ГӀо́ьжакъе [2][3] (оьрс. Терская, хӀир. Терскæй) — Къилбаседа ХӀирийчоьн Мазалкан кӀоштан эвла. Муниципалам кхолламан «ГӀоьжакъен йуьртан меттиган» административан йукъ.

Эвла
ГӀоьжакъе
оьрс. Терская, хӀир. Терскæй
43°43′18″ къ. ш. 44°43′29″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика Къилбаседа ХӀирийчоь
Муниципалан кӀошт Мазалкан
Истори а, географи а
Йиллина 1859 шарахь
Климатан тайпа ТӀуьна барамера (Dfa)
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 2662[1] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам оьрсий, хӀирий, нохчий, украинаш
Динан хӀоттам православи, бусалба-суннийш
Бахархойн цӀерш гӀоьжакъхой, гӀоьжакъхо
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 86736
Поштан индекс 363 702
Автомобилан код 15
Код ОКАТО 90230873001
Код ОКТМО 90630473101
Картин тӀехь
ГӀоьжакъе картан тӀехь
ГӀоьжакъе
ГӀоьжакъе картан тӀехь
ГӀоьжакъе

Географин хьал

бӀаьра нисйан

Эвла лаьтта Мазалкан кӀоштан малхбален декъехь, Теркан аьтту бердаца, 7 км къилба-малхбалехьа кӀоштан йукъ йолчу Мазалкан, 100 км къилбаседехьа БуритӀе гӀалан.

Эвлахула чекхболу, Теркан аьтту бердаца Нохчийчу боьду, автомобилан некъ «Мазалк — Муьже». Регионан автонекъаш эвлан уьйр латтайо Мазалкан кӀоштан а, луларчу субъектийн а эвланашца.

Доза ду: Калининскица малхбузехьа, Муьжеца къилба-малхбалехь.

Эвла лаьтта Теркан къилбехьа, мазалкан аренахь. Меттиган рельеф алсама нийса ю, локхаллаш цӀеххьана хийца ца луш. Эвлара юккъера локхалла ю 135 метр хӀордан тӀегӀанера.

Эвлара гидрографин маша коьртаниг гайтина Терк эрко а, татолаш а. Эвлан къилбехьахула чекхдолу татолаш — Теркйистан а, 1-ра Гуьчиг-Йуьртан а.

Климат тӀуьна барамера ю. Шеран хӀаваан юккъера температура хуьлу +10,5°С гергга. ХӀаваан температуран юккъера барам техка +23,5°С июлехь, -2,8°С кхаччалц январехь. Йочанийн шеран юккъера барам хуьлу 530 мм гергга. Алсама йочанаш хуьлу майра июль кхаччалц болчу муьрехь. Аьхке чекхйолуш Каспийн акъарин тӀиера хьоькху довха, декъа мехаш.

Шен цӀе наьртан ГӀоьжакъан цӀарах схьайаьлла, нохчийн эвлан ГӀоьжакъен меттигехь 1859 шарахь керла Вознесенски гӀала йиллина. 1867 шарахь гӀалан цӀе оьрсийн администрацис хийцира Терски аьлла, ша гергахь лаьттачу Терк эркан цӀарах.

1869 шарахь гӀала кхалхийра дӀаяьккхина Ангушт эвлара бахархой, ткъа цул тӀаьхьа Галай-ГӀалан дакъа а, Соьлжара цхьацца доьзалаш а.

1893 шарахь ГӀоьжакъехь вехара 2147 стаг. Царех православин 1943, шираламастхо 109, молоканаш а, баптисташ а 97. 1912 шарахь кхузахь вехара 4417 вахархо.

Советан Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа, 1940-гӀа шераш кхаччалц гӀала масийттаза дӀасаелира цхьаьна административан-мехкан декъера кхечунга, масех къоман гуонаш цхьаьнакхетачу, шен географин хьал бахьнехь (Нохчийчоь, Ставрополан мохк, Къилбаседа ХӀирийчоь).

1944 шарахь Мазалк гӀаланца а, цуьнан йисташца а дӀаелира Къилбаседа-ХӀирийн АССР йукъа. Оццу шарахь цунах йина керла кхоьллинчу ГӀоьжакъен йуьртан Советан йукъ.

Бахархойн дукхалла
2002[4]2010[1]
30152662
Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран[5] жамӀашца йуьртан бахархойн къоман хӀоттам:

Къам Барам,
чел.
Берриг
бахархой дакъа, %
оьрсий 2 399 90,1 %
хӀирий 88 3,3 %
нохчий 33 1,2 %
украинаш 31 1,2 %
кхин берш 111 4,2 %
берриш 2 662 100 %
  • Йуккъера йукъарадешаран ишкол — Ленинан ур., 17.
  • Йуьхьанцара ишкол Берийн беш «Теремок» — Ленинан ур., 14.

Могашалла Ӏалашъяр

бӀаьра нисйан
  • Лоьрийн амбулатори — Комсомольски ур., 83.

Оьрсийн православин килс

бӀаьра нисйан
  • Иоанн Предтечин коьртан Усекновенин килс[6]

ГӀалахь йара Иоанн Предтечин килс. Иза йинера 1861 шарахь Ангуштехь, ткъа иза дӀайаьккхинчул тӀаьхьа, 1870 шарахь, килс дӀаяьхьира ГӀоьжакъе. Килса йара, казармах терачу, йоккхачу гӀишлон чохь, лакхахь нартол яра жӀараца, цуьнца бен килс кхечу гӀишлох къасталуш йацара. Килс чӀогӀа лоха йара, гӀалин тӀекхочуш иза ган таро а ца хуьлура. 1893 шарахь гиначо ма-йаздарра: «Килсан чоьхье чӀогӀа къиен йу, цхьан а гӀала йац иштта къиен килс йолуш, гӀоьжакъе гӀалахь санна, иза тоярах дукха дийцахь а, хӀокху хене кхаччалц хӀумма а ца дина».

ГӀарабевлла эвлахой

бӀаьра нисйан

Сахьтан аса

бӀаьра нисйан
 

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
  2. КНЯЗЬЯ ЭЛЬДАРОВЫ
  3. Руслан Хуррит, "Некоторые лакуны историографии Чечни", Караганда, 2018, стр.10
  4. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  5. Том4. Таблица 4. Национальный состав РСОА по муниципальным образованиям по переписи 2010 года. Архивйина 2013 шеран 19 августехь Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
  6. Храм Усекновения главы Иоанна Предтечи(ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан