Ӏашураъ
Ӏа̄шура̄ъ (Ӏаьр. عَاشُورَاءُ) — иза исламан рузманан мухьаррам беттан уьтталгӀа де ду. Бусалбанаша «Ӏашураъ де» (Ӏаьр. يَوْمُ عَاشُورَاءَ) олу цунах. Иза Дала Муса пайхамар ﷺ ПирӀунах кӀелхьарваьккхина де ду, иштта иза нисло Карбалаан тӀамехь Мухьаммад пайхамаран ﷺ йоьӀан кӀант Хьусайн ибн Ӏалий вийначу денца. Цундела шийӀаша иза тезетан а, гӀайгӀанан а де лору. Кхин а дуккха а историн хиламаш хилла Ӏашураъ дийнахь. Ӏашураъ де официалан дезде лоруш ду цхьайолчу пачхьалкхашкахь: Иранехь а, Пакистанехь а, Ливанехь а, Бахьрайнехь а, ХӀиндойчохь а, Ӏиракъехь а, Алжазаирехь а.
Ӏашураъ | |
---|---|
Ӏаьр. عاشوراء | |
Тайпа | исламан (суннатхойн а, шийӀийн а) |
МаьӀна |
Суннатхошна гергахь: Дала Муса пайхамар ﷺ а, исраилхой а ПирӀунах кӀелхьарбаьхна де ШийӀашна гергахь: Мухьаммад пайхамаран ﷺ йоьӀан кӀант Хьусайн ибн Ӏалий вийна де |
ХӀоттийнарг | Мухьаммад ﷺ |
Даздо | бусалбанаша |
Терахь | 10 мухьаррам |
2024 шарахь | 16 июлехь |
Ӏадаташ |
Суннатхошна гергахь: Шина йа кхаа дийнахь марха кхабар ШийӀашна гергахь: Мухьаррам денбар Мискачарна кхача балар |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Ӏашураъ дийнахь марха кхабар суннат лоруш ду суннатхошна гергахь, ткъа цуьнан марха кхабар хьалха дӀадаханчу шеран къиношна гечдаран бахьана хуьлу.
Этимологи
бӀаьра нисйанӀашураъ — иза мухьаррам беттан уьтталгӀа де ду, бусалба цӀе а йу иза. Иштта «Ӏашӯра̄ъ» (Ӏаьр. عَشُورَاءُ) дош деана ду Ӏайн элпанна тӀаьхьара алиф элп дӀа а даьккхина. Ӏашураъ боху дош Ӏаьрбийн маттахь «уьтталгӀа» (Ӏаьр. الْعَاشِرُ аль-Ӏа̄шир) бохург ду, цундела кхузара схьайаьлла йу и цӀе. И дош ма-дарра гочдича «уьтталгӀачу дийнахь» бохург ду, вуьшта аьлча, мухьаррам беттан уьтталгӀачу денна догӀу де ду иза. Цу дийнах Ӏашураъ хӀунда олу бохучу хаттарехь цхьаболчу бусалбачу Ӏеламнехан кхечу кепара хьежамаш белахь а, и де мехала хиларехь церан цхьа барт бу.
Суннатхошна гергахь
бӀаьра нисйанМухьаррам беттан уьтталгӀа де нисло Дала Муса пайхамар ﷺ а, цуьнан къам а ПирӀунах кӀелхьардаьккхинчу денца, ткъа цу дийнахь марха кхабар суннат ду суннатхошна гергахь. Ибн Ӏаббаса дийцина: “Пайхамарна ﷺ Мадийнате схьавеанчу хенахь Ӏашураъ дийнахь жуьгташа марха кхобуш гира. Цо элира (цаьрга): «ХӀара хӀун ду?» Цара жоп делира: “ХӀара деза де ду, Дала исраилхой шайн мостагӀах кӀелхьарбаьхна де ду хӀара, цундела Мусас а кхаьбна иза” — аьлла. ТӀаккха цо (Мухьаммада) элира: «Со тӀех хьакъ ву Мусаца шул а!» — аьлла. ТӀаккха и марха кхебира цо, и кхаба аьлла омра а дира”[1].
Цу дийнахь марха кхабар суннатхошна гергахь деза хиларе терра, цуьнан мархано дӀадаханчу шеран къинош дӀадоху, Мухьаммад ﷺ пайхамаро аьлла дела: «Ӏарафат дийнахь марха кхабар, Дала цул хьалха дӀадаханчу шеран (къиношна) а, цул тӀаьхьа догӀучу шеран (къиношна) а гечдаре сатуьйсу ас. Ткъа Ӏашураъ дийнахь марха кхабар, ас сатуьйсу Дала гечдийр ду аьлла цул хьалха дӀадаханчу шеран (къиношна)»[2]. Ибн Ӏаббаса дийцина: «Пайхамаро ﷺ цхьана а дийнахь марха кхабар лардеш ца гина суна, хӀокху дийнан, Ӏашураъ дийнан а, хӀокху беттан (рамазан бутт) а доцург, кхечу денойл иза (Ӏашураан а, рамазанан а марханаш) деза хилар бахьана долуш»[3][4].
ШийӀашна гергахь
бӀаьра нисйанШийӀаша тезетан а, гӀайгӀанан а, белхаран а де лору Ӏашураъ де, цундела дӀахьо цара тезетан гуламаш. Имам Хьусайн ибн Ӏалий верах хилларг нахана йуккъехь кест-кеста минбар тӀе охьахиъначу хьехамчо халкъана йовзийтархьама лекцеш а дӀахьо, и верна халкъ делхийтархьама. ТӀаккха дӀадолало кхин ламасташ: тӀараш деттар а, Радидо охьа а хиъна, тӀараш деттачарна тӀаьхьара белхарш дешар а, Хьусайн вер довзийтар дӀахӀоттор а. Цу гуламашкахь цара гойту цуьнца цхьаьнайогӀу гӀайгӀанан а, белхаран а билгалонаш, масала: байракхаш алссам хилар а, вота йеттар а, иштта дӀ. кх. а.
Ӏашураъ дийнан марха
бӀаьра нисйанСуннатхошна гергахь
бӀаьра нисйанСуннатхошна гергахь Ӏашураъ дийнахь марха кхабар суннат (мустахьабб) ду. Церан Ӏашураъ дийнан марха схьадаларца доьзна дийцарш (ривайаташ) тайп-тайпана ду. Царах цхьаболчара иза жехӀилийн заманахь къурайшийн марха досту де дара аьлла, ткъа рамазан беттан марханаш кхабар тӀедожийча, иза шайн лаамехь хилла дӀахӀоьттира[5]. Цхьадолчу суннатхойн жайнашкахь дуьйцу, Мухьаммад пайхамаро ﷺ и марха кхебира Мадийнатехь жуьгташа а цу дийнахь и кхобий шена хиъча. Цхьаболчара и дийцар йухатоьхна, жуьгтийн Ӏашураъ бусалбанийн Ӏашураах къаьсташ ду аьлла[6].
ШийӀашна гергахь
бӀаьра нисйанШийттаннийн шийӀийн факъихӀашна гергахь, царна йукъахь ву Ӏалий ас-Систани а, Ӏашураъ дийнахь марха кхабар макрухӀ (лаамаза) ду. Амма цу бохамечу дийнахь Хьусайнан а, цуьнан доьзалан а хилла йолчу хьогаллах тарлуш, хих йухакхета магадо[7].
Ӏашураъ дийнахь хилларш
бӀаьра нисйанМухьаррам беттан уьтталгӀачу дийнахь хиллачу дуккха а хиламех лаьцна цхьаболчу историкаша дийцина, масала: ислам дин далале хьалха КаӀбатна тӀе кхоллар (шаршу) тосуш хилла Ӏашураъ дийнахь, цул тӀаьхьа ГӀурбанан дийнахь таса долийна хилла иза[8]. Дала Адам пайхамаран тоба къобалдина де ду иза. Нухь пайхамар Дала кӀелхьарваьккхина, кеман чуьра араваьккхина де ду иза. Цу дийнахь Дала шен пайхамар ИбрахӀим Намрудах кӀелхьарваьккхина. Цу дийнахь Дала Юсуф пайхамар ЯӀкъуб пайхамаре йухаверзийна. Цу дийнахь Дала ПирӀун а, цуьнан эскар а хи бухадахийтина, Муса а, исраилхой а кӀелхьарбаьхна. Цу дийнахь Дала шен пайхамарна Давудна гечдина, Сулайман пайхамарна паччахьалла а делла. Цу дийнахь Делан пайхамар Юнус китан кийрара араваьлла. Цу дийнахь Дала Айюб пайхамарна тӀера бала дӀаайина.
Карбалаан тӀом
бӀаьра нисйанХӀижрин рузманан 61-чу шарахь Ӏашураъ дийнахь Карбалаан тӀамехь вийна Хьусайн ибн Ӏалий а, цуьнан накъостий а, цуьнан цӀийнах болу божарий а, царах бу: цуьнан доьзал чуьра Ӏалий аль-Акбар а; цуьнан вежарий а: Ӏаббас а, ӀабдуллахӀ а, ЖаӀфар а, Ӏусман а; цуьнан вешин Хьасанан кӀентий а: Аль-Къасим а, Абу Бакр а, ӀабдуллахӀ а; Ӏакъилан кӀентий а: ЖаӀфар ибн Ӏакъил а, Ӏабдуррахьман ибн Ӏакъил а; Муслим ибн Ӏакъилан кӀентий а: ӀабдуллахӀ а, Мухьаммад а; иштта ӀабдуллахӀ ибн ЖаӀфар ат-ТӀайяран кӀентий а: Ӏавн а, Мухьаммад а.
Суннатхойн Ӏеламнехан барт ца хилла Хьусайнан коьртан хьокъехь, Ибн Зияда цуьнан корта Куфера Шема-махка, Язиде дӀакхачийна йа ца кхачийна бохучу хаттарехь.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанХьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ Сахьихь аль-Бухари, № 2004
- ↑ Сахьихь Муслим, № 1162
- ↑ Сахьихь аль-Бухари, №2006
- ↑ فضل صيام عاشوراء - الإسلام سؤال وجواب (Ӏаьр.). islamqa.info. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 15 июль.
- ↑ فضل شهر الله المحرم وصيام عاشوراء - محمد صالح المنجد (Ӏаьр.). ar.islamway.net (2017 шеран 2 октябрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 15 июль.
- ↑ أثبت الفلكي الكويتي صالح العجيري بالحساب الفلكي الموثوق، في مقالته المنشورة في جريدة القبس الكويتية في 16 إبريل 2005م، أن اليهود كانوا صائمين في اليوم الذي دخل فيه النبي صلى الله عليه وآله وسلم المدينة المنورة وهو اليوم العاشر من تشري سنة 4383 بالتقويم العبري، وهو عاشوراء اليهود أو يوم الغفران أو يوم كيبور، وهو يوافق تماما يوم الهجرة النبوية الذي هو يوم الاثنين 8 ربيع الأول من السنة الأولى الهجرية الموافق 20 سبتمبر سنة 622 ميلادية، وكما هو معروف أن شهر ربيع الأول هو الشهر الثالث من السنة الهجرية القمرية.
- ↑ ما هو الرأي الصائب في صيام يوم عاشوراء ؟ (Ӏаьр.). مركز الإشعاع الإسلامي (2013 шеран 11 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 15 июль.
- ↑ روى الأزرقي عن ابن جريج قال: «كانت الكعبة فيما مضى إنما تكسى يوم عاشوراء، إذا ذهب آخر الحجاج حتى كان بنو هاشم، فكانوا يعلقون عليها القمص يوم التروية من الديباج، لأن يرى الناس ذلك عليها بهاء وجمالًا، فإذا كان يوم عاشوراء علقوا عليها الإزار»