Ӏаьс-хи
Iаьс-хи[2], Ӏacc хи[3] (гуьрж. ასა, гӀалгӀ. Эс оьрс. Асса) — Къилбаседа Кавказан эрк, Соьлжан[4] аьтту га.
Iаьс-хи | |
---|---|
гуьрж. ასა, гӀалгӀ. Эс, оьрс. Асса | |
Амал | |
Дохалла | 133 км |
Бассейн | 2060 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост | |
• Эрк долу меттиг | Доккха Кавказан дукъ |
• Локхалла | 1806 м |
• Координаташ | 42°39′29″ къ. ш. 44°54′28″ м. д.HGЯO |
Хикхоче | Соьлжа |
• Эрк чекхдолу меттиг | Заки-Эвла ТӀехьа-Мартанан кӀошт Нохчийчоь |
• Локхалла | 167 м |
• Координаташ | 43°15′17″ къ. ш. 45°24′55″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 12,3 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Пачхьалкхаш | |
Регионаш | Пхейн-Мохк, ГӀалгӀайчоь, Нохчийчоь |
Код ПХР чохь | 07020001112108200005482[1] |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Географи
бӀаьра нисйанСхьадолу коьрта Кавказан даккъийн къилбаседа басешкара Гуьржийчоьнан Пхейн-Махкара[5]. Кхоллало Чимгисцкали а, Цирилованцкали а эркаш, 1806 м[6] лакхахь, цхьаьнакхетачу меттигера. ОхьадогӀу ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а мехкашкахула. Закан-Юртан гергахь Соьлжах кхета.
Эркан дохалла — 133 км, хи гулден майда — 2060 км²[7], хин хершан шоралла аренашкарчу декъехь — 60 м сов. Ӏаьс-хи охьадогӀу Гуьржийн махкахула 20 километр, ГӀалгӀайн махкахула 91 километр, ткъа Нохчийчухула — 32 км.
Iаьс-хи тӀера нах беха меттигаш
бӀаьра нисйанӀаьс-хин тӀехь лаьтта эвланаш: Чимга, Ахиели, IамгIие, Нилха, Наькъасти, ГIолошпхье, Хамха, Йовла, Хьули, ГаьриетӀа, Каьзие, Бишта, Дешхьакхле, Къоста, Карт, Колие, Коьккие, Оьзига, Пхьуй, ГӀаьппие, ЦӀоьлие, БӀархание, Паьлинга, ТӀумгӀа Кхаьхк, Хьайрах, БӀаьрахие, Лаймие, Ний, ТӀаргим, Эгикхал, Олкумие, Мужиче, Галашкие, Алхастие, ГӀажарийн-Юрт, Берд-Юрт, Эха-Борзе, Керла-Шара, Закан-Юрт.
Геннаш
бӀаьра нисйанГуьржийчуьра
бӀаьра нисйанГӀалгӀайчуьра
бӀаьра нисйан- Нелхи, Тувча-алие, Жоьрда-алие, БӀогӀара, Бартхи, Тевзенхи, Жолхие, Тарам-аьлие, Посул-аьлие, Биерхи, ГӀулой-хи, Хьайрихи, ТкъабӀархо, Сарту, Тетрицкали, Ерусалимка, ЧамалгӀие.
Нохчийчуьра
бӀаьра нисйанГидроним
бӀаьра нисйан
Ширачу заманахь эрк деза хи лорура. ЦӀе йоьзна ю, хетарехь, гӀажарша Къилбаседа Кавказе чуеина керсталлин хьалхарчу муьрера шира жуьгтийн тобанах. Вайнехан кхетамехь «Ӏаьса» дешан маьӀна «ийман доцург» ду, дуьххьал дӀа аьлча «текъамдин» я «текъархой»; «Ӏаьсанаш» хилла вайнах, пхий, хӀирий, кхарачой балкхарой.
Хин реестрах хаамаш
бӀаьра нисйанРоссийн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[7].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005482[7].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 13.
- ↑ Карасаев А. Т., Мациев А. Г., 1971, с. 727.
- ↑ Асса, река // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Лист карты K-38-X. Масштаб: 1 : 200 000
- ↑ Картан кехат Картин кехат [{{{3}}} 39. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш.].
- ↑ 1 2 3 «Асса» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
Литература
бӀаьра нисйан- Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Географические названия // Русско-чеченский словарь . — Москва: Русский язык, 1978. — 728 с.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
- II часть : Горная Ингушетия (юго-западная часть), Горная Чечня (центральная и юго-восточная части) : топоним. слов. // Топонимия Чечено-Ингушетии : в IV частях (1976—1985 гг.) / Сост. А. С. Сулейманов, ред. А. Х. Шайхиев. — Гр. : ЧИ кн. изд-во, 1978. — 289 с. — 5000 экз.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Акваэксперт. Река Асса . www.aquaexpert.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март.
- По бассейну Ассы . www.skitalets.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март. Архивйина 2018-06-10 — Wayback Machine