Аьккхий
А́ьккий[1][2][3] (оьрс. Аккинцы[2]) — дуккха а долчу нохчийн тайпанех цхьаъ. Тукхумашна йукъа ца догӀу. Синмехаллин йукъ, тайпанан эвла йу Аьккха[4]. Аьккийн доза ду гӀалгӀашца, цорошца, пхийшца, Кей-Махкаца, Мержаца, Ялхарца, Галайн-ЧӀожца. Пхейн-Махках уьш къастабо Булой-Лам дукъо. Бларамберган хаамашца аьккхий 6000 стаг вара. Церан 23 эвла хилла[5]. Коьртаниг тайп охьахиина Нохчийчоьнан къилбаседа-малхбуза декъехь, Теркйистехь.
Къена тайпа | |
Аьккхий | |
---|---|
Кхин цӀерш | Ломан аьккхий |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан галанчӀожан диалект, аьккхийн лер |
Дин |
• дин • ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Аьккха | |
|
Аьккхий олу Ӏовхойх а, амма дуьххьал дӀа гергарлонийн зӀенаш царна йукъахь йац. И йукъараллаш кхоллайелла вовшех йозуш йоцуш, тайп-тайпанчу хьолашкахь. Буьйцу Аьккхий охьахевшина хилла Гихан аьрру ген Осу-хин хьостехь[4].
Аьккхий тайпана наха йеллачу ДНК тесташа гайтина уьш J1 а, L3 а гаплотобанера хилар[6].
Охьаховшар
бӀаьра нисйанЙукъараллин эвланаш лаьттара коьртаниг Гихан (Осу-Хи а, Аькх-хи а) геннаш тӀехь: уьш йу Аьккха (ВӀовга) – йукъараллин йукъ, Хьаьхильга, Къож-Вийнача, Кей-Мохк, Зингала, Бийци, Тишли, Иттар-кхелли, Хьаьгие, Орзуме-Кхаьлла, КхеретӀе, Музур-кхелла, ВиелгӀие, ГӀозана, Ердие-чу, кхин а[7].
ХӀинца аьккхий коьртаниг беха эвланаш: ВаларгтӀе[8], Галне[9], Гихчу[10], Горагорск, ГӀойтӀа[1], Дубовски[11], Ишоре[12], Котар-Йурт[13], Курчалой-ГӀала[14], Лакха Невре, Лаха Невре, Майртуп[15], Макан-КӀотар, МахкатӀе, ТӀехьа-Марта[16], Чечана, ЧӀулга-Йурт, Шела, ткъа иштта кӀез-кӀезиг.
Шира эвланаш
бӀаьра нисйанЭвланаш шорта хиллехь а, тахане кхаьчна мелла а йисина чӀогӀа кӀезиг архитектурин иэсаш. Галайн-Ӏоман къилбехьа лаьттачу Зингала эвлахь, Гихан аьрру бердаца йисина ткъеха хӀусаман бӀов, уьш йина дика тобинчу тӀулгех. Цхьацца хӀусаман а, тӀеман а бӀаьвнаш йисина Бийци, КхеретӀе, Мизир-Кхаьлла. ТӀаьхьара шина тӀамехь Российн кеманаш бумбанаш йиттина йохийна.
Вайн хене йевлла архитектурин гӀишлош тешалла до гӀишлошъярхойн лакхара говзалла. Аьккхий, ТӀерлой а, МӀайстой а санна гӀарабевлла пхьераш хилла. Царех цхьаннах дийцар дисина — гӀараваьллачу бӀевнашъярхойн Дисхех. ВӀовге воьдучу новкъахь йу ша лаьтта бӀов. Меттигерчу бахархоша Дисхи-бӀов олу цунах. Иза Дисхи пхьеро йина боху.
Нохчийн хӀусаман архитектурин хазачу иэсех йу Мизир-Кхаьлла бӀов. Иза чӀогӀа хаза пропорцеш, безаме декор, гӀишлошйаран лакхара техника.
Аьккхи-хин аьрру бердаца лекхачу ломан тарх тӀехь лаьтта, тархах лахьта даьккхина чу хӀоттийна Иттар-кхеллин бӀов. Цунах жима гӀап ала мегар ду. Цунна тӀе ваха а ца ло, хӀунда аьлчи тархӀ тӀиера тархӀ тӀе дечиган тӀай дара кхоьссина, иза доьхна дукха хан йу. Пенаш дерриш аьлчи санна доьхна, цхьацца саьлнаш йисина.
1860-гӀа шерашкара Аьккхан дозанаш
бӀаьра нисйанРКЪСХӀ-Аланин Центран пачхьалкхан архивехь Ӏалашден ГӀалгӀайн гуонан Карабулакан декъан Урхалла дӀайаккхаран докладан кехат тӀехь, Аьккхийн йукъаралла Органан гуонах дӀатохаран, Аьккхийн наибалла кхолларан рапорташкахь, даладо йукъараллин 1860-гӀа шерийн дозанаш. Цунна тӀехь къилбаседа доза Гиха хин тӀиера, цуьнан лакхенаш цхьанакхетарел 5 ½ чаккхарма лахахь чекхйолу Балойн лам кӀажошкахула, ткъа КӀегана-Юх эвлан саьлнаш йолчохь чекхдолу Шалажа а, Нетхой а эркийн лакхенашкахула Керелам агӀора, кхочу хьаннийн боьра, цу чуьра схьадолу ЧӀож эрк. ЧӀожан лакхенашкахь долало Аьккхий Мержойх къасто малхбузен доза: дӀадоьда нисса Марта лакхенашца, Ялхаройн ломан кӀажошкахула чекхдолу, чекхдолу Ялхарара Шира Олкумие боьдучу боккхачу некъах, чекхдолу акъарешна БорзантӀе а, Левси-корт а, кхочу ЦӀетти-корта ломе. Кхузара дӀадоьду къилба доза ЭргӀатӀа дукъ тӀехулахь, цуо къастабо Аьккхий а, Цхьорой а, кхин дӀа Кейшца доза долу хьаннийн лаьмнаш тӀехула ГӀопан-Корта акъари тӀекхаччалц, цигахь долало Гиха хин лакхара геннаш. Кхузахь йуьхьиг йу Нохчийчоьнах хьакхало малхбузен дозанан, цуьнца бу Койба лам, доза кхочу Гиха хин тӀе цуьнан аьтту бердаца охьа 5 ½ чаккхарма йукъаметтиг йолуш кхочу Балойн ломе, вай лакхахь дийцинчу къилбаседа дозане.
1860-гӀа шерашкара Аьккхан эвланаш
бӀаьра нисйанТиблисера (Гуьржийчоь) Центран архивехь Ӏалашде картин тӀехь, XӀX бӀешеран 60-гӀа шерашкахь Аьккхан йукъараллехь йара эвланаш: Боьн-Чу, Тарха, Ялхара, Лахара Ялхара, ТӀолие, ВиелгӀие, Ӏамкъа, Мозарга, КӀербича, Иттар-кхелли, Акха-Басс, КӀербитӀе, Орзуме-Кхаьлла, Кхоруотта, ВӀовга, Эйсалашка, КхеретӀе.
Некъий
бӀаьра нисйанТайп декъало некъешка: Бецахой, БIоби-некъе, Дуьрди-некъе, Иди-некъе (L3), Итар-Кхелой (L3), Ичи-некъе (L3), Итар-Кхелой, КӀиртӀарой (L3), ТугӀаз-некъе, ТӀала-Некъе (J1), Хьажи-некъе, ЧӀож-некъе[17][18]
Этимологи
бӀаьра нисйанНохчийн талламхочо-мохкӀаморхочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановн, тера хетара, Аккхий тайпан а, Аьккха мехкан а бух кӀела дижина «Аькхе» (+ вахар) — таллар, талла, талларца беха нах[4]. Ткъа нохчийн историкан Ахмадов Явусан хетарехь, Аьккхий дешан этимологи тахана а евзаш йац. Амма цуо тардолуьйту, цуьнан бух церан йукъараллин махкахула охьадоьду жима эрк, Гихан га Аькх-хи хилар[7].
Истори
бӀаьра нисйанНохчийн шира дийцарша хьахаво кхо ваша: ГӀа, Ахо (йа Ако), Шото, уьш хиллачух тера ду нохчийн тайпан хӀу долийнарш. Кхаа вешех кхо тайпа даьлла: ГӀалгай, Ако, Шото; хьалхарниш баьхна Ӏассан лакхенашкахь, шолгӀанаш – Гихан лакхенашкахь, кхоалгӀанаш – Соьлжан геннаш долчу ЧӀаьнта-Орган а, Шаро-Орган а лакхенашкахь. И кхо тайп дебаш, йукъатухуш керла баьхкинарш кхоьллира кхин тайпанаш, уьш ховшура малхбале а, малхбузе, къилбаседе.[19]
Аьккхий 1944 шо кхаччалц бехара Осу-хин майданахь (Гиха) лакхенашкахь, масала, ГаланчӀожан кӀоштара Акха-Басс, Аьккха, Ялхара, кхин а[20]. Нохчий махках баьхначул тӀаьхьа йухабирзича, хьалха баьхна кӀошт охьаховшар Ӏедало дихкира, аьккхий охьахевшира Нохчийчоьнан малхбузен аренашка.
XX бӀешо долалуш Аьккха веана хилла волчу оьрсийн талламхочо дуьйцу[21][22]:
Айайеллачу майданашкахь маьӀ-маьӀӀехь тӀулгийн цӀенош ду масех къеначу эвланийн. Уьш ду дукха хьолахь ширачу бӀаьвнашна гуонаха, уьш шорта йу оцу меттигехь, ширачу заманахь чӀагӀонаш хилла уьш вовшенца долчу девнашкахь, ткъа гергарчу муьрехь — Шемалан тӀамехь оьрсийн эскаршца. Оцу хиламех бахархошна йукъахь хӀинца а дагалецамаш бу: дуьйцу, оьрсаша чӀогӀа бӀаьвнаш дӀа муха лецара, муха йиекара йаккхийтоьпаш, муха йохайора артиллерийн хоьънаш ломанхойн чӀагӀонаш. |
Аьккий, гӀалгӀайх къаьсташ, чӀогӀа жигара дакъа лецира Кавказан тӀамехь, йукъахь бара Къилбаседа-Кавказан имаматан[22].
Аьккхийн дукха бӀевнаш хӀаллакйира йаккхийн тоьпашца оьрсийн эскарша, ткъа дийна йисинарш лелхийтира. Российн Ӏилманча-кавказӀаморхочо, этнографа, этнолога, бакъоӀаморхочо, юриста Б. Далгата йаздо цунах лаьцна[22]:
Аьккхийн ерриг бӀаевнаш йохийра оьрсаша тӀом чекхбаьлчи, кхераме а, дукха бала бина а хилла гӀопаш йолун дела |
.
Кавказан тӀом чекхбаьлчи аьккхий а, мержой а Нохчийчоьнан дозан арахьа хилира. Амма, "1866 шарахь, хьукматан омарца, аьккхий а, мержой а ГӀалгӀайг гуонах дӀа а къастийна Органан гуонан йукъатуьйхира, «Органан гуонан бахархошца цхьаьна тайпана хиларна, ткъа кхин а, шайн бахаран меттигца урхаллин центран герга хиларна а[22].
Аьккхаша сагатдора гӀалгӀайн, даиман а девнехь бара цаьрца[23][24].
Инарла-лейтенант, ТӀеман-топографин гӀуллакхан директор, КУ Коьрта штабан ТӀеман-топографин декъан урхалча – тӀеман топографийн Корпусан хьаькам волчу Бларамберг Ивана, аьккхех лаьцна йаздеш олура царех "Ахи", цуьнан хаамашца аьккхаша ломан атагӀашкахь беха, царна хи дуьллу Лакхарчу Гихан геннийн хи дуьллу. Уьш маьрша бу, царна тӀехь урхалла до хоржуш болчу къаноша. Бларамберг Иванан тидамашца аьккхий майра бу, лулахошна къола деш а бу[5].
Аьккхийн лаьмнаш тӀехь маьӀ-маьӀӀехь коллаш йу. Аьккхийн эвланаш атагӀи чухула а, охьа басеш йолчу акъареш тӀехула а йаьржина йу, иза бахьнехь уьш ларйина йу цӀеххьана тӀелатарх. ТӀаккха а церан мохк иштта лаьмнаш долуш бац, гуонахьара тайпанийн санна; церан шортта дежийлаш ду. Аьхка Аьккхахь дикка йовха хуьлу, цара дӀалаьцнарш Кавказан лекха лаьмнийн атагӀаш йоллушехь, лулахоша дӀало аьккхашка дажо шайн даьхний оцу шеран заманахь[5].
Церан коьрта бахам — уьстагӀий, церан даккхий жаш ду, ткъа иштта аьккхийн дукха маӀаш йолу даьхний а, говраш а йу. Латто кӀезиг кӀа а, сос, борц ло, бахархой кхаббал тоьу. Аьккхаша мах лелабо галайшца — шайн малхбален лулахошца, цаьрца шайн йалта а лой туьха хуьйцура аьккхаша[5].
Аьккхийн Наибалла
бӀаьра нисйан1865-1869 шерашкахь кхоьллина хилла Аьккхийн Наибалла[25]
Микротопоними
бӀаьра нисйанТурпалчу аьккхийн кешнаш – дӀатесна кешнаш долу меттиг Гихчун йисттехь[26].
ГӀарабевлла тайпанан нах
бӀаьра нисйан- Аьккхийн Джанхот — кхелхина паччахьан эскаршца тӀамехь Жимачу Нохчийчохь, дӀавоьллина Таьнги-чу эвлахь[27].
- Аьккхийн Алдам — наиб.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Сулейманов, 2006, с. 474.
- ↑ 1 2 К вопросу о количестве чеченских тайпов. Натаев Сайпуди Альвиевич
- ↑ Герейханов Г. П. Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе : (Этноконфессиональный аспект) : монография. — Москва: Граница, 2004. — 179 с. — ISBN 5-94691-100-7.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 45.
- ↑ 1 2 3 4 Бларамберг И., 2002, с. 222.
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ 1 2 Ахмадов, 2009, с. 150.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 405.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 591.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 411.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 671.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 616.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 409.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 517.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 520.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 407.
- ↑ Натаев С.А. К истории горного общества Аьккха и тайпового союза Аьккхий (аккинцы).
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ У. Б. ДАЛГАТ, ГЕРОИЧЕСКИЙ ЭПОС ЧЕЧЕНЦЕВ И ИНГУШЕЙ, ИЗДАТЕЛЬСТВО «НАУКА», МОСКВА, 1972, стр.41.
- ↑ Исторические области Чечни. Глава из книги Лечи Ильясова «Тени вечности» . Журнал «Чеченское общество сегодня». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 11 январь. Архивйина 2011-01-10 — Wayback Machine
- ↑ Известия Кавказского отдела Русского географического общества. 1902 г. Т. 15. Вып. 1-5 с. 286
- ↑ 1 2 3 4 Нухажиев Н.В., Умхаев Х.С., 2012, с. 140-141.
- ↑ // Б. К. Далгат «Родовой быт и обычное право чеченцев и ингушей. Исследование и материалы 1892—1894 гг.». Москва: «ИМЛИ РАН», 2008. С. 75
- ↑ Нухажиев Н.В., Умхаев Х.С., 2012, с. 142.
- ↑ ЦЕНТРАЛЬНЫЙ ГОСУДАРСТВЕННЫЙ АРХИВ СО АССР КАНЦЕЛЯРИЯ НАЧАЛЬНИКА ТЕРСКОЙ ОБЛАСТИ 1 ОТДЕЛЕНИЕ
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 414-415.
- ↑ Чеченцы в Русско-Кавказской войне Хожаев Далхан
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 598896002-2.
- Ахмадов Я. З. Очерк исторической географии и этнополитического развития Чечни в XVI—XVIII веках. Благотворительный фонд поддержки чеченской литературы. — Грозный: Благотворительный фонд поддержки чеченской литературы, 2009.
- З.А. Тесаев. Чеченская „география“ XV века, составленная по данным ученого-богослова и путешественника Аздина Вазара. — Грозный: «АО ИПК «Грозненский рабочий», 2018. — 256 с.
- Натаев С.А. К истории горного общества Аьккха и тайпового союза Аьккхий (аккинцы).
- Нухажиев Н.В., Умхаев Х.С. В поисках национальной идентичности. — Грозный: Грозненский рабочий, 2012. — 720 с.
- Бларамберг И. Кавказская рукопись. — Ставропольское книжное издательство, 1992. — 240 с. — ISBN 5-7644—0662-5.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |