СемаӀашка
СемаӀашка (оьрс. Сама́шки) — Нохчийн Республикин ТӀехьа-Мартанан кӀоштан эвла. СемаӀашкин йуьртан меттиган административан йукъ[2].
Эвла | |
СемаӀашка | |
---|---|
СемаӀашка | |
43°17′32″ къ. ш. 45°18′14″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
Муниципалан кӀошт | ТӀехьа-Мартанан |
Йуьртан меттиг | СемаӀашкин йуьртан меттиг |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1851 |
Хьалхара цӀерш |
1922 кхаччалц — станица Самашкинская |
Центран локхалла | 217 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗12 738[1] стаг (2020) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусалбанаш-суннийш |
Бахархойн цӀерш | СемаӀашкахой |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87147 |
Поштан индекс | 366602 |
Автомобилан код | 20, 95 |
ОКАТО | 96403 |
Картин тӀехь | |
Географи
бӀаьра нисйанЭвла лаьтта ТӀехьа –Мартанан кӀоштан къилбаседин декъехь, Соьлжа эркан аьрру берд тӀехь, кӀоштан йукъ йолчу ТӀехьа-Мартанан 9 км генахь, Соьлжа-ГӀалин 30 км малхбузехьа. Эвлан 4 км къилбехьа чекхболу федералан автонекъ «Кавказ». Советан Ӏедал долуш эвлахула чекхболура Несарера Соьлжа-ГӀала богӀу цӀерпоштнекъ. Иза бохийна Ичкерин заманахь.
СемаӀашкин йукъайогӀу масех шина гӀотах долу дуккха квартираш йолу хӀусамех лаьтта Дружба посёлок. Эвлахь лаьтта ишколийн йиъ гӀишло.
Къилбаседехьа эвлан тӀекхета Соьлжин дукъан шунаш, къилбехьа — СемаӀашкин хьун а, Соьлжа эрк а.
Уггаре гергара нах беха меттигаш: Керла-Шара къилбехьа, Давыденко къилба-малхбузехьа, Эна-Хишка малхбузехьа, Радужни къилбаседа-малхбалехьа, Закан-Юрт малхбалехьа.
Этимологи
бӀаьра нисйанЭвлан цӀе схьайолу нох. Сай-Маӏашка бохучу шина дашах.
Истори
бӀаьра нисйанЭвла йиллина 1851 шарахь[3] Соьлжин гӀазакхийн аса йуьллуш Самашкински гӀала санна, нохчий Лаха СемаӀашка эвла хиллачохь[4].
1920 шарахь Теркан гӀазакхийн депортаци йечу хенахь № 01721 омарца берриг гӀалин гӀазакхийн бахархой арабехира: 18 шеран тӀера 50 шо кхаччалц болу божарийн хьовсийра Кавказал арахьара концентрацин лагершка, зударий, бераш, баккхий нах Теркал дӀехьабехира[5]. Ламанан республикин ЦКхК 1922 шеран 25 апрелан омарца гӀалин цӀе хийцира СемаӀашка эвла аьлла.
Хьалхара Нохчийн-оьрсийн тӀом
бӀаьра нисйанДуьххьара нохчи-оьрсийн тIом болуш, 1995 шеран 7-8 апрелехь цхьаболу российн а, дуьненайукъара а бакъо ларйаран кхолламаша чӀагӀдарца, эвлахь федералан эскарша массашкахь байира машаре гражданаш (хьажа РФ ЧГӀМ операци СемаӀашкахь). Бакъо ларйаран «Мемориал» кхолламна хетарехь, оцу меттигах болу хаамаш, нохчийн тӀемлойн хаамийн агенталло баржийна, цунах теша мегар дац.
Хаамийн кехат тӀехь йазбина цхьа могӀа, бакъ хила а йиш йоцу, хаамаш, — 6 апрелехь ОМОНхоша 41 семаӀашкахо-воккха стаг верах, йуьрта «Ураган» олу герз деттарх, эвлара 500 вахархо валарх, и.кх.дӀа. Дерриг схьаэцча, дуккха а кхин дерш сана оцу хаамийн агенталлин хаамаш, «Нохч-прессан» СемаӀашкара хиламех болу хаамаш тешаме бац.[6]
Амма «Мемориало» харц ца йо эвлан машаре бахархошна дуьхьала зуламаш даран факташ.
СемаӀашка «цӀанйар» дӀадаьхьира машаре бахархой бойуш, совцийначарна тӀехь сийсазалла лелош, талораш деш, цӀенош дагош. Эвла «цӀанйеш» кхелхина алсама бахархой, дукхаха долу цӀенош дагийна. Эвлан дукхаха болчу бахархошна хета, салташа цхьа могӀа меттигашкахь зуламаш дира наркотикаша бахийна болуш аьлла. Тешаллина цара гойтура СемаӀашка оьху журналисташна, депутаташна, бакъо ларйаран кхолламийн декъашхошна, федералан ницкъаш дӀабаханчул тӀехьа урамашкахь Ӏохку цкъа туху мехий. СемаӀашкахь 7-8 апрелехь операци йинчул тӀаьхьа, бахархошна йукъахь дуккха а байинарш бара. Авторо доклад йаздечу хенахь билггала хууш дара эвлара 103 вахархо вийний, амма, схьагарехь, и исписка йерриг йац. Оцу испискера дукхаха болу кхелхинарш, тӀамтӀехь дакъа лоцуш бацара, уьш бара эвлара машаре бахархой. Нисса эвлара машаре бахархой хилира тӀелатаран объект РФ ЧГӀМ белхалойн а, ЧЭ салтийн а агӀора эвла «цӀанйечу» хенахь.
Машаре бахархой кхалхаран бахьнаш: йаккхий тоьпаш а, минометаш а эвла йеттар; бронетранспортераш чуьра урамаш тӀе герз деттар; иччархоша урамака а, керташка а герз деттар; цӀенош чохь а, керташкахь а тоьпаш йеттар; чохь нах болум тоьланаш чу а, керта а, хӀусамаш чу а бумбанаш кхийсар; цӀенош дагор; лецна «къасто» буьгурш новкъахь байар.[7]
Нохчийн-оьрсийн тӀемаш чекхдевлча
бӀаьра нисйан2003 шеран августехь, эвлара 500 гергга вахархочо дӀакъевлира федералан «Кавказ» некъ, цара мукъа йаккха бохура лачкъийна йигина 16 шо кхаьчна эвлара йоӀ Кацаева Эльза[8].
2003 шеран 15 августехь эвлахь йолу тӀеман комендатурина тӀемлой тӀелетира. Шортта гӀишлон чу автоматан герз а, гранатометаш а йиттина 2 салтий велира 10 гергга тайп-тайпана хала чевнаш йира[9].
2004 шеран 1 апрелехь чоьхьара эскарша СемаӀашка массо агӀора дӀа а къевлина эвлахь леррина операци йира. Шина гӀишлон чохь йара минанаш кечйен гӀирсаш, радиоурхаллин ШОьГӀ, кечйина фугас, гранатомёташ, кхин тӀеман гӀирсаш. НТВ телекомпанин хаамашца, СемаӀашкахь и санна лерина операцешкахь тӀепаза вайна 27 стаг[10].
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1979[11] | 1990[12] | 2002[13] | 2010[14] | 2012[15] | 2013[16] | 2014[17] |
9185 | ↗9945 | ↗10 824 | ↗11 275 | ↗11 524 | ↗11 743 | ↗11 898 |
2015[18] | 2016[19] | 2017[20] | 2018[21] | 2019[22] | 2020[1] | |
↗12 070 | ↗12 199 | ↗12 275 | ↗12 408 | ↗12 597 | ↗12 738 |
- Къаьмнийн хӀоттам
2010 шеран йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀийн хаамашца[23]:
Халкъ | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 11 263 | 99,9 % |
кхин берш | 12 | 0,1 % |
берриш | 11 275 | 100,00 % |
Суьрташ
бӀаьра нисйан-
СемаӀашка
-
СемаӀашкара ишкол
-
СемаӀашкара маьждиг
-
СемаӀашкара рузбанан маьждиг
-
СемаӀашкин туьканаш
-
СемаӀашкин а, ТӀехьа-Мартанан а гергара Бакох-Ростов некъан тӀехула долу тӀай
-
СемаӀашкара жамаӀат маьждиг
-
СемаӀашкара араболу некъ
-
СемаӀашкин консервийн завод
-
СемаӀашкин туьканаш
-
СемаӀашкин къилба йисттехь
-
Семаlашкар рузбан маьждиг
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
- ↑ Самашкинская сельский округ (сельсовет) Архивйина 2012-02-09 — Wayback Machine
- ↑ Комитет Ставропольского края по делам архивов, Государственный архив Ставропольского края. Часть третья. Основные сведения о населённых пунктах // Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год . — Ставрополь: ОАО «ИПФ „Ставрополье“», 2008. — 399 с. Архиван копи 2020 шеран 13 ноябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Кавказский календарь… на 1860
- ↑ ПРИКАЗ № 01721 оп . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 29 декабрь. Архивйина 2016 шеран 4 апрелехь
- ↑ ПЦ «Мемориал». 6. Ход операции по занятию села Самашки подразделениями МВД // Всеми имеющимися средствами: Операция МВД РФ в селе Самашки, 7-8 апреля 1995 года . — М., 1995.
- ↑ ПЦ «Мемориал». 8. Проеедение «зачистки» села // Всеми имеющимися средствами: Операция МВД РФ в селе Самашки, 7-8 апреля 1995 года . — М., 1995.
- ↑ Полина Шершнева. Возвращение Эльзы. Похитители 16-летней девушки спокойно проехали все блокпосты . «Новые Известия» (2003 шеран 7 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 13 ноябрехь
- ↑ Это было под Бачи-Юртом . MainStorage (2008 шеран 24 октябрь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2017 шеран 7 ноябрехь
- ↑ В чеченском селе Самашки найдены склады со взрывчаткой . ntv.ru (2004 шеран 1 апрель). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 26 сентябрехь
- ↑ Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 29 декабрь. Архивйина 2013 шеран 29 декабрехь
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
- ↑ Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населённым пунктам, сельским населённым пунктам с численностью населения 3000 человек и более" . Чеченстат. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 24 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 29 сентябрехь Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
Цитатийн гӀалат: Тег <ref>
«chech» цӀарца, кху <references>
йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.
СемаӀашка Викилармехь |
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Доклад «Мемориала» о операции МВД РФ в селе Самашки 7-8 апреля 1995 г. «Мемориал». Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 2 майхь
- Главная страница . Официальный сайт администрации сельского поселения Самашки. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 19 майхь Архивйина 2017-06-16 — Wayback Machine