ДегӀастанан Республика (ДегӀаста[2]) — Российн Федерацин (Российн) субъект, цунна йукъара республика[3]. Къилбаседа Кавказан Федералан гуон йукъадогӀу, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.

Республика (пачхьалкх)
ДегӀаста
оьрс. Республика Дагестан
Байракх[d] ХӀост[d]
Байракх[d] ХӀост[d]
Гимн Дагестана, Дагестан, ты отчизна святая
42°59′02″ къ. ш. 47°30′18″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Адм. центр ХӀинжа-ГӀала
Корта Сергей Алимович Меликов
Истори а, географи а
Кхоллар 1991
Латта
  • 50 300 км²
Сахьтан аса MSD, UTC+3, Европа/Москох[1]
Бахархой
Бахархой
  • 3 232 224 стаг (2024)
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 RU-DA
Телефонан код 872
Официалан сайт(оьр.)
ДегӀаста картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш


ДегӀастанан физикин карта

Кхоьллина 1921 шеран 20 январехь РСФСР йукъара автономин республика санна. Республикин коьрта гӀалаХӀинжа-ГӀала.

Доза ду Азербайджанан Республикица къилбехахь, Гуьржийчоьнца къилба-малхбузехьа, ткъа иштта Нохчийн Республикица малхбузехьа, Ставрополан мехкаца къилбаседа-малхбузехьа, ГӀалмакхойчоьн Республикица къилбаседехьа.

ДегӀастанан Республикин Конституцица пачхьалкхан меттанаш ду оьрсийн а, ДегӀастананахь деха дерриг къаьмнийн а меттанаш. Царна йукъахь йоза а ду, официалан статус а йу жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхьойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн меттанийн.

Этимологи

бӀаьра нисйан

Таханлера ДегӀастанан мехкан, алсама долу дакъа ломан ДегӀастанан, цӀе историн литературехь тайп-тайпана йоккху, иза доьзна ду луларчу къаьмнех, йа мостагӀий тӀелетарех, цара цӀе туьллура оцу мехкан шайн маттахь цӀе.

Цхьаболчу историкаша хуьлуьйту Къилба ДегӀастанан хьалхара цӀе «Албани», иза хуьлу «Ломан мохк»[4]. Гуьржаша исторехь ДегӀастанан цӀе йоккхура кхаа тайпана: «Лекети» (йа Лакз[5], йа Легийн латташ[6]), «Хундзети» (Ломан ДегӀаста) а, «Дидоэти» (Дидой)[5][7].

«ДегӀаста» цӀе йевза XVII бӀешарахь дуьйна, цуьнан маьӀна «ломан мохк» ду (туьркийн даг — лам, гӀажарийн стан — мохк, латта)[8]. А. К. Аликберовн хетарехь «ДегӀаста» гунно-савирийн (гӀумкийн дайн) ломан пачхьалкхан цӀеран калька ду — Тавъяка (гочдо с кипчакийн (гӀумкийн) меттара «Тав» — лам, «Як» — агӀо, мохк)[9]. В. В. Бартольдца «ДегӀаста» цӀе йукъайаьлла X/XVI бӀешерашкахь[10]. «ДегӀаста» цӀе нийса йац историн маьӀнехь бен, хӀунда аьлча ДегӀастанан АССР (хӀинца ДегӀастанан Республика) йукъа ГӀизларан, НогӀийн аренаш тоьхначул тӀаьхьа, ломан регионаш 56 % бен ца хуьлу йерриг майданах[8].

 
Нохчийчоьнан а, ДегIастанан а доза

ДегӀаста лаьтта Кавказан къилбаседа-малхбален декъехь, Каспий-хӀордан бердаца. Республикин къилбаседан декъехь — аренаш, къилбан декъехь — Йоккха Кавказан лаьмнаш. Къилбаседера къилбехьа йахйелла 400 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 200 км гергга. ДегӀастанан къилбаседехьа доза ду Ставрополан махкаца а, ГӀалмакхойчоьнца а, малхбузехьа Нохчий Республикица а, Гуьржийчоьнца а, къилбехьа Азербайджанца. Латта тӀехула а, Каспий-хӀорд чухула а доза ду пхеа пачхьалкхаца — Азербайджанца, Гуьржийчоьнца, Кхазакхстанца, Туркменица, Иранца. Азербайджанан дозанца — Российн къилбан йист йу (41°10' къ-с. ш.).

Гидрографи

бӀаьра нисйан

ДегӀастанан мехкан малхбалехь Каспий-хӀордан хиш ду. Къилбан а, йуккъера а республикин дакъош дӀалоцу Йоккхачу Кавказан лаьмнаша а, ломан кӀажоша а, къилбаседехьа йолало Каспийнйистан аре.

Республикин йуккъерачу декъехула чекхдолу эркаш Терк а, ГӀой-хи а. ДегӀастахь ду 6255 эрк (царна йукъахь 25 км дохалла долу, 100 кв.км хи гулдаран майда йолу, 100 коьртаниг, 185 кегийра а, 5900 сов чӀогӀа кегийра а), царех уггаре даккхийнаш ду Терк, ГӀой-хи, Самур, Рубас геннашца[11]. Дерриг эркаш Каспий-хӀордан бассейнера ду, амма хӀордах кхеташ 20 бен дац.

ДегӀастанан къилбаседе климат йекъа хиларна эркашца къиен йу. Долу эркаш а аьхка леладо хи дуьллуш, тӀаккха уьш хӀордах ца кхета[12].

Уггаре дукха хи долуш ду ломан эркаш, хи чехка хиларна уьш Ӏай а гӀуора ца до, церан амалехь ду дикка алсама хи хилар а, йаккхий охьенаш а[12].

Самур ДегӀастанахь шен барамца шолгӀа эрк ду. Цуьнан майда 7,3 эз. км² йу. Хьост ду ДегӀастанан Рутулан кӀоштахь. Каспий-хӀорд чукхетачу меттигехь Самур геннашна декъа а лой дельта до. Эрк тӀаьхь а, цуьнан коьрта геннаш тӀаьхь а кхоъ ГЭС йан план йу. Самуран хиш иштта леладо йалташна хи дуьллуш: эрк чуьра долу Азербайджанан лулахь долу (Самур-Апшеронан татол) Къилба ДегӀастанан хи дуьллу татолаш (Самур-Дербентан татол)[12].

ГӀой-хи кхоллало ГӀазгӀумкийн ГӀой-хи, ЖӀайхойн ГӀой-хи, Ӏаьндийн ГӀой-хи цхьаьна а кхетий, ткъа уьш схьадовлу Йоккхачу Кавказан лаьмнашкахь. Цуьнан бассейнан майда йу 15,2 эз. км². ГӀой-хино ло ДегӀастанан йерриг гидроэнергоресурсех ах ресурсаш, кхунна тӀаьхь йу Чиркейн ГЭС, Миатлин ГЭС, Гельбахан ГЭС, Чирюртан ГЭС-1, Чирюртан ГЭС-2.

Ӏаьмнаш
 
Сари-ГӀум барханан гӀамаран оьланаш
 
Салтин Ӏин (Салти), ДегӀаста, 1904 шеран апрель

ДегӀастанан орографи ша кепара йу: лаьмнийн кӀажойн 245 километр аса гӀоьрта пурх долчу даккъех, цара гуо бо доккхачу Ӏадца Чоьхьара ДегӀастанан. Коьрта ши эрк арадолу лаьмнашкара — Сулак къилбаседехьа, Самур къилбехьа. Ломан ДегӀастанан Ӏаламан дозанаш ду: Лайн а, Ишхеш а даккъаш — ГӀой-хин доккхачу Ӏине кхаччалц ду, Гимрин, Хьаннийн, Кокма, Джуфудаг, Ярудаг даккъаш — ГӀой-хин а, Самуран бассейнан а йуккъехь ду, Коьрта Кавказан дукъ — шине а бассейнан къилба-малхбузехьа ду[14].

Чоьхьара ДегӀаста, шеен рогӀехь, йекъало йуккъера лаьмнийн, акъари кепара кӀошт а, альпийн, лекха лаьмнийн кӀошт а[15].

Лаьмнаша дӀалоцу 25,5 эз. км² майда, ткъа ДегӀастанан берриг мехкан йуккъера локхалла йу 960 м. Уггаре лекха лам — Базардюзю (4466 м). ДегӀастанан лаьмнаш ден породаш, цӀеххьана къаьсташ йу. Коьртаниш царех — Ӏаьржа а, саз-латта кепара а сланцаш, чӀогӀа доломит долуш а, гӀийла щелоч долуш а кира маьӀданаш, ткъа иштта гӀамаран тӀулг а. Сланцийн даккъаш ду Лайн дукъ Дукълуо-Ломаца (4285 м), Богоссан дукъ Адалла-Шухгельмеэр (4151 м) бохьца, Шалиб Дюльтыдаг (4127 м) бохьца[16].

Каспийн бердйист а, Теркан-Куман а, Теркан-ГӀойхин тогӀен а аренийн доккхаха долу дакъа лаьтта дуьненан океанан тӀегӀанал 27 м лахахь[17].

ДегӀастанан къилбаседехьарачу а, йуккъерачу а декъера климат йу барамера континенталан а, йекъа а[18].

ДегӀаста йекъна кхаа лаьттан-климатан зонашка:

  • ломан — 850 (1000) м лакхе (майда 2,12 млн.га йа 39,9 % мехках)
  • ломан кӀажошкара — 150 (200) - 850 (1000) м (майда 0,84 млн.га йа 16 % мехках)
  • аренан — −28 - 150 (200) м (2,35 млн.га йа 43,3 % мехках)[19].

Январан йуккъера температураш +4 °C чӀожашкахь, −11 °C лекха лаьмнашкахь, июлан температура +30 °C чӀажашкахь, +8 °C лекха лаьмнашкахь. Шеран йочанаш хуьлу, Ӏай 200—300 мм, аьхка 600—800 мм[20].

Вегетацин мур бу 200—240 де[21].

Сахьтан аса

бӀаьра нисйан
 
МСК (москохан хан)

Дагестан лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[22].

ДегӀаста географин агӀора йекъало ломан кӀажошкара, ломан, лекха ломан физикин-географин асанашна, хӀоранна а царна чохь йу тайп-тайпана ораматаш. ДегӀастахь йолу 4500 гергга кепара лакхара ораматаш, царех 1100 эндемикаш[23]. Аренашкахь коьртаниг ахгӀум-аренан ораматаш йовлу. Ломан кӀажошкара асанехь (600 м лакхара) баьржина байнаш а, хьаннаш а. Субальпийн а, альпийн а байнаш тӀаьхь алсама йу овсяница, клевер, астрагал, скабиоза, горечавка, кхин а бецаш. 3200—3600 м лакхахь алсама йу кӀорсамаш а, шело ловш йолу ораматаш а[24].

Историн областаш

бӀаьра нисйан

ДегӀаста даиман а йекъалора историн-географин областашка: ЖӀайхойн мохк, Кайтаг, ГӀумкийчоь, Табасаран.

ДегӀастанан махкахь нах баьхна 2 миллион шо гергга хьалха: ХӀордйистан ДегӀастара хӀуттийла Рубас-1 (2,2—2,3 млн шо хьалха)[25], Айникаб 1-2, Мухкай 1, Мухкай 2 хӀуттийлин чкъор 80 (1,8 млн шо хьалха), Мухкай 2 чкъор 129 (2,5 - 1,9 млн шо хьалха)[26][27], Гегалашур 1-3, Ругуджа[28], Урма-1[29]. Ах миллион шо сов ду Дарвагчай эрк тӀиерачу хӀуттийлан[30].

Антикалла

бӀаьра нисйан
 
Кавказан Албани вайн эра долалуш. Батлер Самуэлан «Классикан а, антикан а географин атлас», XIX бӀешо.
 
Мемориалан комплекс «Ватан» — лерина ДегӀастахойн историн турпалаллин — Надир-шахан эскарш 1741 ш. Андалалехь эшорна, цунах хилира цхьанакхетна ницкъан а, цхьаьнатоьхна ницкъаш духар ца хиларан а ДегӀастанан къаьмнийн символ

Вайн эра долалуш таханлера ДегӀастанан дакъа дара Кавказан Албанин йукъахь.

Йуккъера бӀешераш

бӀаьра нисйан
Муниципалан кӀошт Бахархой Луьсталла, адам./км² Административан шахьар
1 Агулийн кӀошт 10 647 14 э. ТипагӀ
2 Акхушан кӀошт 52 464 84 э. Акхуша
3 АхцахӀан кӀошт 31 622 29 э. АхцахӀ
4 Бабаюртан кӀошт 45 073 14 э. Бабаюрт
5 БежтӀан дакъа 9500 17 э. БежтӀа
6 Ботлихан кӀошт 53 408 77,2 э. Ботлих
7 Шури-ГӀалин кӀошт 72 761 40 гӀ. Шури-ГӀала
8 Харгабин кӀошт 19 225 52 э. Харгаби
9 Гумбетан кӀошт 18 482 25 э. Мехельта
10 ГӀунибан кӀошт 25 633 42 э. ГӀуниб
11 Дахадаевн кӀошт 37 439 25 э. Уркарах
12 Дербентан кӀошт 93 282 113,4 гӀ. Дербент
13 Докузпарин кӀошт 14 906 33 э. Усухчай
14 Казбековн кӀошт 41 927 75 э. Дылым
15 Кайтаган кӀошт 34 635 51 э. Маджалис
16 КхарабудагӀгентан кӀошт 71 913 50 э. КхарабудагӀгент
17 Кхаякентан кӀошт 55 323 87 э. Керла-Кхаякент
18 Кизилюртан кӀошт 80 450 150 гӀ. Кизилюрт
19 ГӀизларан кӀошт 65 966 21 гӀ. ГӀизлар
20 Кулин кӀошт 10 232 16 э. Вачи
21 Кумторкалан кӀошт 23 804 18 э. Коркмаскала
22 Курахан кӀошт 14 989 20 э. Курах
23 ГӀазгӀумкийн кӀошт 11 951 17 э. Кумух
24 Левашин кӀошт 68 712 82 э. Леваши
25 Магарамкентан кӀошт 61 187 93 э. Магарамкент
26 НогӀийн кӀошт 22 539 3 э. Терекли-Мектеб
27 Рутулан кӀошт 21 018 11 э. Рутул
28 Сергокалан кӀошт 31 454 54 э. Сергокала
29 Сулейман-Сталан кӀошт 56 081 83 э. Касумкент
30 Табасаранан кӀошт 54 205 68 э. Хучни
31 Тарумовкан кӀошт 31 654 11 э. Тарумовка
32 ТлаьратӀан кӀошт 23 069 15 э. ТлаьратӀа
33 Унсоколон кӀошт 28 710 51 э. Унсоколо
34 Хаси-Эвлан кӀошт 140 387 100 гӀ. Хаси-Эвл
35 Хиван кӀошт 19 979 32 э. Хив
36 Хунзахан кӀошт 30 702 56 э. Хунзах
37 ЦӀумадан кӀошт 22 683 21 э. Агвали
38 ЦӀунтӀан кӀошт 17 889 14 э. Кидеро
39 ЧӀарадан кӀошт 11 340 11 э. ЦӀуриб
40 Шемалан кӀошт 25 970 29 э. Хебда
41 Ӏовхойн кӀошт 27 367 126 э. Бони-Эвла
42 Ӏахвахойн кӀошт 21 326 73 э. Карата
ГӀаланаш 2006 2007 2008
ХIинжа-ГIала 49 801 49 801 46 813
Шури-ГӀала 2095 2095 2095
Дагестански Огни 927 927 927
Дербент 7100 7100 6963
Избербаш 2292 2292 2255
Каспийск 3294 3294 3294
Кизилюрт 2370 2370 2370
ГӀизлар 3231 3231 3231
Хаси-Эвл 3848 3848 3848
Южно-Сухокумск 9170 9170 9170

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Комментареш

бӀаьра нисйан


  1. https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
  2. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — Грозный, 1978. — С. 722. — 728 с.
  3. Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  4. Юнус Дешериевич Дешериев. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. — Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1963. — С. 554.

  5. 1 2 Историческая карта Грузинского царства и соседних территорий
  6. [Armenia, Colchis, Iberia, Albania, Etc.jpg]
  7. Происхождение Хунз.
  8. 1 2 Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь / Отв. ред. P. A. Агеева. — М.: Русские словари, 1998. — С. 130. — ISBN 5-89216-029-7.
  9. Хазары: Миф и история. /Редколлегия: А. К. Аликберов, Т. М. Калинина, Т. М. Мастюгина, В. В. Наумкин, Е. Э. Носенко-Штейн (редактор-составитель), В. Я. Петрухин (редактор-составитель), В. С. Флёров, Р. Я. Эмануилов. Гешарим/Иерусалим — Мосты культуры/Москва, 2010.
  10. В.В. Бартольд. Сочинения. — Наука, 1965. — Т. 3. — С. 408.
  11. Республика Дагестан. Архивйина 2007 шеран 28 апрелехь Архивйина 2007-04-28 — Wayback Machine
  12. 1 2 3 Климат &124; Туризм в Дагестане. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 24 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 25 сентябрехь
  13. Берг Л.С. Рыбы пресных вод СССР и сопредельных стран. — М.—Л., 1948. — Т. 1. — С. 254. — 466 с.
  14. География ДегӀастанан. www.babochki-kavkaza.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.
  15. География и природа ДегӀастанан. www.e-dag.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2020-10-24 — Wayback Machine
  16. О Дагестане. www.prd23.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2019-05-08 — Wayback Machine
  17. ДАГЕСТАН • Большая российская энциклопедия - электронная версия. bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2020-06-13 — Wayback Machine
  18. Географическое расположение, рельеф и климат ДегӀастанан. www.dagestanrsp.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2015-09-26 — Wayback Machine
  19. Диссертация: Приёмы увеличения мощности панотнозо слоя каменистый почв речных долин Приморской низменности Дагестана. Архивйина 2010 шеран 8 январехь Архивйина 2010-01-08 — Wayback Machine
  20. БОЛЬШАЯ СТРАНА :: РЕСПУБЛИКА ДАГЕСТАН
  21. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху География и природа Дагестана тIетовжаран текст йазйина йац
  22. Федеральный закон от 03.06.2011 № 107-ФЗ «Об исчислении времени», статья 5 (2011 шеран 3 июнь).
  23. Природа ДегӀастанан. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.
  24. Республика ДегӀаста Географическая Карта (инг.). instructionstone. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  25. Деревянко А. П., Анойкин А. А., Казанский А. Ю., Матасова Г. Г. Новые данные по обоснованию возраста раннепалеолитического комплекса артефактов местонахождения Рубас-1 (Приморский Дагестан) // Известия Алтайского государственного университета. Выпуск № 3 (87) / том 2 / 2015.
  26. Ожерельев Д. В. Культурно-хронологическое определение каменных находок из слоя 129 многослойной раннепалеолитической стоянки Мухкай II. Краткие сообщения Института археологии. Вып. 241 (2015)
  27. Чепалыга А. Л., Амирханов Х. А., Садчикова Т. А., Трубихин В. М., Пирогов А. Н. Геоархеология олдувайских стоянок горного Дагестана. Бюллетень Комиссии по изучению четвертичного периода. № 72. Москва. ГЕОС. 2013. — С. 73-94.
  28. По Дагестану два миллиона лет назад бродили хомо эректус. Архивйина 2013 шеран 20 декабрехь (Амирханов Хизрин интервью)
  29. Амирханов Х. А., Мащенко Е. Н. Урма 1 — местонахождение раннего плейстоцена в Центральном Дагестане (1.2. Памятник Урма-1) // Stratum Plus, 2012
  30. Ильская стоянка на Кубани