Шуотой
Шу́отой (оьрсийн хьосташкахь бевза иштта шубуты, шибуты[2]) — нохчийн ис тукхамах цхьа тукхам[3]. Тукхаман йукъ лору Шуьйта кӀоштан йукъ йолу Шуьйта эвла.
Историн «йукъаралла» Таханлера тукхам | |
Шуотой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | Нохчийн меттан шуотойн меттадакъа[1] |
Дин | ислам (суннийш) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Нохчийчоь: хууш дац ДегӀаста: хууш дац Росси: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
Къилбаседа Кавказ: |
Охьаховшар
бӀаьра нисйанКоьртаниг хевшина Шуьйтан кӀоштарчу эвланашкахь: Лакха-Варанда, Суьжа, Борзе, РегӀдукъа, Тумсой, Вашандара, Хьаьлкана, Горгачи, Улус-Керт, Доча-Борзе, Зонах, ДӀай, Нихалой, Пхьаьмта, ГӀуш-Корта, Бекум-кхелла, Ваьрде, Саьтта, Урдюхой, Юкерч-Келой , Хьал-Кела, Саной, Хьорсана, Жима Хьорсана, Шуьйта, Мус-Кхаьлла, Мусолт-Эвла, Хьакка.
Иштта тукхаман векалш аренашкахь йехкина йаккхий эвланаш, масала: Жима АтагӀа, Йоккха АтагӀа, Чуьйри-Эвла, Дуби-Эвла, Селман-Тевзана, ГӀойтӀа , ЧӀишка, Ярашмаьрда, ГӀой-Чу (СаӀдин-КӀотар), ГӀой-Йист.
Кхин а беха аренашкарчу эвланашкахь – Лаха Неврехь, Маканехь, Хаьмбин-Ирзехь, Шелахь.
Топонимаш
бӀаьра нисйан- Шатойн-йурт – Соьлже йуьртара меттиг, хьалха иштта цӀе йолуш эвла лаьттина.
- Шуьйта дукъ - Гучан-кхелли къилбаседа-малхбалехьа.
- Шуьйта кхойкху корта – ЦӀесан къилбаседехьа. Цигара бора тайп-тайпана амалера хаамаш: азца, серлонашца, цӀе цигара схьайаьлла.
Оьрсийн а, нохчийн а тептаршкахь хьехор
бӀаьра нисйанШуотой хьахийна 1621 шеран тептарехь, цу чохь боху «гӀумкийн, мержойн, шуотойн, чӀаьнтийн, гӀалгӀайн, мулкъойн, кхин а дуккха а ломан мехкашкара нах кийча бу ногӀашна дуьхьала вайца цхьаьна тӀом бан», «доьху Теркан оьрсийн воеводе гӀо лацар»[4].
Я.З. Ахмадовс ялайо 1651 шарахь таркхойн шамхала Сурхайс а, Ӏаьндарин дас Казаналпа а цхьаьнатоьхна ницкъашна йукъахь шуотоша, Соьлжа тӀехь 700 гӀажарна дуьхьала, дакъа лацаран факт. Циггахь дуьйцу, 1651 ш. теркан воеводас хаийтина: «ЧӀаьнтийн а, ЧӀинхойн а, Зумсойн а, Вашиндаройн а тайпанаш… шуотошца цхьаьна барт бина» Теркан гӀале закъалтана нах белла, «куьйга кӀела» хилар гойтуш.
Иштта Я.З. Ахмадовс даладо 1658 шарахь тушинаш а, шуотоша а Кремлан Успенскан килсехь даздаран церемонехь Российн байӀат дарх. Цуо дуьйцу, 1659 шарахь тушинаш болийра боккха гӀаттам гӀажарашна дуьхьала КӀахетехь. Тарло цаьрца цхьаьна шуотой хилар а, хӀунда аьлчи тушинаша гуттаренна а оцу заманахь кхайкхадора шеш цхьаьна хилар[5].
1833 шеран июнь беттан оьрсийн тептаршкахь далийна: нохчий-шуотой 5000 са ду[6].
1859 шеран тӀеман сборникехь йаздо, нохчийн къоман ду цхьа мотт буьйцу, Кавказан а, Ишхеш а даккъийн къилбаседа басешкахь, тӀеман хьолашка а, оьрсийн герзан аьттоне хьаьжжина, Российца тайп-тайпана йукъаметтигаш йолу, амма хӀинца Имам Шемалан Ӏедал дохийначул тӀаьхьа Российн Ӏедал тӀеэцна тайпанаш:
- Шуотой, беха Орган атагӀин лакхарчу декъехь, 15000 са гергга. Оцу тайпано 1858 шарахь тӀеэцна Российн Ӏедал (Шуотой, ЧӀаьнтий, Зумсой, кхин а йукъараллаш)[7].
У. Б. Далгата йаздо: «Нохчийн дийцарша хьехаво кхо ваша: ГӀа, Ахо (йа Аккхо), Шуото, берриг нохчийн дай хилча санна. Кхаа вешех Аккхох, Шуотох, ГӀах кхолладелла кхоъ йукъаралла: ГӀалгӀай, Аьккхий, Шуотой; хьалхарниг – Ӏаьс-хин лакхенашкахь, шолгӀаниг – Гихан лакхенашкахь, кхоалгӀаниг – Соьлжан геннашна ЧӀаьнтийн Органан а, Шарой Органаш а лакхенашкахь. Оцу кхаа йукъараллех адам дебарца а, керла мухажираш тӀекхетарца а малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа даьржаш, кхолладелла кхин нохчийн тайпанаш. Йерриг цӀераш – Шуото, Аккхо, ГӀа – хилла тайпанийн тхьамданийн цӀераш; шайн цӀе цара дӀалаьцна мехкашна а тохкуш хилла». [8].
В. Пожидаевс йаздо Турпал Нахчуон тӀаьхьенаша кхоьллира, шайн цӀераш техкина, йукъараллаш: Ичкерихой, Ӏовхой, ЧӀебарлой, Шуотой, Дзумсой, Кисташ, Цхьорой, Галай, ГӀалгӀай, Джейрахой, Ангушт[9].
ГӀарабевлла Шуотой
бӀаьра нисйан- Илсах – накъшбандин шайх. Схьаваьлла Шуьйтара. Зийарат Шелахь Вада-шайхан уллехь ду.
- Шамаев Ахьмад-хьаьж – Нохчийчоьнан муфти 2000 шеран 22 августера 2005 шеран 26 май кхаччалц.
Шуотойн тайпанаш
бӀаьра нисйанВарандой, Вашиндарой, ГӀаттой, Келой, Маьршой, Нижалой, Нихалой, Пхьамтой, Тумсой, Саьттой, Хьаккой[10].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ А. Д. Тимаев — «Фонетические особенности шатоевского диалекта чеченского языка в сравнении с плоскостным диалектом». Чечено-ингушский НИИ ИЯЛ. // Известия. Том 8, вып. 2. Языкознание. Гр., 1966. — с. 96 — 128
- ↑ Волкова Н. Г. Этнонимы и племенные названия Северного Кавказа. — М.: Наука, 1973. — с. 208
- ↑ Тукхум шатой Архивйина 2013-02-14 — Wayback Machine
- ↑ Российский государственный архив древних актов, Ф. Кабардинские дела, 1621, №3. Л. 1-2
- ↑ Я.З.Ахмадов, «Русско-чеченские взаимоотношения в XVӀ-XVӀӀӀ веках»
- ↑ Ведомости о численности народонаселения Кавказа и степени их покорности царскому правительству, июнь, 1833
- ↑ Военный сборник, в содержании девятой книги за сентябрь № 9 за 1859 г. (Том ӀХ) издаваемый по повелению Императора
- ↑ Далгат У. В., «Героический эпос чеченцев и ингушей» стр. 41
- ↑ Пожидаев В. «Горцы Северною Кавказа: ингуши, чеченцы, хевсуры, осетины и кабардинцы» М.-П., 1926. С.16.
- ↑ Натаев, С. А. К вопросу о тайповом составе этнотерриториального объединения Шуьта/Шуотой : статья в журнале - научная статья. — Чеченский государственный университет, 2018. — № 2 (10). — С. 130-132. — ISSN 2587-9626.
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Гр.: ГУП «Книжное издательство», 2006. — 5000 экз. (юха арахецар 1976—1985 шш.)
- Натаев, С. А. К вопросу о тайповом составе этнотерриториального объединения Шуьта/Шуотой : статья в журнале - научная статья. — Чеченский государственный университет, 2018. — № 2 (10). — С. 130-132. — ISSN 2587-9626.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |