ГребенскиНохчийчоьнан Шелковскан кӀоштара эвла.

ГӀала
Гребенски
оьрс. Гребенская
43°31′36″ къ. ш. 46°22′09″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Шелковскан
Истори а, географи а
Йиллина 1740
Хьалхара цӀерш 1908 кхаччалц — Новогла́дковская
[1]
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 7650[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, гӀезалой, гӀумкий, оьрсий
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш, православи
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87136
Поштан индекс 366101
Автомобилан код 95
Код ОКАТО 96240806001
Код ОКТМО 96640406101
Картин тӀехь
Гребенски картан тӀехь
Гребенски
Гребенски картан тӀехь
Гребенски
Гребенски картан тӀехь
Гребенски
Гребенски маьждиг

Иза йу Гребенскан йуьртан меттиган административан центр[3].

География

бӀаьра нисйан
 
Гребенскера тӀай

Лаьтта Теркан аьрру бердаца, 3 километ къилбаседа-малхбалехьа кӀоштан йукъан Шелковски гӀалин, 4 километр къилбехьа Воскресеновски эвлан[4].

Къилба-малхбалехьа лаьтта Теркан тӀехула диллина Гребенски тӀай, цунна тӀехула болу гӀалара дегӀастанан Хаси-Эвл боьду автонекъ. ТӀай дохийра 1996 шарахь, Дуьххьара нохчи-оьрсийн тIом болуш, тодина 2007 шарахь[5].

Топонимаш

бӀаьра нисйан
  • Айвалы – гӀалин малхбузехьара меттиг, хӀинца оханаш ду.
  • Кхо бӀогӀам – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара меттиг, хӀинца ду дежийлаш, оханаш, кемсаш.
  • КӀир – гӀалин малхбузехьара меттиг, бахархоша хӀусамашна тоха кӀира боккхура цигара, хӀинца байданаш ду.
  • Морозовн бошмаш сады – гӀалин малхбалехьара меттиг, бошмаш йоцу дукха хан йу, амма цӀе йисина, 1917 шо кхачале хилла уьш, хӀинца оханаш а, Ӏедалан бошмаш а йу.
  • Тибилеш – гӀалин малхбузехьара ногӀийн йуьрт лаьттина меттиг, ногӀийн меттера гочдича – летарш хуьлу, аьлча а эвлара нах девнехь бара гуонахьарачу бахархошца. ХӀинца цигахь дежийлаш а, уьстaгӀийн жоьлаш а йу.
  • Ягарсу – гӀалин малхбузехьара меттиг, кхузахь лаьттина гӀалагӀазкхийчун Егоран кӀотар, цӀе нохчийн матте йаьккхича «Егоран хи» хуьлу, хӀинца цигахь ду дежийлаш, оханаш, кемсаш [6].
  • Федюшкинан пайш – гӀалин малхбалехьара хьалха пайш хилла меттиг, хӀинца оханаш а, Ӏедалан бошмаш а йу. Федюшкин – оьрсийн фамили[7].
  • Берзина барз (Голый яр) – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара шуьйра боьра, кхузахь хьалха кӀезиг ораматаш йара, Новран-Шелковски хи диллиран татол даккхар бахьнехь и латташ денделла.
  • Бражниковн бошмаш – гӀалин малхбалехьара меттиг, хӀинца кемсаш лаьтта.
  • ЧагӀалкхийн коьллаш (Чакаличьи кустарники) – гӀалин малхбалехьара меттиг, хӀинца кемсаш лаьтта[8].
  • Акхтерек – гӀалин малхбузехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина акхтаргийн боьлак. «Акхтерек» кхолладелла ногӀийн дашах, «акх» + «терек» = кӀайн дитт.
  • Кхошкхызыл – гӀалин малхбузехьара ГӀамаршкара йоккха меттиг.
  • Уздемировн бошмаш – шира цӀе, гӀалин йукъахь йу. Хьалха гӀалин йист хилла[9].
  • Аспад тюбе – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, ногӀийн цӀе йу, хӀинца дежийлаш ду.
  • Безаме барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе стенна йелла хууш дац, хӀинца дежийлаш а, оханаш а ду.
  • Кхартанай барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг.
  • Кхаьрзина барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе стенна йелла хууш дац, хӀинца дежийлаш а, оханаш а ду.
  • Маяшни барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе схьайаьлла оьрсийн «маяк» дешах.
  • Ши ваша – гӀалин малхбузехьара шина кошан барз болу меттиг, цӀе йелла уьш вовшех тера хиларна[6].
  • ГӀалмакхойн барз – гӀалин малхбузехьара гӀалмакхойн кошан барз болу меттиг[8].
  • Кхо мах (Три осины) – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара аренан шира цӀе, Берзина бердан гергахь. Баккхийчарна дагадогӀуш кхузахь лаьттина бӀешо долу кхо мах, хьалха хиллачу хьаннех дисина, хӀинца Ӏедалан кемсаш йу.
  • Минкинан хьалхара аре – гӀалин малхбалехьара аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
  • Минкинан шолгӀа аре – гӀалин малхбалехьара аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
  • Синюховскийн аре – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара гӀазакхийчун Синюховскийн аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
  • УьстагӀий (Барашки) – гӀалин къилба-малхбалехьара аренаш. ХӀинца Ӏедалан бошмаш[8].
  • Косински татол – иштта меттиг лаьтта гӀалин малхбалехьа, хӀинца Ӏедалан бошмаш.
  • Хи дуьллу татол – чекхдолу гӀалин малхбалехьа.
  • Ленинан татол йа Новран-Шелковски хи дуьллу га – чекхдолу гӀалин къилбаседа-малхбузехьахула. [8]
  • Уздемировн гӀу – хӀинца йолуш йу. Йаьккхина XIX бӀешарахь. ЦӀе йисина иза цхьаъ бен гӀалахь ца хилла чура бахархоша хьашташна хи доккхуш[9].
  • Черновн хьун – гӀалин къилба-малхбалехьара хуьнан шира цӀе. Чернов хьун долахь йолу, гӀазакхийн атаман, волчух тера ду. [8]
  • Нагорнин боьлакаш – гӀамаршкара шортта акацеш евлла меттиг, уьш йаьржина гӀазакхийчо Нагорнис аренашкара шен латтан тӀехь йоьгӀначу цхьаьна акацех[9].
  • Доккха Акхмола – гӀалин малхбузехьара арара ногӀийн кешнаш, цӀе схьаэцна ногӀийн - «Уйкен Акхмола» дашах[8].
  • НогӀийн кешнаш – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара ГӀамаршкара йоккха кӀошт.
  • Жима Акхмола – гӀалин малхбузехьара ногӀийн кешнаш, цӀе схьаэцна ногӀийн - «Киши Акхмола» дашах.
  • Нагорнин жӀар – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара Нагорнин ша лаьтта каш долу меттиг[9].

1711—1712 шерашкахь кхалхабо гребенски гӀазакхий Теркан аьтту берд тӀиера аьрру берд тӀе[10], кхолла доладо Гребенски гӀазакхийн эскар. Оцу хенахь (1711 шо) хьахайо Гладковски гӀала[11].

Новогладковски гӀала йиллина 1740 шарахь[12] гӀазакхаша ногӀийн Яна-кхала йа Янкхала эвла хиллачехь, ногӀийн цӀе нохчийн маттахь «Керла гӀала» хуьлу[13], ткъа Старогладовски гӀала кхоьллина 1725 йа 1735 шарахь[14]. Новогладковски йукъайоьдура Кавказан асанан гӀазакхийн эскаран Гребенски гӀазакхийн полкан. 1841 шарахь гӀала Теркан бердаш тӀиера 1—2 чаккхарма дехьайаьккхина. Йукъайоьдура Теркан областан ГӀизларан декъан. 1908 шарахь Новогладковски гӀалин цӀе хийцина Гребенски[15] аьлла.

Тахана кхузахь беха нохчий, гӀезалой, гӀумкий, оьрсий, ногӀий. Нохчашна йукъахь бу Ӏалларойн, зандакъойн, бенойн, ширдийн, даттахойн, чӀаьнтийн, энганойн тайпанийн векалш[13].

Бахархойн дукхалла
1878[16]1883[17]1926[18]1970[19]1990[20]2002[21]2010[22]
1575164725403376488050556227
2012[23]2013[24]2014[25]2015[26]2016[27]2017[28]2018[29]
6494653067517000712772577409
2019[30]2020[2]
75307650
Къоман хӀоттам

ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 1926 шеран Ерригсоюзан бахархой багарбаран хаамашца [31]:

Къам Бахамийн барам Барам,
чел.
Берриг бахархойх
дакъа, %
оьрсий 520 2224 87,56 %
гӀезалой 52 271 10,67 %
гӀумкий 5 23 0,91 %
жуьгтий 3 12 0,47 %
ногӀий 2 9 0,35 %
гӀажарий 1 1 0,04 %
берриш 583 2540 100,00 %

ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2002 шеран[32] а, 2010 шеран а Ерригроссийн бахархой багарбаран[33] хаамашца:

Къам Барам
(2002), ст.
Дакъа,
%
Барам
(2010), ст.
Дакъа,
%
нохчий 4 220 83,48 % 5 316 85,37 %
гӀезалой 480 9,50 % 594 9,54 %
гӀумкий 182 3,60 % 175 2,81 %
оьрсий 130 2,57 % 95 1,53 %
кхин берш 43 0,85 % 47 0,75 %
берриш 5 055 100,00 % 6 227 100,00 %

Гребенскехь дикка дукха гребенски гӀезалой бехаш хиларна, 2001 шарахь гӀалахь кхоьллина ГӀезалойн оьздангаллин йукъ[34].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Виноградов В. Б., Белецкая Е. М., Великая Н. Н. Календарная обрядность терских казаков // Этнографическое обозрение. 1996, № 2. С. 50-63. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 22 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 23 февралехь Архивйина 2018-02-23 — Wayback Machine
  2. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  3. Закон Чеченской республики № 42-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Шелковской район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2011 шеран июль. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
  4. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Объём 8 МБ.
  5. РИА Новости. Восстановлен мост между Дагестаном и Чечнёй
  6. 1 2 Сулейманов, 2006, стр.657.
  7. Сулейманов, 2006, стр.657-658.
  8. 1 2 3 4 5 6 Сулейманов, 2006, стр.658.
  9. 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, стр.659.
  10. Караулов М. А. Терское казачество в прошлом и настоящем. Пятигорск, 2002. С. 299.
  11. Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год. Справочник. Ч. 3. Основные сведения о населённых пунктах. С. 301. Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  12. Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год. Справочник. Ч. 3. Основные сведения о населённых пунктах. С. 325. Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  13. 1 2 Сулейманов, 2006, стр.656.
  14. Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год. Справочник. Ч. 3. Основные сведения о населённых пунктах. С. 340. Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  15. Полное собрание законов Российской империи. Собрание третье Отделение I. От № 29944-31329
  16. Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
  17. Список населённых мест Терской области. По сведениям к 1-му января 1883 года. Владикавказ. 1885
  18. Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
  19. Шелковской район (1970).
  20. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  21. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  22. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  23. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  24. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  25. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  26. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  27. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  28. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  29. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  30. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  31. Материалы Всесоюзной переписи населения 1926 года по Дагестанской АССР. Выпуск 1. Список населённых мест Дагестанской АССР. Махач-Кала: Издание Дагстатуправления, 1927. Стр. 87.
  32. Шелковскан кӀошт (2002).
  33. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным кӀоштам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с барамю населения 3000 человек и более". ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 29 сентябрехь Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
  34. Гребенской татарский национальный культурный центр. Культура.РФ. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июль.