Ваштарой
Ваштарой йа Вашиндарой йа Вашандарой — шуотойн тукхумара нохчийн тайпа. Тайп декъало масех гаплотобан L3, G2, J2, J1[1].
Шира тайпа | |
Ваштарой | |
---|---|
| |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | Шуотой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан шуотойн диалект |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Шуьйта |
Географи
бӀаьра нисйанТайпан мехкан йукъайогӀу эвланаш Вашандара[2], Гоьргача[2], ЗазаргӀана[3], Зонах[4], Ярашмаьрда[2], Доча-Борзе[5][6], Улус-Керт[3][2].
Беха эвланаш
бӀаьра нисйанВаларгт1е, Вашендарой (юрт), Г1ойт1а, Г1уларе, Гихт1а, Гоьргача, Доча-Борзе, Дуби-Эвла, Зонах, Йоккха-Атаг1а, Лакх-Ноьвре, Лах-Ноьвре, Наурская, Олхазар-К1отар, Т1ехьа Мартант1а, Улус-Керт, Хьалхьа Мартант1а, Чуьр-Эвла, Шуьйта, Ярш-Маьрд[7].
Топонимаш
бӀаьра нисйан- Вашандара[8][9] – Шуьйтан къилбехьара эвла, лаьтта ЧӀаьнтий Орган аьрру бердаца, Гоьргачан уллехь.
- Вашандара (эрк) – Шарой Орган аьтту га, долало Нуй-дукъан къилбаседа басешкахь. А.В.Твердыйн хетарехь, гидрониман а, этнониман а цӀеран этимологи, схьайолу гӀажарийн «вашам» + «дарйо» – «сиха эрк»[9].
- Ваштар – Шарой Орган аьтту га; долало Барзи-ара-ломан (2214 м) къилбаседа басешкахь; Шарой Органах кхета Улус-Кертан лахахь. Эркан цӀе, тера ду, йелла Улус-Кертан бахархоша шеш схьабевллачу шайн эвлан Вашандаран безаман[10][9].
- Вашандаройн йукъ – ГӀойтӀан куп.
- Ваштар чоь - Улус-Кертан махкахь[11].
- Вашандар - Улус-Кертан махкахь[11].
- Сохур корта - Улус-Кертан махкахь[11], Сохургар схьадаьллачу Сохуран цӀарах.
Исторехь хьахадар
бӀаьра нисйанЯ.З.Ахмадовн «Оьрсийн-нохчийн йукъаметтигаш XVӀ-XVӀӀӀ бӀешерашкахь» цӀе йолчу балхахь балабо хаам, теркан воеводас 1651 ш. хаийтина: «тайпанаш ЧатусовгӀар (ЧӀаьнтий), ЧимнаховгӀар (ЧӀинхой), ЗумсовгӀар (Зумсой), ВашандаргӀар (Вашандарой)… шуотошца цхьаьна барт бина» Теркан гӀалан аманат (закъалтан) велла, «куьйга кӀела хиларан» тешаллийна[12].
1887 шарахь Нохчийн полкан йукъа язбина шайн лаамхой Вашандара а, Доча-Борзе а эвланашкара[13].
Декъадалар
бӀаьра нисйанВашандарой бекъало гарашка а, некъашка а[1].:
- Аспи некъе (L3),
- Аьстмари некъе (L3),
- Ахьмуткъин некъе (L3),
- Байгир некъе (L3),
- Жамсаг гар (G2)
- Бети некъе (G2),
- Буйни некъе (G2),
- Пижи,некъе (G2),
- Ӏаьнди некъе (G2),
- МӀамиг гар (G2),
- Баймарзи некъе (G2),
- Вени некъе (G2),
- ГӀези некъе (G2),
- МерӀуьргаш некъе (L3),
- Мески некъе (J2),
- Мохьмш некъе (L3),
- Мусости некъе (L3),
- МӀачкъи некъе (L3),
- Одам гар, (G2),
- Акхи некъе (G2),
- Ӏамийн некъе (G2),
- Ӏарболат некъе (G2)
- Отмаз некъе (L3),
- Сог1ур (Сохур) гар (L3),
- Айти некъе (L3),
- Г1анболт некъе (L3),
- Джансакъ некъе (L3),
- Мац1ар некъе (L3),
- 1ухш некъе (L3)/
- Теуси некъе,( G2).
- Таймаз некъе (L3),
- ЦӀикма (L3),
- ЦӀимокки (J2),
- Чаборз гар (J2),
- Ганчи некъе (J2),
- Мади некъе (J2),
- Незир некъе (J2)
- Хаси некъе (J2),
- Чимки некъе (J2),
- Чиммирз некъе (J1),
- ШоӀип некъе (L3).
Тайпан гӀарабевлла векалш
бӀаьра нисйанТайпан гӀарабевлла векалш[14]:
- Бахьарчи ИсмаьӀал-молла (МаьӀа) — Ӏелам стаг. Вийна ЧГӀХК белхалоша 1937 шарахь.
- БашировгӀар – схьабовлар Вашандарара долу Йоккхачу АтагӀара пхьераш. Тарраш а, шаьлтанаш а йеш хилла. Цаьрга герз дойтуш хилла хьалдолчу наха, масала, ЧермоевгӀар, АлиевгӀар, МациевгӀар. Башир а, цуьнан кӀентий БаттӀакъа а, Бакар а, ИсмаӀил а цӀе яххана пхьераш хилла. Бакар 1936 шарахь Ӏедало лаьцна, лацаран бахьна церан говзалла а, ЧермоевгӀаьрца долу гергарло а хилла. 1917 шарахь Бакарас Нохчийчоьнан политикин а, йукъараллин а гӀуллакххочун Чермоев Ӏабдул-Межедан (Тапин) совгӀатна деллера шаьлта, тӀе йоза йаздина: «Хьомечу А. М. Чермоевна Башировгара. 1917, Й. АтагӀа»[15].
- Джейрханов Юсуп-Хьаьжа — гӀараваьлла Ӏелам стаг, НГӀАССРн хьалхара муфтий[16]
- Макаев 1ума, Улус-Кертара вахархо хилла, 1елам стаг хилла, наханна йуккъе масла1ат дан кхойкхуш хилла [1] Архивйина 2020-02-20 — Wayback Machine
- Мутушев Ахьмадхан — нохчийн интеллигент, ХХ бӀешеран Нохчийчоьнан пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, лаьцна 1937 шарахь буржуазин интеллигент ву аьлла. Велла 1943 шарахь Ташкентан набахтехь.
- Сосламбеков, Юсуп Эдилбекович — НКЪКХК декъашхойх цхьаъ, Кхочушдаран комитетан председателан гӀовс. Нохчийн революцин тхьамданех цхьаъ, 1991-1992 шерашкахь Нохчийн Республикин Дуьхьалонан министр.
- Келоев Ӏум-хаьжа — хьалхара гильдин совдегар, меценат, цуьнан комаьршаллех туьйранаш хилла Шуьйтан кӀоштехь.
- Ахтаев, Увайс Мажидович — 1950-гӀа шерашкара гӀараваьлла баскетболист, Кхазакхстанан гулйинчу командан ловзархо, дуьненахь оцу заманан уггаре лекха баскетболист (236 см).
- Имаев Ӏусман — 1993 шеран майхь дуьйна НРИ Къоман банкан урхалча, 1994 шеран июлехь дуьйна НРИ Инарлан прокурор а, юстицин министр а.
- Шамаев Ахьмад-хьаьжа — Ӏелам стаг, 2000 - 2005 шерашкахь Нохчийн Республикин муфтий, хӀинца РФ Бусалбийн синмехаллин урхаллин муфтийн гӀовс.
- Арсанукаев Абу — НРИ президент хиллачу Д.М.Дудаевн Кхерамазаллин гӀуллакхан хьаькам.
- Чагаев Булат — бизнесмен, воккха хьуьнарча, цуьнан долахь йу ФК «Ксамакс» (Швейцари). Меценат, финансаш латтийна Шуьйтан кӀоштан социалан объекташна. Цуьнан долахь хилла ФК «Терек» Соьлжа-ГӀала.
- Цамаев Мовсар — Нохчийн Республикера Российн ФНГӀ урхаллин куьйгалхо.
- Аухадов, Апти Хамзатович — штангист, Российн а, Европин а, дуьненан а чемпион, Казанехь хиллачу Универсиадан толамхо. Российн Хьакъдолу спортан говзанча.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 http://vashandaro.com/index/0-11 Архивйина 2020-09-27 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, с. 434.
- ↑ 1 2 Сулейманов, 2006, с. 216.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 434-435.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 434,441.
- ↑ Твёрдый, 2008, с. 100.
- ↑ Ваштарой беха юьрташ. Архивйина 2022-08-08 — Wayback Machine
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 206.
- ↑ 1 2 3 Твёрдый, 2008, с. 72.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 453.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 445.
- ↑ Ахмадов Я.З., Русско-чеченские взаимоотношения в XVӀ-XVӀӀӀ веках.
- ↑ Туркаев Х.В., Чеченцы в истории, политике и культуре России, Москва, Издательство «Наука», 2008.
- ↑ Ваштарой нохчи тайпан сайт - ГӀарбоьвла Ваштарой . vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 24 ноябрь.
- ↑ Оружейники Башировы из Старых Атагов . ИА "Чеченинфо" Источник: Молодежная смена (2012 шеран 21 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 21 май.
- ↑ Джайраханов Юсуп Джайраханович - 5 Ноября 2017 - Ваштарой нохчи тайпан сайт . vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 21 ноябрь.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйан- Гойты Печать Ахмед Исаев Часть 1 Архивйина 2018-03-09 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |