ЧӀинхой йа ЧӀиннахой — тукхумашна йукъа ца догӀу, нохчийн даккхийчех цхьа тайпа. Тайпанан векалийн йаьхна ДНК тесташ гайтина ЧӀинхошна йукъахь масех гаплотобанера нах хилар (J2, J1)дукхох билгал йаьлла гаплогрупп J2 цул тlexь J1. [1]. ЧӀинахой, Башанкхаьллой, Гучанкхаллой, Нихалой (J2) веа вешех бевлла олу.

Шира тайпа
ЧӀинхой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Тукхамашна йукъа ца догӀу
Йукъара хаамаш
Дин ислам (суннизм)
Дуьххьара хьахадар 1621 шо
Къам нохчий
Гергарло Нихалой,Келой,Саттой
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ГӀалгӀайчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар
Къилбаседа Кавказ:

ЧӀинхой бекъало некъешка а, гаранашка а: Бахьарчи некъе (J1),Дуоди-некъе (J1),БӀовхой (J1),ШоӀип-некъе (J1),Ӏажги-некъе (J1),Ден-кхалой(J2),Боки-Дукъарой гар (J2), Мужи-кӀeлар (J2), Уьш-кхелой (J2),Совн-кхелой (J2), Хьушхой (J2),Басхой (J2),Сайрой (J2),Кloнжхой (J2), Дан-кхелой (J2),Точи-кхелой (J2),Бloвгатlир (J2),БугӀарой (J2), ЦӀехьарой (J2), Доьхьларой (J2),НурӀелин-некъе (J2),Муртаз-некъи (J2),Биболт (ДонцӀи) некъе (J2),Молчи некъе (J2),Ӏалбаг некьи (J2). [2].

Географи нисйе бӀаьра

ЧӀиннахан доза ду Зумсаца, Гучанкхаллаца, ЧӀуоца, ЧӀаьнтаца.

Итон-Кхаьллан а, Шуьйтан а кӀоштийн дозанера ЧӀинхой лам ЧӀинхойн тайпанан лам бу.

ЧӀиннахан йукъайоьду эвланаш а, кӀотарш а: БазантӀи, Басхуо (J2), Божу, БугӀара, БӀовтӀара, БӀавхойн-мерка, Вотта-Кхелли, Дан-кхелли, Дукъарой, Котта, Кхенах, КӀонжаха, Оьзна, Пхьоччу, Сан-Кхелли, Совн-Кхелли (J2), Точа-Кхелли, Туьта-мерка, Уш-Кхелли (J2), Хьойха, ХӀуртан-Кхелли, Циехьа, ЦӀорул-Кхелли, Ӏина-Йисте.

Беха меттигаш нисйе бӀаьра

Дукхаха болу ЧӀиннахой кхелхина аренашкарчу йарташка: ВаларгтӀе, Галне, Джамлайл-Йурт, ГихтӀа, ГӀойтӀа, Девкар-Эвла, Доьлаке, Иласхан-Йурт, Ишоре, Йоккха АтагӀа, Котар-Йурт, Макане, Олхазар-КӀотар, СаӀдин кӀотар, ТӀехьа-Марта, Хьалха-Марта, Цоци-Эвла, Шела, Ӏалхан-ГӀала, Ӏалхан-Йурт, Ӏашхой-КӀотар.

Тайпанца йоьзна топонимаш нисйе бӀаьра

  • Пхоччу – ЧӀинхойн шира эвла, лаьтта Шуьйтан кӀоштахь, Уьш-Кхеллин къилбаседехьа, Орган аьтту бердаца. Эвлахь йу ша-тайпа архитектура йолу бӀаьвнаш. Иза йу Орган чӀожан уггаре готта а, акха а меттиг. Йехачу хенахь оцу бӀаьвнаш чохь гуллора Къанойн кхеташо, массо а тайпанашкара бакъо лоьху ламанхой боьлхура царна тӀе – Орган хьосташкара Пхейн-Махкара, ломан кӀожара аренашка кхаччалц. Кхеташонан декъашхой бара хоржуш болу векалш – хьекъале, цӀена, нийса болу. Топониман маьӀна ду «эвлахь» бохург. Нажи-Йуьртан кӀоштара Бенойн эвлан йукъан 2 км генахь лаьтта иштта цӀе йолу эвла. Иза йу Бенан тайпан махкахь, амма луларчу Гендарганоша а, Энганоша а олу Пхьачу шайн «тайпанан мохк» йукъахь йу, лору иза шайн шира кхерч.
  • Точа-кхелли – Итон-Кхаьллан кӀоштахь йу; лаьтта Уьш-Кхеллин малхбалехьа, Орган аьтту бердаца. Точа – чӀиннахойн тайпанан цхьаьна вевзачу стеган долара цӀе йу.
  • Чермойн махкахь а йу топоним ЧӀиннахойн берд. Дийцарехь, аренашкара бахархошна тӀелеташ йолу ЧӀиннахой тоба, буса дохк йолуш оцу Ӏинах бахана, берриш а белла.
  • Роьшни-Чун 2 километр къилбехьа ду ЧӀинхойн шовда.
  • ГӀойтӀа эвлахь ЧӀиннахойн йукъ олуш куп йу.

Этноним нисйе бӀаьра

А.Сулеймановн хетарехь этнониман буха дижина «чӀанахой». ЧӀанахой олуш хилла, ахча а доккхий, аренашка йалта эца оьхучу нахах, лаьмнашкахь иза ца тоарна, хӀунда аьлча ЧӀиннахан латта хьена дац.

ГӀалгӀайн, цхьадолчу гӀалгӀайн тайпанийн корта болчу МагIох лаьцна, шира дийцарехь дуьйцу. МагIон кӀант вара Бийбот, Бийботан кӀант – Яндар, Яндаран кӀант – Андре, Андрен кӀентий – Гий, Сиккам, ЧӀинхо, Чопик. Гиях схьадаьлла ТӀумхойн тайпа, Сиккамах – Оздой тайпа, Чопиках схьаевлла гуьржийн фамилеш Чопикашвили а, элий КазбегигӀар а. Нохчийн тайпа ЧӀинхой схьадаьлла Гиян вешен ЧӀинхох. ТӀумхойх къаьстина, ЧӀинхой хевшина баха Хьалха-Мартахь.

Истори нисйе бӀаьра

Тайпа дуьххьара хьахийна 1621 шеран тептар тӀехь[3]. Цуо боху, Мержой, Шотой, ЧӀаьнтий, ГӀалгӀай, Мулкъой, кхин дуккха а ломан мехкашкара нах кийча бу цхьаьна а кхетта ногӀашна тӀелата, гӀолацар доьху Теркан тӀиера оьрсийн баьччашка.

Я.З.Ахмадовн балхахь [4] хаам бо, теркан баьччо дӀахаийтина 1651 шарахь: «ЧӀаьнташа, ЧӀинхоша, Зумсоша, Вашандароша… барт бина шотошца цхьаьна» Теркан гӀала залкъалтан стаг велла шеш куьйга кӀелахь хилар чӀагӀдеш.

ГӀарабевлла ЧӀинхой нисйе бӀаьра

  • Жукъин Дуба – ЧӀиннахо, имам Шемалан Жимачу Нохчийчоьнан наиб. 1843 шарахь коьртехь хилла Шотойн тукхуман эвланийн, Йоккха а, Жима а Нохчийчоьнан ломан а, аренан а эвланийн, цул тӀаьхьа Органан а, Мартанан а эркашна йукъарчу эвланийн, АтагӀа – Хьалха-Марта новкъаца йолчу эвланийн коьртехь. 1845 шарахь, аьхка, Воронцовн эскаран дуьхьала тӀом беш чов йина, хийцина, товеллачул тӀаьхьа йуха метта хӀоттийна. 1859 шарахь каравахна паччахьан баьччаллин. Иза бахьнехь цунна Дуби-Эвла лаьтта мохк белла, Орган аьтту бердаца, Дача-Барзан 2 км къилбаседехьа.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  2. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  3. Российский государственный архив древних актов, Ф. Кабардинские дела, 1621, №3. Л. 1-2
  4. Русско-чеченские взаимоотношения в XVӀ-XVӀӀӀвеках

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра