нохчийн тӀемлоша Ставрополан крайхь Будённовскехь дарбанцӀа дӀалацар, 1996 шеран 9 январехь тӀемлойн тоба ДегӀастанан гӀалийна Г1изларна, тӀелетира аманаташ а лоьцуш.

Соьлжа-гӀала дӀалаьцначул тӀехьа Нохчийчохь, российн куьйгалхоша къобалйина республикин Ӏедалан меженаш, Ханна коьллина Совет а, Къам йухакхолларан правительство болхбан йолайелира. Аьхка хилира цхьа могӀа российн-нохчийн дистхиларш. Октябрь болалуш Къам йухакхолларан правительство председатель хилира хьалха Нохч-ГӀалгӀай Лакхарчу Советан хиллаволу председатель Завгаев Докка. 16-17 декабрехь Нохчийчохь Нохчийн Республикин Корта хоржуш харжамаш хилира, цигахь туьйлира Завгаев, цуьнгахьара 96,4 % кхаж а тесна[23]. 1996 шеран 6 мартехь тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин, гӀалин цхьа дакъа дӀа а лоцуш. Кхаа дийнахь тӀемаш бинчул тӀехьа, тӀемлойн тобанаша гӀала йитира, шайца дӀадаьхьира тӀехьалонна а дуург, молханаш, герзаш[47]. 21 апрелехь российн леррина дакъоша Дудаев Джовхаран спутникан телефонан сигнал лаьцначул тӀехьа, иза вийра Су-25 олу российн кеманаш тӀиера ракеташ тоьхна. ШолгӀачу дийнахь НРИ-н Пачхьалкхан мохкларбаран кхеташоно дӀакхайкхийра Яндарбиев Зеламха президентан держан декхар кхочушдан хоттавар[23]. Российн ТӀеман ницкъийн цхьаболу кхиамаш боллушехь, тӀом бахбелира. 27 майхь Москвохахь Ельцин Борисан а, Яндарбиев Зеламхан а, вовшехкхетар хилира, оцун жӀамӀ ТӀом сацабаран а, Нохчийчуьра тӀеман дов дерзоран некъаш лахар а болуш. 10 июнехь Несар-г1алахь рогӀаллин бартбаран мур дӀахьучухенахь барт хилира российн эскарш Нохчийчура арадахарехь (шиъ бригада йоцург), сепаратистийн тобанашкара герз дӀадаккхарехь, маьрша демократически харжамаш барехь. 1 июлехь нохчийн агӀоно кхайкхийра, российн куьйгалло бина барт кхочушцабо, Несарахь хиллачу бартаца дуьстича, мадарра аьлча цара блокпосташ дӀа цайаьхна. Масех де даьлчи нохчийн агӀоно кхерамтесира шаьш бартбаран процесс йукъара арадеврду аьлла. 8 июлехь инарла В.Тихомировс Яндарбиевга «факташ охьаяхка», 18:00 кхачале нохчийн агӀонехь волу массо а йийсархо йухаверзаве аьлла кхерам тесира, ткъа шолгӀачу дийнахь российн эскаро тӀом карлабаьккхира[48]. 6 августехь нохчийн тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин. Куьйгаллехь инарла Пуликовски волу российн гарнизоне, шайн дуккха а сов салтийн а, техникийн а ницкъ боллушехь, гӀала карахь латтацайелира. Цуьнца цхьаьна 6 августехь нохчийн тӀемлоша шайн каралецира Устрада-гӀала а, Гуьмсе гӀаланаш[23]. 31 августехь НРИ ТӀеман ницкъийн Коьрта штабан хьаькаман Масхадов Асланан а, Российн Кхерамазаллин Советан председателан Лебедь Александран а куьгъйаздан дийзира Хасу-Юртахь машаран бартан тептар тӀе, цуо чекхбаьккхира Хьалхара нохчийн тӀом. Бинчу бертан жӀамӀ дара федеральни эскарш Нохчийчура арадахар, ткъа республикин статусах дерг дӀатеттира 2001 шеран 31 декабре кхаччалца.

Нохчийчура шина тӀеман йуккъехь хилла къоьлла

бӀаьра нисйан

Дудаев Джовхар кхелханчул тӀехьа Нохчийчохь чӀагӀбала болабелира исламан экстремистийн Ӏаткъам, йозашйоцу къоман республика кхолларан лаам хийцабелира Къилбаседа Кавказехь исламан пачхьалкх кхолларехьа. Вахьабизман агӀончаша сихонца дӀалоьцура республикера позицеш, НРИ Президентан декхарш кхочушдеш волчу Яндарбиев Зеламханан политико аьтту а бора оцу новкъахь[49]. Нохчийчохь массанхьа а болх бан йолайелира шариӀатан суьдаш, кхоьллинера шариӀатан гварди[49]. Республикехь кхоьллира лагераш тӀемалой Ӏамош (Российн бусулба регионашкара кегийнах). Жоьлкийн структураш, Ӏедалера хуьлуш дуьхьало а йоцуш, бизнес йора адамаш лечкъор тӀехь, аманаташ лоьцура, маьхкдаьттан биргӀанаш а, скважинаш а чура маьхкдаьтта лечкъадора, къизаллин акташ а йеш, лулара российн регионашна тӀелетара.

1997 шеран 27 январехь Нохчийчохь хилира президентан харжамаш, толам баьккхира, 59,1 % харжамхоша кхажтесначу Масхадов Аслана[23]. Республикин Ӏедална а, шайна цхьацца кӀошташ дӀалаьцна Ӏашболчу эмирашна а йукъахь барт боцара, компромисс карйархьама, Масхадов правительство йукъа гӀарабевлла оппозицин хьалхелелориш балуо гӀерта. 1998 шеран январехь эмир Басаев Шемал хоттийра Министрийн Кабинетан председателан декхарш кхочушдан[50]. Кхин болу эмираш цалечкъош президентаца конфронтацие бахара. 20 июнехь эмир Радуев Салман вистхилира нохчашка республикин куьйгаллин жигара дуьхалойие бохуш, меттигерчу телевидениехь. ШолгӀачу дийнахь цуьнан агӀо хьаьжира телевидении а, мэрии а дӀалаца, амма тӀекхаьчна правительствон лерринайолу подразделенеш тасайелира цаьрца, оццахь кхелхира къоман кхерамазаллин гӀуллакхан директор Хултыгов Леча а, Радуевн тобан штабан начальник Джафаров Ваха[51]. 24 июнехь Масхадовс Нохчийчохь чрезвычайни хьал кхайкхира[51]. 13 июлехь Гуьмсехь исламан леррина Ӏалашо йолчу полкан эмиран Бараев Ӏарбин а, къоман гвардин батальонан эмиран Ямадаев Сулиман а йукъахь кхийсараш хилира[52], ткъа 15 июлехь Бараевн герзашцайолчу тоба тӀелетира Гуьмсен къоман гвардин батальонан казармашна[53]. 20 июлехь президента Масхадовс шен омарца кхайкхийра ШариӀатан гвардии а, Исламан полк дӀасахецар[54].

23 сентябрехь Басаев Шемалас а, Радуев Салмана а Ӏедал ницкъала дӀалацаран а, Конституци йохаяран а, шариӀат низам дохадаран а, арара политикин некъ Россегахьа хиларан бехк президентан тӀе а биллина, Масхадовга дарж охьадиллар дийхира[55]. Цунна жоп луш Масхадовс Басаев Шемалан правительство дӀасахийцира. Оцу девн жамӀ президенто Соьлжа-гӀалин арахьарчу алсамдолчу лаьттан доладан йишцахилар дара. 1999 шеран 3 февралехь Масхадовс кхайкхийра Нохчийчохь «шариӀатан куьйгалла массо а хӀуманна тӀехь»[56]. Парламентера низамкхолларан бакъо дӀайаьккхира, ткъа лаккхара низамкхолларан меже хилира Шура — исламан кхеташо. Цунна дуьхьала Басаевс кхайкхийра ша коьртех а волуш «оппозицийн Шура» кхоллар. Масхадов Асланан некъан агӀорчарна («барамберш») а, «радикалашна» (коьртехь Басаев Шемал волу, оппозин Шура) а, йукъахь доьдуш дов долуш, нохчийн—дегӀастанан дозанехь хьал ирделира. Нохчийчохь тӀелаьцна волу ДегӀастанан вахьабитийн корта Кебедов Бахьауддин, нохчийн эмираш ахчанца, герзаца, гӀирсашца гӀо а деш, кхоьллира автономни тӀеман тобанаш, царна герз а, гӀирс а белира. Июнехь-августехь дуьххьарлера Ӏиттадаларш хилира ДегӀастане дехьа бевллачу тӀемлойн а, дегӀастанан милицин а, ткъа 7 августехь нохчийн-дегӀастанан ваххьабитийн вовшехтоьхна тоба куьйгаллехь Басаев Шемал а, Ӏарбийн тӀемло Хаттаб а волуш Нохчийчоьна агӀора чубагӀара ДегӀастане. 15 августехь Масхадовс Нохчийчохь чрезвычайни хьал кхайкхийра, ткъа шолгӀачу дийнахь Соьлжа-гӀалахь митингехь Российн куьйгалла бехкебира ДегӀастанера хьал кӀоршаме даккхарна[57].

Нохчийн шолгӀа тӀом

бӀаьра нисйан

Бутт сов лаьттира федеральни ницкъийн чубаьхкинчу тӀемлошца болу тӀом, чеккхе — тӀемлой ДегӀастанера Нохчийчу йухаберзабийзира. Нохчийчура ситуации доладан Масхадов ницкъ цахиларе терра[58], российн куьйгалло бартбира Нохчийчура тӀемалой халлакабан тӀеман операции йан. 18 сентябрехь чӀагӀйинайолу российн эскарийн подразделенеш дӀакъевлира ДегӀастанан, Ставрополан мохк, Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь агӀонашкара российн-нохчийн доза[57]. Российн авиацино дукха ракеташ а, бомбанаш а йиттира республикера тӀемлойн тӀеман лагершна а, чӀагӀонашна а.

30 сентябрехь российн эскаран бронетанкийн подразделенеш Ставрополан махкара а, ДегӀастанара а чуйаьхкира Нохчийчура Невран а, Шелковскан а кӀошташка[57]. 5 октябрехь Масхадовс Нохчийчохь кхайкхийра тӀеман хьал[59]. Ноябрь болалуш российн эскарш Нохчийчура Теркан дукъ шадерриг дӀалецира, ткъа 11 ноябрехь дӀалецира Гуьмсе. Декабре гӀоьртича федеральни ницкъаш доладеш дара Нохчийн Республикин шадолу акъарийн дакъа. 14 декабрехь российн эскарш гуобан болира Соьлжа-гӀалин, дӀалецира малхбален йист — Хьенакхаьлла[60], ткъа 26 декабрехь федеральни эскарш гуобира гӀалина. Соьлжа-гӀалин тӀелеташ федеральни эскарийн тӀемалойн кхоъ гуо хадо бийзира, амма 2000 шеран 6 февралехь гӀала схьайаьккхира[57]. Столица йоьжначул тӀехьа нохчийн тӀемлойн йоккха группировка йухайелира Нохчийчура Шуьйтан кӀоште, цигахь 9 февралехь федеральни эскарша гуобира царна[61]. 22 февралехь российн эскарш дагӀара Шуьйтан тӀелата, иза НРИ тӀеман ницкъийн йоккхачех тӀаьххьара база йара, 29 февралехь Шуьйта дӀалецира. ТӀемлойн йоккха шит оба гуон йукъара араяла аьтту белира: Гелаев Русланан тоба тӀемаца арайелира къилбаседа-малхбузан агӀора СоӀдин-кӀотарехьа (Хьалха-Мартан кӀошт), ткъа Хаттабан тоба — къилбаседа-малхбузан агӀора Улус-Кертехьа (Шуьтан кӀошт).


XX бӀаьшо чекхдолуш XXI бӀаьшо долалуш Нохчийчоьнан этнически дакъош хийцадалар

бӀаьра нисйан
 

Нагахь 1959-гӀа шеран халкъдагардаран терхьаша НГӀАССР 348 343 оьрсий, 243 974 нохчий гайтахь а, амма цул тӀехьа 1970-гӀа ш. хиллачу халкъдагардаро гайтира оьрсий 366 959 стаг, ткъа нохчий 508 898 стаг хилар. Дукхахболу оьрсий НГӀАССР йуьтуш СССР-н кхечу регионашка дӀакхелхара (алсама долу дакъа Балтикайисте)[24].

1979 шарахь 336 044 стаг оьрсий бахархой бара, ткъа нохчий хӀинцале 611 405 стаг вара, шозза гергга сов.

1989 шеран шайолу союзан халкъдагардаран жамӀашца, Нохч-ГӀалгӀайн АССРехь вехара 1 270 429 стаг, царех нохчий — 734 501 , оьрсий — 293 771, гӀалгӀай — 163 762 , эрмлой — 14 824 , гӀезалой — 14 824 , ногӀий — 12 637 иштта кхин дӀа а[62]. Нохчий сов бара массо а ала мегар долуш республикин ломан кӀошташкахь. [хьост?]

Соьлжа-г1алахь вехара 397 эзар стаг, царех 1989 шеран шайолу союзан халкъдагардаран терхьашца этнически декъахь деккъа оьрсийн дакъа дара 210 эзар стаг[63].

1998 ш. арайаьллачу «Российн статистикин хӀорашеран жайна» тептаро республикехь 797 эзар вахархо ву элира.[хьост?]

ШолгӀа Нохчийн тӀом болалуш республика дӀатесира 350 эзар стага. Царех цхьа дакъа йухадирзина, амма 150 эзар гергга стаг 2002 шарахь а Нохчийчоьнан арахьа висира. 1989—2002 шерашкахь 200 эзар сов оьрсий, 125 эзар сов нохчий а, гӀалгӀай а, Нохчийчохь бехачу кавказхойх 50-75 % бахархой: — гуьржий, азербайджанаш, хӀирий, гӀезалой арабевлира Нохчийчура.[64]. Иштта дукха а, чехка а Нохчийчура араделира ДегӀастанан къаьмнаш: жӀай, акхшой, гӀумкхий, гӀазгӀумкхий, ногӀий.[хьост?] Амма, журналист волу Черкасов Александра дийцарехь, хала мор боллушехь, шолгӀа нохчийн тӀом болабаллалц оьрсийн мотт буьйцу бахархой алссама дӀаоьхуш бацара республикера Ӏедалан структураш а, бакъоларйаран меженаш а гӀелйаларна 1991—1994 шерашкахь сихо йира Нохчийчура оьрсийн мотт буьйцу къаьмнаш дӀаэхарна, амма хьалхара нохчийн тӀом болуш а Соьлжа-гӀала ах оьрсийн гӀала йара. 1996—1999 шерашкахь Ӏедал дохарна а, Нохчийчура Ӏедал ойххьаза къуйн структурех дӀахьарчарна цхьана агӀор, российн Ӏедална инкарлойарна, регионехь адамийн бакъонашца долу хьал дика цахиларна вукха агӀор, вайнехан доцу къаьмнаш дӀадахара республикера. 1999 шарахь болабеллачу шолгӀачу нохчийн тӀамо чекхдаьккхира нохчий боцу бахархой арататтаран процесс — тӀамах уьдура массо а, йуха нохчий бен ца багӀара. ГӀалгӀай соьлжа-гӀалахой а бацара йухаберза лууш ГӀалгӀайчохь охьахуьйшура уьш.[65].

2002 шарахь Нохчийчохь вехара 700 эзар гергга стаг, амма 2002 ш. халкъдагардаран жамӀашца — 1,085 млн стаг[66]. Кхечу терхьашца 600—900 эзар вахархо вара, царех (2002 шеран Шайолу российн халкъдагардар) 40 645 бен оьрсий вацара, кхин а 5 559 оьрсий вехара ГӀалгӀайчохь. Царех, демоскоп.ру сайтан обозреватель волу Максудов Сергейн хетарехь, 40 эзар а российн эскаре кхайкхина салтий ву, инструкцино мабаххара, уьш багарбо шайн эскаран дакъош долччохь[66]. Цул сов, 2002 шерахь халкъдагардаран болх нийса бина хиларх забар а йоцуш шеко йу, хӀунда аьлча статистика тоян гӀерташ дӀайазбора хьалха «тӀеязбина болу» дӀабахана нах а[67].

Кхечу агӀора 2002 шарахь тайп-тайпана къаьмнийн терахьаш шекойолуш ду, хӀунда аьлча беккъа федеральни ницкъийн тӀемагӀуллакхдийриш Нохчийчохь бара 80 эзар гергга, мадарра аьлча беккъа Нохчийчура оьрсийн терахь охьайаьккхинера 23 эзар стаг[68].

2009 шарахь апрелехь «Дозушдоцчу газето» йаздора, бевддабахана оьрсий кхоьру Нохчийчу йухаберза. Нохчийчура тӀом болуш гӀишлош а, бахам а байна 11 000 вахархочун (Ӏедало бахам меттахотто безачу) исписки тӀехь, «1989 шеран халкъдагардаран терахьашца республикехь 360 эзар сов боллушехь, кӀеззиг бен бац оьрсий а, кхин къоман нах а». Газето «Москвохара Карнеги центран» Ӏилманан кхеташон декъашхо волу А. В. Малашенкос 2007 шарахь ца вешаш Кадыров Рамзана Нохчийчу оьрсий йухаберзарах лаьцна хьалха аьлла долу дешнаш даладо[69], тӀаьххьара шина шарахь республике йухабирзина 200 гергга оьрсийн мотт буьйцу доьзал[70].

ГӀалгӀайчоьнца йолу йукъаметтиг

бӀаьра нисйан

2012 шеран 27 августехь Нохчийчохь кхоьллира республикин комиссии ГӀалгӀайчоьнца административани доза хотто[71]. ГӀалгӀайчоьнан Коьрто Евкуров Юнус-Бека ша, ГӀалгӀайчоьнна а, Нохчийчоьнна а йукъахь лаьтташ долу административани доза хийца, дуьхьала хилар хаийтира[72]. Цуо йаздо шен блогехь[73], йукъаметтиг хийца гӀертаро «девне дуьгур ду». Соьлжа-гӀалахь бехкедира луларчу федерацин субъектан Ӏедал, къовсаме латташ цхьанааггӀора низамца шайна дӀалацар доцуш, кхин а дайшкара схьа бакъдолу нохчийн латташ дӀалацарна а[74].

2012 шеран 1 августехь ГӀалгӀайчохь байира КадыровгӀеран дай баьхна Хоси-Йуртан тӀелатар кечдинарш[75]. ГӀалгӀайчоьнан Коьрто Евкуров Юнус-Бека бакъ ца бира, Галашкехь нохчийн ницкъашца леррина кечйина, операци йаран хаам[76].

2012 шеран 4 августехь Нохчийн Республикин Коьрто Кадыров Рамзана дӀакхайкхийра, ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бан мабеззара болх ца бо къизаллин тобанашна дуьхьал, Ӏоттарйира Евкуров «бандитийн тезеташкахула лелаш ву» аьлла[77].

ГӀалгӀайчоьнан Коьрто Евкуров Юнус-Бека, Нохчийчоьнан Коьрто Кадыров Рамзана бандашна дуьхьала тоъал жигара болх ца бо аьлла хьалхуо йинчу Ӏиттаршна, жоп делира. Оцунах лаьцна 4 августехь, шота дийнахь, хаамбо «Интерфаксо». «ТӀемлойн бандашца къинхетам боцуш тӀом латтобеза, цуьндела Кадыров Рамзанан шен некъ бу, ткъа сан сайн некъ бу", — кхайкхийра Евкуровс «Интерфаксехь»[78]. ГӀалгӀайчоьнан Корта Евкуров Юнус-Бек къинтӀеравелира Кадыров Рамзанна, цуо Евкуровс тоам боллуш къизаллашна дуьхьало ца йо бахарна.

ХӀинца Сийлахь Рамадан бутт бу, Лекхачу АллахӀа вовшешна къинтӀерадовла боху

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 История Чеченской Республики Архивйина 2013-04-12 — Wayback Machine
  2. Саламов А. А. Из истории взаимоотношений чеченцев и ингушей с Россией и великим русским народом / XVI—XX вв. // Известия ЧИНИИ. Грозный, 1963. Т. III. Вып. I. С. 22.
  3. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 Ахмадов Ш. Б. Чечня и Ингушетия в XVIII — начале XIX века (Очерки истории социально-экономического развития и общественно-политического устройства Чечни и Ингушетии в XVIII — начале XIX века). Монография. — Элиста: АПП «Джангар», 2002. — 528 с.
  4. ХӀара дукха оцу хьокъехь шен пхиъ том йолу, «Кавказан тӀом» бохучу жайнин тӀехь В. А. Поттос:

    Москохан сийлахь эла Иван КхоалгӀа — оьрсийн латташ схьагулдеш волу — рязанан гӀалагӀазкхийн майраллин оьгӀазвахана, та1зар дарца кхерам тесча, Червлёни Бердан гӀалагӀазкхий бӀаьста хи дистича шайн йоккха йуьртаца гӀевттина, доьзалашца хинкеман тӀехевшина Дон тӀе охьабахара, цигара дехьабевлира Идалчу, охьабахара тӀехьадогӀучу москвохан орца цакхуьучу меттиге — Терк хӀордах кхетачу. Малхбален Кавказан оцу къорачу сонехь оцу хенахь йохка-эцар лелош, къолаш деш Тюмень цӀе йолуш къуйн бен бара… Шеко йацара, Червлёни Берд цӀе йолу майра йуьрт оцу бена йоьдуш хиларх, амма дийцарш дац, хӀун бахьана долуш уьш цигахь ца севцира, ткъа Теркаца хьала бахара пхеаломан черксашна тӀе, хӀинца гӀебартлой, цаьрца берта бахана охьахевшира Кавказан лаьмнаш долалучу, Орга Соьлжах кхетачу. Оцу заманахь дуйна Кавказе дуьххьала охьахевшина оьрсех гребенски гӀалагӀазкхий олу, йа лома гӀалагӀазкхий. Кавказская война. В 5-ти томах. — Том 1. От древнейших времён до Ермолова. Кавказ до Петра

  5. Йуха а даладо В. А. Потто цитата:

    Тептарш дуьйцу, Донан а, Идалан а гӀазакхийн кхо атаман, шайна тӀе паччахьан оьгӀазло а йожийна, 1579 шарахь Идалан лахахь ойла йеш хилла, Ӏедалан оьгӀазлонах мичхьа лочкъур дара техьа бохуш. Воккхахверг царех, Ермак Тимофеевич, хьаьдда къилбаседехьа…, бисана гӀазакхий кеманаш тӀехь хӀорда тӀе а бахана, шина декъе а бекъабелла, Яик тӀе бахана, ткъа дукхахберш — оццу Теркан тӀебахана, дукха хенахь дуьйна къоладен гӀазакхийн къуйн бен хилла болу тюменан махкан къорачу паргӀате. Цигахь севцина шайн кхоъ пен болу гӀала йуьйгӀира, Терки цӀе а туьллуш, цига шайн тӀегулбан буьйлира гӀебартлой, нохчий, гӀумкхий, чергазий а тӀехьа кхайкхара цара. Тайп-тайпана къаьмнийн маркхало тӀехьа кхоьллира шеха низаме Теркан эскар. Оцу хенахь гӀазакхий Теркиехь чӀагӀлуш бара, паччахьо Соьлжийн тӀехь кхоллина Теркан гӀап хӀеттахь хункаран султанан гӀуллакхан йохийнера, амма гӀуллакхаш иза бахьана долуш хийца ца делира, хӀунда аьлча, гӀап латтина меттиг даиман а паччахьан ца хоуйтуш охьаховшачу къоланаш дечу кхерстачарний, къуйшний пайдехь йара. ТӀехьа цара Грозни Иван къинтӀера а ваьккхина, Теркан эскарах схьакхийтира, вайн дозанаш лардан тӀе а лецира. Кавказская война. В 5-ти томах. — Том 1. От древнейших времён до Ермолова. Кавказ до Петра

  6. 1 2 3 4 5 6 7 8 Кудрявцев А. В. Чеченцы в восстаниях и войнах ХVIII-ХIX веков // Вестник Евразии. 1999. № 1.
  7. 1 2 Гродненский Н. Н. Первая чеченская. Минск: ФУАинформ, 2007. — 720 с. ISBN 985-6721-10-5
  8. Вайнахи в XVI—XVIII вв.
  9. 1 2 3 4 Шейх-Мансур // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  10. Шамбаров, Валерий. Казачество: История Вольной Руси. — Алгоритм Экспо, Москва, 2007. — ISBN 987-5-699-20121-1.
  11. Чечня в конце ХIХ начале ХХ вв.
  12. 1 2 3 4 5 "Чечня: от революции до депортации, 1917 - 1944 годы"(оьр.). ХРОНОС.
  13. Павел Полян. "У истоков советской депортационной политики: выселения белых казаков и крупных землевладельцев (1918-1925)"(оьр.). Демоскоп Weekly.
  14. Передача «Радио свобода» «Гражданская война на землях Чечни»
  15. 1 2 Дата Туташхиа. От Узун-Хаджи Салтинского до Шамиля Веденского. Часть 5 Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  16. А.Г.Мерников, А.А.Спектор. Всемирная история войн. — Харвест, 2004. — С. 375. — ISBN 985-13-1779-9, УДК 355.4 ББК 68.4 В 85.
  17. Там же.
  18. Чеченская хроника за все века
  19. Бугай Н. Ф., Гонов А. М. Кавказ: народы в эшелонах (20‑60‑е годы). М., «Инсан», 1998. с. 86
  20. 1 2 3 Вооружённые конфликты и антитеррористические операции в Чечне и Дагестане (1920-45)(ТӀе цакхочу хьажорг)
  21. 1 2 "Чеченская Республика"(оьр.). wwhp.ru. Архивйина 2012-01-05 — Wayback Machine
  22. С.А.ТАРХОВ. "ИЗМЕНЕНИЕ АДМинистративанО-ТЕРРИТОРИАЛЬНОГО ДЕЛЕНИЯ РОССИИ ЗА ПОСЛЕДНИЕ 300 ЛЕТ"(оьр.). geo.1september.ru. Архивйина 2008-09-17 — Wayback Machine
  23. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 Тимур Музаев. "ЧЕЧЕНСКАЯ РЕСПУБЛИКА ИЧКЕРИЯ"(оьр.). Международный институт гуманитарно-политических исследований.
  24. 1 2 Кеп:Книга:Цуциев:Атлас этнополитической истории Кавказа (1774-2004)
  25. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 А.В.Черкасов и О.П.Орлов. "ХРОНИКА ВООРУЖЕННОГО КОНФЛИКТА"(оьр.). Мемориал.
  26. 1 2 ГРИГОРИЙ Ъ-ЗАЙЧЕНКО (09.09.1991). "Чечено-Ингушетия: кунаки Ельцина взяли власть"(оьр.). Журнал «Коммерсантъ». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  27. 1 2 3 4 АНДРЕЙ Ъ-ОЙХОВИКОВ, ЛЕВ Ъ-СИГАЛ (14.10.1991). "Чечено-Ингушетия провозгласила независимость от России и Союза"(оьр.). Журнал «Коммерсантъ». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  28. Тишков В.А. Общество в вооруженном конфликте: этнография чеченской войны. — Наука, 2001. — С. 213. — ISBN 5020087556, 9785020087552.
  29. Постановление Съезда народных депутатов РСФСР от 02.11.1991 № 1847-I. Портал юридических консультаций Архивйина 2017-08-18 — Wayback Machine
  30. Новейшая история Отечества. XX век: Учеб. для студ. высш. учеб заведений: В 2 т. / Под ред. А. Ф. Киселева, Э. М. Щагина. -М.: Гуманит. изд. центр ВЛАДОС, 1999. — Т. 2 — стр. 405
  31. А. Н. Почтарёв «Грозный: кровавый снег новогодней ночи» // Независимая газета, 10 декабря 2004
  32. А. Н. Савельев «Чёрная книга Чеченской войны (2000)», глава «Преступления режима Дудаева-Масхадова» Архивйина 2013-07-20 — Wayback Machine, глава «Чеченская республика 1991—2000» Архивйина 2011-11-17 — Wayback Machine
  33. Н. Я. Лазарев «Терроризм как социально-политическое явление: истоки, формы и динамика развития в современных условиях» Автореферат диссертации на соискание учёной степени кандидата политических наук Архивйина 2012-01-12 — Wayback Machine // Москва, 2007
  34. «Совершенствование системы подготовки военных кадров на военном факультете» Материалы II республиканской военно-научной конференции // Гродненский государственный университет имени Янки Купалы, 10 апреля 2008
  35. ОЛЕГ Ъ-МЕДВЕДЕВ (6.04.1992). "Попытка государственного переворота в Чечне"(оьр.). Журнал «Коммерсантъ». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  36. АЛЕКСАНДР Ъ-БЕЗМЕНОВ (15.06.1992). "Россия начинает выходить из себя"(оьр.). Журнал «Коммерсантъ». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  37. "Хроника противостояния: апрель — май"(оьр.). Газета «Коммерсантъ». 05.05.1993. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  38. 1 2 "Хроника независимости Чечни:"(оьр.). Газета «Коммерсантъ». 07.09.1994. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  39. "Оппозиция решила, что Дудаев уже не президент"(оьр.). Газета «Коммерсантъ». 03.08.1994. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  40. ДМИТРИЙ Ъ-КАМЫШЕВ (18.10.1994). "Наступление было непродолжительным"(оьр.). Газета «Коммерсантъ». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  41. ДМИТРИЙ Ъ-КАМЫШЕВ (20.10.1994). "Джохар Дудаев ответил ударом на удар"(оьр.). Газета «Коммерсантъ». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  42. Авиация в Первой чеченской войне. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 21 декабрь. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь
  43. Chechnya.genshtab.ru Хроника войны в Чечне. Архивйина 2011 шеран 13 августехь Архивйина 2011-08-13 — Wayback Machine
  44. Олег Лукин. Новейшая история: Российско-Чеченские войны. Вестник Мосток. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь
  45. 1 2 Хроника войны 1994-96 гг. hechnya.genstab.ru. Архивйина 2002 шеран 4 февралехь Архивйина 2002-02-04 — Wayback Machine
  46. 1 2 Олег Лукин. Первая чеченская война: Миф о «маленькой победоносной войне» рассеивается (март-июнь 1995 г.). Вестник Мосток. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь
  47. "Рейды чеченских боевиков"(оьр.). Газета «Коммерсантъ». 17.08.2002. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  48. Олег Лукин. "Окончание первой чеченской войны: Операция «Сорванный мир». Хасавюртовские соглашения (июль-август 1996 г.)"(оьр.). Вестник Мосток. {{cite news}}: line feed character в |title= на позиции 60 (справка)
  49. 1 2 «Ваххабизм»: проблемы религиозного экстремизма на Северном Кавказе // Институт востоковедения РАН Архивйина 2017-03-29 — Wayback Machine
  50. Тимур МУЗАЕВ (1998). "Чеченская Республика Ичкерия в январе 1998 года"(оьр.). Международный институт гуманитарно-политических исследований.
  51. 1 2 Владислав Дорофеев (30.06.1998). "Чеченские родовые признаки"(оьр.). Журнал «Власть». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  52. АЛЛА Ъ-БАРАХОВА (17.07.1998). "Масхадов объявил войну ваххабитам"(оьр.). Газета «Коммерсантъ». {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  53. Мерников А.Г., Спектор А.А. Всемирная история войн. — Харвест, 2003. — С. 616. — ISBN 985-13-1779-9, УДК 355.4 ББК 68.4 В 85.
  54. Тимур МУЗАЕВ (1998). "ЧЕЧЕНСКАЯ РЕСПУБЛИКА ИЧКЕРИЯ в июле 1998 года"(оьр.). Международный институт гуманитарно-политических исследований.
  55. Тимур МУЗАЕВ (1998). "ЧЕЧЕНСКАЯ РЕСПУБЛИКА ИЧКЕРИЯ в сентябре 1998 года"(оьр.). Международный институт гуманитарно-политических исследований.
  56. Тимур МУЗАЕВ (1998). "Чеченская Республика Ичкерия в феврале 1999 года"(оьр.). Международный институт гуманитарно-политических исследований.
  57. 1 2 3 4 Тимур МУЗАЕВ (1998). "Чеченская Республика Ичкерия в августе-сентябре 1999 года"(оьр.). Международный институт гуманитарно-политических исследований.
  58. После заседания Совбеза Владимир Путин признал вину высшего руководства России за ситуацию в Дагестане, а также пообещал, что российские специалисты смогут найти управу на находящиеся в Чечне басаевские формирования // Полит. Ру, 7 сентября 1999 Архивйина 2008-06-17 — Wayback Machine
  59. "Контртеррористическая операция в Чечне 1999‑2009 гг. Справка"(оьр.). РИА Новости. 26/03/2009. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  60. "Хроника второй чеченской войны"(оьр.). Мемориал. 15 августа 2000 г. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка) Архивйина 2011-05-09 — Wayback Machine
  61. "Федеральные войска блокировали в Аргунском ущелье более трех тысяч боевиков". Лента.Ру. 09.02.2000. ТӀекхачаран де: 2009 ш. 11 октябрехь. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  62. Всесоюзная перепись населения 1989 года.
  63. Обращение об официальном признании Геноцида русских в Чечне Архивйина 2007-04-15 — Wayback Machine
  64. Сколько народу уехало из Чечни?
  65. Книга чисел. Книга утрат. Книга страшного суда Архивйина 2017-03-25 — Wayback Machine.
  66. 1 2 Максудов С. Население Чечни: права ли перепись?
  67. Результаты переписи в Чечне: демографическое чудо, политический мираж или финансовая афера?
  68. Сказка о выводимых войсках
  69. "Алексей Малашенко — «Вернутся ли русские в Чечню?»(ТӀе цакхочу хьажорг), передача от 25 Июля 2007
  70. Бондаренко М. Русские не спешат возвращаться в Чечню // Независимая газета, 30 апреля 2009
  71. В Чечне создана комиссия по установлению границы с Ингушетией
  72. Евкуров выступил против пересмотра чечено-ингушской границы
  73. блог Евкурова
  74. Краев не видно. Рамзан Кадыров попросил отделить Чечню от Ингушетии
  75. В Ингушетии убиты организаторы нападения на родовое село Кадырова
  76. Евкуров опроверг слова Кадырова о спецоперации в Ингушетии
  77. Кадыров обвинил Евкурова в нежелании бороться с бандподпольем
  78. Глава Ингушетии ответил на критику Кадырова