Бена-Йурт
Бе́на-Йурт[4] (оьрс. Бе́но-Юрт) — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштан йурт.
Йурт | |
Бена-Йурт | |
---|---|
43°41′28″ къ. ш. 45°02′59″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Теркан |
Йуьртан меттиг | Бена-Йуртан |
Истори а, географи а | |
Хьалхара цӀерш | Озерное[1] |
Майда |
|
Центран локхалла | 103[2] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 7089[3] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87132[2] |
Поштан индекс | 366814 |
ОКАТО | 96216802001 |
Картин тӀехь | |
Бено-Йуртан йуьртан меттиган административан центр йу[5].
Географи
бӀаьра нисйанЙурт лаьтта Теркан аьтту бердаца, кІоштан центр йолчу ЧӀулга-Йуртан 5,5 км малхбузехьа а, 12 км цІерпошт станцин Ишорен а. Уллора йарташ: къилбаседа-малхбалехь — Ишоре гІала а, Рубежни, къилба-малхбузехь — йарташ Ӏелин-Йурт а, НогӀамирзин-Йурт а, малхбузехь — Гуьлгани гІала (Ставрополан мохк)[6]. Дуьххьара Бена-Йуртан, НогІа-Мирза-йуртан, Іелин-Йуртан дозанаш билгалдаьхна 1863 шеран сентябрехь-октябрехь.
Микротопоними
бӀаьра нисйанБена-Йуьртан микротопоними[7]:
«Жа дигна тогӀи» — Бена-Юртан къилбаседехьа. ЦӀе йоьзна йу, революци хилале Теркйистехь баьхна хьоладай МазаевгІара Петра а, Федора а, латта лелош болчу ЧӀулггІара а жимма бахьана доллушехь дӀадуьгуш хилла нохчийн йарташкарчу бахархойн даьхни, дӀалуш а ца хилла доккха гІуда ца текхча ялташ хӀаллакдарна.
«Муьжгин кӀотар» — Бена-Йуртан къилбаседехьа, латташ а, даьхнийн дежийлаш а долу хьоладайн керт. Революцин муьрехь самбевлла гІевттанчу ахархоша, МазаевгІера кІотарш схьаехира.
«ГӀалин мара» — Бена-Йуртан къилбаседа-малхбузехь бу.
«ТӀехьара хьун» — Бена-Йуртан малхбузехьара хьун.
«Лакхара хьун» — Бена-Йуртан малхбузехьара хьун, ТӀехьара хьуьнал а гена йу.
«Теркан йист» — Теркан бердаца йолу дика латта долу тогІе, Бена-Йуртан малхбалехьа а, къилбаседехьа а йу. Теркан тІиера хӀора эвлан а йу иштта тогІе.
«Йуьртан кешнаш» — Бена-Юртан йуккъехь.
«Дзоташ йолчу» — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш хилла дзоташ йолу меттиг. Бена-Йуртан къилбаседа йисттехь.
«Моллин барз» — йуккъерчу бІешерийн баьрзан каш. Бена-Йуртан малхбуза йисттехь. И цӀе йисина туьркийн маттера «мола» (нохч. — каш) дашах, нохчаша «мола барз» аьлла, тІаьхьуо Моллин барз хилла. Ма-дарра аьлчи «Кешан барз» бу.
«Саьнгарш йолчу» — Бена-Йуртан малхбалехьа, цигахь йисина Сийлахь-боккха Даймехкан тІаман заманера танкашна дуьхьал йаьхна саьнгарш.
«ЧӀиж мере» — Бена-Юртан къилбехьа.
«Аьччина шу» — «аьччина» дешан этимологин тІаьхьакхианза ду. Теркан тІегІа. Бена-Юртан къилбехьа.
«Боккха шу» — Теркан шолгІа тІегІа. Бена-Юртан къилба агІора.
«Кема охьадоьжна меттиг» — Бена-Йуртан 4 км къилбаседа-малхбалехьа, Сийлахь-боккха Даймехкан тІом болуш чудоьжна советийн тІеман кема. Кема а, экипаж а иккхинчу меттигехь хІоллам боьгІна. ХӀора шарахь Толаман дийнахь — 9 майхь — кхуза богІу уллора гергарнаш кхелхинчу пилотийн. Йарташкарчу бахархоша дика тІеоьцу хьеший. ХӀоллам болчохь даздаран цхьанакхетарш дӀахьо.
«Ӏаж болу боьра» — йуьртан къилбехьа. Хьалха ша лаьтташ Іаж хилла цигахь.
«Муьжан чоь» (Мюжан чё) — йуьртан къилбехьа. Цигахь хилла минералан хьаст а, кІотар а.
«Белшин корта» — Теркан дукъ тІиера бохь, Бена-Йуртан къилбехьа. Белши вайнехан мифологера наьртийн эпосера зуда-наьрт.
«Белшин коьртан боьра» — Бена-Йуртан къилбехьа, Теркан дукъан къилбаседа басехь Белшин коьртан дуьхьала. Наьртех долчу дийцаршкахь, Белшин коьртан тІехь а, боьрахь а йаьхна зуда-наьрт Белши.
«БӀозин боьра» — Бена-Йуртан къилба агІора. Баккхийн наха дийцарехь, оцу боьрахь цхьана хенахь тоьлин чохь ваьхна БӀоза цӀе йолуш стаг. БӀоза — наггахь бен нислуш йоцу долара цӀе.
«Дуркхий тӀе» — Бена-Йуртан къилбехьа. Дуркха — долара цІе йолчух тера ду.
«Ӏам тӀе отар» — Бена-Йуртан кІотар, оьрсаша Маковкин цӀе тиллира, хӀинца Комарово олу. Нохчийн цӀе Іам тІе кІотар.
Истори
бӀаьра нисйанЙуьрт йиллинарш, меттигерчара дийцарехь, лору нохчмахкахойн тайпа Беной, иза гойту ша йуьртан цӀаро - Бена-Юрт[4].
1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а ара а баьхна, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхича Бена-Юртан кхин цӀе тиллира – Озёрни[1] аьлла. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийча, эвлан хьалхалера цӀе Бена-Юрт йухаерзира.
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1990[8] | 2002[9] | 2010[10] | 2012[11] | 2013[12] | 2014[13] | 2015[14] |
3502 | ↗5630 | ↗7089 | ↗7163 | ↗7255 | ↗7378 | ↗7450 |
2016[15] | 2017[16] | 2018[17] | 2019[18] | 2020[19] | ||
↗7498 | ↗7581 | ↗7648 | ↗7704 | ↗7738 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Йерригроссийн нах багарбаран[20] жамӀашца йуьртан къоман хӀоттам:
Къам | Дукхаллин барам, ст. |
Дакъа берриг бахархойх, % |
---|---|---|
нохчий | 7 016 | 98,97 % |
гӀумкий | 35 | 0,49 % |
кхин берш | 15 | 0,21 % |
ца гайтина а, къам доцуш а | 23 | 0,32 % |
массо | 7 089 | 100,00 % |
Дин
бӀаьра нисйанЙуьртарчу кешнашкахь СангІарин-моллин зиярт ду.
ГӀарабевлла йуьртахой
бӀаьра нисйан- Абдулмуслиев Аюб — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь. Эскаре кхайкхина 1940 шеран февралехь (хаам Теркан кӀоштан тӀеман комиссариатера). ТӀеман гӀуллакх кхочушдина 125-гӀа кхийсархойн полкан 1-чу ротехь салтийчун даржехь[21].
- Айдамирова, Марьям Ахьмадовна (1924—1992) — йишлакхархо, музыкахо, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист, РСФСРн Хьакъдолу артист[22].
- Айдамирова, Аймани Шамсудиновна (йина 1965 шеран 8 мартехь) — йишлакхархо, актриса, Нохчийн Республикин а, ГӀалгӀайн Республикин а халкъан артист, Российн Федерацин Хьакъ долу артист. Айдамирова Марьяман вешин йоӀ[23].
- Аюбов, Ӏалихан Абубакарович (1988) — грекийн-руман кепара охьатохарх латарехь Российн чемпионатан совгӀатхо;
- Аюбов, Шахьрудди Абубакарович (1981) — грекийн-руман кепара охьатохарх латарехь Российн чемпионатийн совгӀатхо, Дуьненан Кад баккхарехь тлоламхо а, совгӀатхо а, Российн спортан говзанча;
- Гадаев Лукъман - Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь. Муьлхачу полкехь хилла хууш дац[21].
- Завгаев, Докка ГӀапурович (1940) — нохчийн а, российн а пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо[24], юридически Ӏилманийн доктор, экономикин Ӏилманийн кандидат, Российн Словенера векал.
- Завгаев, Ахьмар ГӀапурович (1947) - российн пачхьалкхан гӀуллакххо. Пачхьалкхан доьалгӀа а, пхеалгӀа а кхайкхаман думан[25]. «Единая Россия» фракцин декъашхо. ПД бюджетан а, налогийн а Комитетан декъашхо (хьалха вара экономикин политикин а, хьуьнараллин а, туризман а Комитетан декъашхо, Къилбаседа Кавказан баланийн Комиссин декъашхо, меттигерчу шеш шайна урхалладаран гӀуллакхийн Комитетан декъашхо). Завгаев, Докка ГӀапуровичан ваша.
- Завгаев, Ахьмад ГӀапурович (1946—2002) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо, Российн Федерацин Турпалхо (2002). Завгаев, Докка ГӀапуровичан ваша.
- Минцаев, Мовсар ТӀахӀирович (1952 шеран 8 апрель, Караганда, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн операн а, эстрадан эшархо, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Сийлахь артист, Российн Сийлахь артист, Сочехь хилла йолу эстрадан эшеран конкурсан лауреат (1980 шо), Глинкин цӀарах йолу конкурсан лауреат (1982 шо), Рио-де-Жанейрехь йолу Вила Лобоса цӀарах йолу конкурсан лауреат (1983 шо), халкъашна йуккъера Шаляпинан цӀарах йолу конкурсан лауреат (1993 шо)[26].
- Минцаев Мохьмад Шавалович – техникин Ӏилманийн доктор[27], академик М.Д. Миллионщиковн цӀарах йолчу Соьлжа-ГӀалин Пачхьалкхан Мехкдаьттан техникин университетан Ӏилма-талларан секторан (ӀТС) хьаькам.
- Мусаев Мохьмад-Эми Мутуевич – Нохчийн Республикин йуьртабахаман министраллин Ветеринарин урхаллин хьаькам[28]. Вина 1961 шеран 06 июлехь ЧИАССР Теркан кӀоштара Бена-Юртахь. 1996 шеран январехь хӀоттийна Нохчийн Республикин пачхьалкхан ветеринаран инспекцин Коьрта урхаллин хьаькам. 2007 шеран 1 сентябрехь дуьйна шолгӀачу меттигехь – Нохчийн Пачхьалкхан Университетан аграрийн факультетан Ветеринарин кафедран доцент[29].
- Усмаев Ширвани — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь[21].
- Хаблиев Махди — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь[21].
- Хунигов Умар — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь. ТӀеман гӀуллакх кхочушдина 222-гӀа кхийсархойн полкехь Черемха гӀалахь. Цигара 1941 шеран майхь дехьаваьккхина гӀопе. Полк йевзаш йац. ТӀепаз вайна (хаамаш КӀТӀК), тайпана аргӀано.
- Эльмурзаев Баудин — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь.
-
Марьям Ахьмадовна Айдамирова
-
Ахьмад ГӀапурович Завгаев
-
Ахьмар ГӀапурович Завгаев
-
Минцаев Мовсар ТІахІирович
Инфраструктура
бӀаьра нисйанЙуьртахь йу Бена-Йуртан йуккъера йукъарадешаран ишкол[30], пошта, оьздангаллин цӀа, масех туька[4], кафе, Кадыров Ахьмад-Хьаьжийн цӀарах берийн беш[31], поликлиника, рузбан маьждиг а, жамаӀат маьждиг а[32].
Тайпанаш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни : топоним. слов. — [1-е переизд. работы 1976—1985 гг., изменённое и дополн.] — Нальчик : «Эль-Фа», 1997. — 685 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
- ↑ 1 2 Село Бено-Юрт / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ) Архивйина 2011-09-01 — Wayback Machine
- ↑ 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений . Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 16 апрель. Архивйина 2012 шеран 1 июнехь
- ↑ 1 2 3 4 Сулейманов, 1997, с. 553.
- ↑ Бено-Юртовская сельский округ Архивйина 2012-02-11 — Wayback Machine
- ↑ Карта Чечни Объём 8 МБ.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 554-555.
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
- ↑ Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более" . Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 Официальный сайт Бено-Юртовского сельского поселения http://beno-urt.ru/%D0%BE%D0%B1%D1%89%D0%B0%D1%8F-%D0%B8%D0%BD%D1%84%D0%BE%D1%80%D0%BC%D0%B0%D1%86%D0%B8%D1%8F-2/
- ↑ Марьям Айдамирова
- ↑ https://www.youtube.com/watch?v=ZFBnNIj32hA
- ↑ Доку Гапурович Завгаев
- ↑ Страница депутата на сайте ГД Архивйина 2010-07-12 — Wayback Machine
- ↑ http://kkre-34.narod.ru/mincaev.htm
- ↑ gstou.ru/index.../951-magomed-mintsaev-zashchitil-doktorskuyu-dissertatsiyu.html
- ↑ http://economy-chr.ru/wp-content/uploads/2013/12/%D0%A0%D0%B0%D1%81%D0%BF%D0%BE%D1%80%D1%8F%D0%B6%D0%B5%D0%BD%D0%B8%D0%B5-%D0%9F%D1%80%D0%B0%D0%B2%D0%B8%D1%82%D0%B5%D0%BB%D1%8C%D1%81%D1%82%D0%B2%D0%B0-%D0%A7%D0%A0-%D0%BE%D1%82-06.04.15-%E2%84%9675-%D1%80.pdf Архивйина 2019-07-13 — Wayback Machine
- ↑ http://www.dissercat.com/content/sovershenstvovanie-gosvetnadzora-v-usloviyakh-chechenskoi-respubliki
- ↑ ГУЧ 'СОШ с. Бено-Юрт' , 2007003854
- ↑ МДОУЧ 'Детский сад им. А.Кадырова с. Бено-Юрт' 89287361121, 2007004488
- ↑ МЕЧЕТЬ СЕЛА БЕНО-ЮРТ , 2007004030
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 Сулейманов, 1997, с. 554.
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |