ЦӀонтарой[1] – нохчийн Нохчмахкахойн тукхумара уггаре даккхийчех тайп, Ӏовхахь бехаш болчара шаьш Ӏовхойн тукхумара лору. ЙукъадогӀу J2 гаплотобана[2]. Уьш 50 эзар гергга хила тарло. Тезакхаллой бевлла цӀонтарочух Тезех.

Къена тайпа
ЦIонтарой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Бухара тоба Тезакхаьллой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Тайпан йукъа догӀу Иэжи-гар, Тези-гар (Тезакхаьллой), Ӏаьлбиг-гар, ТIулти-гар
Гергарло Аьрсаной, Курчалой
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

Нохч-Мохк, Ӏовх
Тайпан эвла ЦӀонтара

Географи

ЦӀонтаран мохк лаьтта ЦӀоьнтара[3] а, Теза-Кхаьлла[4] а яртех, доза ду малхбалехь Бенаца, къилбаседехь Энганаца а, ГӀоьрдалаца а, къилбехь БелгӀатаца, малхбузехь Веданаца а, Эрсанаца а, Куьрчалаца а.

ЦӀоьнтаран а, Теза-Кхаьллан а йукъахь лаьтта Кхеташ-Корта. Оцу шу тӀехь дукха шерашкахь гуллалора Мехкан кхеташо, цара луьстура ладаме тӀеман а, машаран а белхаш[5].

 
ЦӀоьнтара

Топонимаш

  • Боони-Йуртахь ю ЦӀонтаройн куп.
  • Гихчун малхбузехьа лаьтта ЦӀонтаройн дукъ[6].
  • Гермачиган малхбалехьа ю ЦӀонтаройн арие[7].
  • Шелан малхбузехь ЦӀонтаройн кешнаш ду[8].
  • XӀX бӀешарахь Бас хин тӀехь ЦӀонтарой эвла хилла.
  • Бони-Эвлан малхбузехьа лаьтта ЦӀонтаройн мохк, цигахь хьалха баьхна ЦӀонтарой.
  • ЦӀоьнтара боьду некъ – Курчалара къилба-малхбалехьа боьду[9].

Беха меттигаш

ЦӀонтарой беха гӀаланаш, ярташ: Азамат-Йурт[10], БердакӀел, БӀачи-Йурт[11], ВаларгтӀе[12], Гелдагана, Гуьмсе[13], Жима АтагӀа[14], ЖугӀурта[15], Курчалой-ГӀала[8], Лакха Невре[16], Майртуп, Ойсхар[17], ТӀехьа-Марта[18], Устрада-ГӀала[19], Хоси-Йурт[20], Хьаьнгаш-Йурт[21], Чечана, ЧӀулга-Йурт[22], Шела, Энакхаьлла[23].

Истори

ЦӀонтаройша шеш лору Нашха кхоьллинчу Сайд-Ӏали Шамин кӀентан кӀентан кӀента Пахрутдинан тӀаьхьенах волчу Суьнтарах[24][25].

Цуьнан тӀаьхьенах волчу Туьнин Вуьсин хилла кхоъ кӀентан кӀентан кӀант, церан цӀарах техкина яртийн цӀераш: Иэжа-Эвла, Теза-Кхаьлла, Ӏаьлбиг-Эвла. Иэжа-Эвла а, Ӏаьлбиг-Эвла а таханлерачу Нажи-Йуьртан кӀоштарчу ЦӀоьнтаран чу йогӀуш ю[3]. Уьш йоцуш кхин а кӀотарш хилла цӀонтаройн: Алхазан кӀотар, ЧангӀакхан кӀотар.

Туьнин Вуьса Теркан а, ГӀойсан а йукъарчу мехкийн доладеш хилла. Дийцарехь шен цӀе тӀехь йолуш мухар а хилла цуьнан.

КӀорни-некъе схьабевлла волу КӀорни, цӀонтаройн тептарца, Туьнин Вуьсин тӀаьхьенах а ву, Иэжин тӀаьхьенан ворхӀалгӀа чкъоьрах а ву. ХӀинца КӀорни-некъен 9–10 чкъор ду. Уьш дукха дӀасакхийсина бу ерриг ЦӀоьнтархула: Гуьржийн йуккъахь, Йекъачучохь, Йоккхачу юххехь, Охкучохь, ЧагӀанкхахь, Чолхечохь, ЮьрташтӀехь. Сих-сиха кхалхара нисделла КӀорни-некъен, цкъа наиб ШоӀайп кхелхича (каш иэжа-эвлан кешнашкахь), оцу хенахь 4–5 чкъор хилла, цкъа йита езна ЦӀоьнтара, амма юхабирзичи а шайн дакъош тӀе ца хевшина. XӀX бӀешо чекхдолуш XX долалуш къиза девнаш хилла КӀорни-некъе декъахь болуш, тӀаккха а кхалхарш дан дийзира[26].

ЦӀоьнтарахь (Ӏаьлбиг-Эвлахь а, ЧагӀанкхахь а) беха, 14 сентябрехь 1819 шарахь Дади-Йурт хӀаллакаечу хенахь, кӀелхьарадаьхна ЦӀоьнтара дӀадигинчу берийн тӀаьхьенаш[5].

Курчалойн кӀоштахь а ю ЦӀонтара (Хоси-Йурт) йурт[20], иза кхоьллина лору цӀонтарочо Хуосас. Ткъа цуьнан вашас Буосас йиллина Ойсхар[17]. Церан кхин а пхиъ ваша хилла, царех кхоъ кхелхина Хьалха-Мартана.

Иэжин тӀаьхьенах волу Коьстиг – Ӏовхе кхелхина Коьстке эвла йиллина, хӀинца ДегӀастанан йукъахь ю. ЦӀонтаройн лулахошца дов долуш, коьстигхой орца баьхкира шайн вежаршна, уьш тоьллачул тӀаьхьа, цхьа дакъа Нохчийчохь дисира, цара кхоьллира ЧагӀанкх-Йурт.

Ӏовхара Момаш отар йиллина цӀонтарочо Момаша[27].

Боной, ЗӀогой, Зандакъой, Пхьарчхой тайпанашца цхьаьна ЦӀонтаройша йиллина Боони-Йурт.

ЦӀонтаройша а, Харачойша а йиллина БӀачи-Йурт[11].

Яссин аьрру берда тӀехь 1845 шарахь йуха кхоллайелла ЦӀонтаройн эвла.

Бекъабалар

ЦӀонтаройн тайпа деа гаре декъало: Иэжи-гар, Тези-гар (Тезакхаьллой), Ӏаьлбиг-гар (J2), ТIулти-гар (Iовхойн йукъара цIонтарой).

Ткъа и лакхахь билгалдаьхна долу гараш кхин а кегийчу некъешка декъало.

Масала Иэжи-гар йукъахь бу: Байди-некъе, Баьрчаэвлахой, БуьцӀи-некъе (J2), КӀорни-некъе (J2), Оки-некъе, Эциг-некъе.

Кхин некъе а бу ЦӀонтаройн: Аькхди, Битар, Бури, ГӀардайн, Идарза, Каси (J2), Угрой (J2), Хьади, Ӏемирхан, Ӏонти[5].

ГӀарабевлла тайпанан нах

  • Дукхаха болу Дади-Йуртан бахархой ЦӀонтарой хилла.
  • Абумуслимов Сайд-Хьасан — нохчийн историк, йаздархо, публицист, йукъараллин гӀуллакххо, Нохчийн Республика Ичкерин Вице-президент (1996 —1997); Хаси-Эвлан барт баран декъашхо (1996 шеран 31 августехь).
  • Алханов Руслан Шахаевич (тезакхаьлло) — полицин инарла-лейтенант (07.02.2011). Юридически Ӏилманийн кандидат.
  • Ахмадов Олхазар – ЧӀулга-Йуртан вахархо, Брестан гӀопан турсло, тӀепаза вайна.
  • Бажа́ев Зия́ (Зияуди́) Юсу́пович (1960 шеран11 июлехь, ТӀехьа-Марта, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ССРС — 2000 шеран 9 мартехь, Химки, Москохан область, Росси) — российн бизнесмен, «Альянс» компани кхоьллинарг.
  • Бехаев Ахьмад (Бахьин Ахьмад) — вевзаш хилла ГӀонука-Молла цӀарца — 1920—1921 шерашкахь советашна дуьхьала бевллачеран куьйгалхойх цхьаъ, Митаев Ӏелин стунда. ССРС НКВД тоьпаш тоьхна. ГӀонука-Моллин нана яра 1878 шеран 9 мартехь Соьлжа-ГӀалахь тоьпаш тоьхначу Теза-Кхаьлларчу Пишиев Губаханан йиша.
  • ДагӀестани Хьасан-бек (ибн Бхош ибн Атти ибн Дади) — Дади-Йурт йиллинчеран тӀаьхьенах волу Ӏарбийн политикин гӀуллакххо. 1920—1930-гӀа шерашкахь Дейр-эз-Зор коьрта гӀала йолчу Эль-Джазира провинцин губернатор хилла.
  • Дадин Айбика (Аьлбика) — ЦӀонтаройн Дадин йоӀ, боьршачу нахаца цхьаьна тӀом беш йуьрт ларйина[28].
  • ИстамуловгӀар ШитӀа а, Хьасан а Шалара вежрий. ШитӀа — Къилбаседа-Кавказан эмиратан (1919—1920) правительствехь тӀеман министр, 1929 шарахь Шелахь хиллачу советийн Ӏедална дуьхьала гӀаттаман куьйгалхо. Вийна 1931 шарахь, гурахь ССРС ОГПУн белхалоша. Хьасана цуьнан болх дӀабаьхьира тоба а гулйина, 1935 шо кхаччалц дуьхьало йира цара Советийн Ӏедална.
  • Окин Зайтан Сулейман — 1877 шарахь Нохчийчохь колонийн дуьхьала гӀаттам бинчу куьйгалхойх цхьаъ.
  • Пишиев Губахан — 1877 шарахь Нохчийчохь колонийн дуьхьала гӀаттам бинчу куьйгалхойх цхьаъ.
  • Сайтиев, Адам Хамидович — паргӀата кепара охьатохарх латарехь олимпийн чемпион.
  • Сайтиев, Бувайсар Хамидович — паргӀата кепара охьатохарх латарехь кхузза олимпийн чемпион.
  • Тохуров Дасай-Хьажа — оьрсийн-кавказан тӀеман жигара декъашхо. Имам Шемала майраллийна кхоъ орден йелла. ДӀавоьллина ву ЦӀоьнтаран кешнашкахь Нажи-Йуьртан кӀоштахь. Кхаа орденан сурт диллина цуьнан чурт тӀехь.
  • Туьнин Вуьса — туьйр хилла нохчийн тхьамда, Нохч-Махкан Кхеташо кхоьллинарг а, дуьххьара куьйгалхо.
  • Умарсултанов, Вахит Османович (1950 шеран 20 август, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн художник, Российн Федерацин Сийлахь художник, Нохчийн Республикин художникийн тобанан председатель, Российн художникийн тобанан нохчийн регионан декъан председатель, Российн художникийн тобанан секретарь, ССРС художникийн тобанан декъашхо, дукха регионийн а, ерригроссийн а, халкъашна юккъера а гайтахӀоттамийн декъашхо, 2012 шарахь Российн Федерацин Правительстван культурин совгӀатхо.
  • Хандакхай – ЦӀоьнтаран вахархо. 1850 шарахь Нохч-Махкан наиб хилла.
  • Хьадин Арсанукъа-Хьаьжа (Аьрснукъа-Молла) — Ӏелам стаг, нохчийн къам даларан тептарх цхьаьна версин тептар цуьнгахь хилла.
  • ЦӀонтаройн Дада — эшаршкахь а, байташкахь а хестийна Дади-Йурт йиллинарг. И йурт хӀаллакйина 1819 шеран 14 сентябрехь инарла А. П. Ермоловн баьччаллийца, ялх ротанах а, ворхӀ гӀалагӀазакхийн сотнях лаьтташ долу оьрсийн эскарша.
  • ШоӀип-Молла (Мохьмадан ШоӀайп-Молла) – Имам Шемалан ЦӀоьнторойн эвлара наиб (1839 ш.). 1840 шарахь Мичиг-Хин гуонан наиб. 1843 шеран майхь дуьйна Малхбален Нохчийчоьнан (Ӏовх, Мичиг, Йоккха Нохчийчоь) мудир. 1843 шеран чеккхенгахь дуьйна мушир ву, аьрру агӀонан баьчча, Нохчийн областан хьаьким. Вийна 1844 шеран мартехь. ГӀараваьлла наиб, хьуьнара долуш баьчча, майра тӀемло, Ӏелам стаг вара иза. КӀорнин некъех дара схьавалар.
  • Ӏаьлбиг-Хьаджи Сулиман – наиб, Оки некъех ву.

Силсил

Нови Солкушино йуьртан вахархочо Исраилов Ӏумара йелла шайн цӀийнан силсил:

  • Сайд-Ӏали Шами
  • Ӏабдулхан
  • Шамхан
  • Хьамзатхан
  • Аркун
  • Ӏабдулмалик
  • Тини
  • Вуьси
  • Маьхьча
  • ГӀилча
  • Иэжа
  • Куьрки
  • Гуьчиг
  • Алхаз
  • Султан
  • Ӏама
  • ТӀелхиг
  • Бамат-Гири (Хамутай)
  • Тарам
  • Исраил
  • Висингири
  • Селимсолта
  • Ӏумар

Билгалдахарш

  1. Нохчимохк Архивйина 2015-07-16 — Wayback Machine
  2. http://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  3. 1 2 Сулейманов А.С., 1997, с. 289.
  4. Сулейманов А.С., 1997, с. 295.
  5. 1 2 3 Сулейманов А.С., 1997, с. 290.
  6. Сулейманов А.С., 1997, с. 394.
  7. Сулейманов А.С., 1997, с. 492.
  8. 1 2 Сулейманов А.С., 1997, с. 489.
  9. Сулейманов А.С., 1997, с. 288.
  10. Сулейманов А.С., 1997, с. 551.
  11. 1 2 Сулейманов А.С., 1997, с. 501.
  12. Сулейманов А.С., 1997, с. 388.
  13. Сулейманов А.С., 1997, с. 538.
  14. Сулейманов А.С., 1997, с. 445.
  15. Сулейманов А.С., 1997, с. 307.
  16. Сулейманов А.С., 1997, с. 558.
  17. 1 2 Сулейманов А.С., 1997, с. 511.
  18. Сулейманов А.С., 1997, с. 390.
  19. Сулейманов А.С., 1997, с. 493.
  20. 1 2 Сулейманов А.С., 1997, с. 507.
  21. Сулейманов А.С., 1997, с. 549.
  22. Сулейманов А.С., 1997, с. 555.
  23. Сулейманов А.С., 1997, с. 306.
  24. Попов И. Ичкерия в: Сборник сведений о кавказских гоцах, выпуск IV, Тифлис 1870, с. 18-19
  25. Мазаева Т. А., Предисловие к книге «Хожаев Д. Чеченцы в русско-кавказской войне. — Грозный, 1999, с. 14» Архивйина 2014-12-22 — Wayback Machine
  26. Сулейманов А.С., 1997, с. 289-290.
  27. Сулейманов А.С., 1997, с. 372.
  28. Сулейманов А.С., 1997, с. 550.

Литература

Жайнаш
  • Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: Издательский центр "Эль-Фа", 1997. — 684 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
  • Попов И., Ичкерия в Сборнике сведений о кавказских горцах, вып. 4, Тифлис, 1870, с. 17-18
  • Мамакаев М., Чеченский тайп (род) в период его разложения, Грозный, 1973, с. 88

Хьажа кхин а