Бусалбаниг
Жайнаш а, законаш а
![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Буса́лбаниг (Ӏаьр. مسلم [муслим], зударийн кеп مسلمة [муслимат]) — иза ислам динан тIаьхьавозург ву. Российн имперехь бусалбанех магометанаш (Мухьаммадан тIаьхьабозурш) олура, ткъа кхин а хьалха — басурманаш[1].
Бусалбанийн сийлахь жайна — Къуръан ду. Къуръан — Делан дош ду, Мухьаммад пайхамаран Жабраил маликехула доссийна долу. Бусалбанаш тIаьхьабозу Къуръанан а, кхин а Мухьаммад пайхамаран
хьадисашна а, уьш йаздина ду ламасталлин хьадисийн гуламехь (суннатехь)[2].
Бусалбаниг теша веза, Дела (АллахӀ) гуттаренна вуй, трансцендентан а, накъост воцуш а вуй (хьажа таухьид). Царна хаа деза, АллахI шеха тер ахIума долуш вац, хIуъа а далуш ву, доьзал хуьлуш вац, ша вина а вац (Аль-Ихьлаьс). Бусалбанаш теша беза, ислам тIеххьара тIегIа йу динан, деана долу пайхIамаршкахула Нухь , ИбрахIим
, Муса
, Iиса
. Хьалхалера Жайнаш а, Делан хаамаш а йукъ-йукъахь хийцина галдаьхна (тахьриф)[3], ткъа Къуръан ду тIаьххьара а, хийцанза а Делан къамел[4]. Бусалбачарна къобал дан деза Мухьаммад
тIаьххьара пайхIамар хилар, цул тIаьхьа кхин пайхIамар хулийла ца хилар а («ПайхIамарийн мухар»).
Этимологи Нисйе
Iарбийн дешан муслиман маьIна ду «муьтIахь верг (АллахIан)» йа «Ша дIавелларг (АллахIан)» ислам дешан аналогица — «тиер», «тIеэцар». В. М. Порохован вариант: « …„бусалбаниг“ — „АллаххIан муьтIахь волу стаг“».
Бусалбанийн декхарш Нисйе
Стаг бусалба лору, нагахь цуо шахIадат далийнехь: «Аса тешалла до, АллахI воцург кхин Дела ца хиларх, аса йуха а тешалла до Мухьаммад АллахIан Элча хиларх». Бусалбачеран дин лаьтта пхеа бIогIам тIехь. ШахIадаца кхин а исламан бIогIамаш ду: хIора дийнан пхиъ ламаз, Рамадан баттахь марха кхабар, закат далар, таро ялахь Макка хьаьж дар[5][6].
Исламан парзаш доцуш, кхин а ялх бIогIам бу иманан, царех цхьаъ къобал ца бичи а бусулбаниг динара араволу. Уьш ду:
- АллахIах тешар;
- Маликех тешар;
- Сийлахь-Деза Жайнех тешар;
- ПайхIамарех (наби) а, элчанех (расуль) а тешар;
- Къемат-дийнах тешар;
- Къадрех, дерриг диканиг а, гIониг а АллахIан лаамца хуьлуш дуй хаар, тешар[7].
Бусалбанаш Мухьаммад пайхIамар
дин кхайкхо волавалале
Нисйе
Къуръанан пайхIамарш а, элчанаш а, царна тIехьабозурш а бусулба бу. Иштта Аль Iимран суратан 52 аятехь Iийса пайхIамаран сахьабаш боху цуьнга: «Тхо — АллахIан гIоьнчаш ду. Тхо тешна АллахIах. Теш хилахь тхо бусалба хиларан!»[8]. Къуръан доссале бусалбанаш декхарийлахь бара Мусага , Давудега , Iийсага диссина Товратан, Забуран, Инжилан тIаьхьабаза.
Даржар Нисйе
Дерриг дуьненан бусалбанийн бараман маххадабо 1,7 млрд гергга ст.[9]. Ислам ду дукхаллин барамца шолгIа, цхьайолчу МХГI хаамашца, дуьненахь уггаре сиха кхуьуш долу дин[10][11].
90 % берриг бусалбанех лору шеш суннийш[12]. ШолгIа бу исламан некъ шиIийш (10 %)[13].
Бусалбанийн дукхаллийн барамца уггаре йоккха пачхьалкх — ХӀиндонези йу, цигахь беха 12,7 % дуьненара берриг бусалбанех, цул тIаьхьа йогIу Пакистан (11,0 %), Бангладеш (9,2 %), Мисар (4,9 %)[14]. Бусалбанаш иштта дукха бу ХӀиндин, Цийн, Российн, Эфиопин пачхьалкхашкахь.
Российн бусалба къаьмнаш Нисйе
2002 ш. бахархой багарбаран терахьашца Российра ламастан бусалба къаьмнийн барам хилира 16,5 млн ст. — пачхьалкхан бахархойх 11 % гергга. ХIинца Российн Федерацин махкахь деха Ислам дин лело 40 гергга къам: нохчий, жӀай, кхазакхаш, азербайджанаш, акхшой, гӀазгӀумкий, ГӀиргӀазой, башкираш, гIезалой, таджикаш, туркменаш, узбекаш, лаьзгий, адыгаш, абазой, гӀумкий, ногӀий, балкхарой, кхарачой, гӀалгӀай, туркой-месхетинхой, табасаранаш, рутулаш, агулаш, цахураш, кхин а[15].
Кхин хьажа Нисйе
Билгалдахарш Нисйе
- ↑ * Словарь иностранных слов, вошедших в состав русского языка. — Чудинов А. Н., 1910.
- Толковый словарь Даля. В. И. Даль. 1863—1866.
- Толковый словарь Ушакова. Д. Н. Ушаков. 1935—1940.
- ↑ The Qurʼan and Sayings of Prophet Muhammad: Selections Annotated & Explained. — SkyLight Paths Publishing, 2007. — P. 21–. — ISBN 978-1-59473-222-5.
- ↑
- ↑ Submission.org, Quran: The Final Testament, Authorized English Version with Arabic Text, Revised Edition IV,ISBN 0-9729209-2-7, p. x.
- ↑ Hooker, Richard arkan ad-din the five pillars of religion. United States: Washington State University (July 14, 1999). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 3 декабрехь. Теллина 2010 шеран 17 ноябрехь.
- ↑ Religions. The World Factbook. United States: Central Intelligence Agency (2010). Теллина 2010 шеран 25 августехь.
- ↑ Столпы веры (имана). www.islam.ru. Теллина 2014 шеран 9 августехь.
- ↑ 3:52
- ↑ Muhsin S. Mahdi , Annemarie Schimmel, Fazlur Rahman Islam. // Encyclopædia Britannica
- ↑ The List: The World's Fastest-Growing Religions. Foreign Policy (May 14, 2007). Теллина 2010 шеран 16 майхь.
- ↑
- Islam Today. Islam: Empire of Faith (2000). PBS. — «Islam, followed by more than a billion people today, is the world's fastest growing religion and will soon be the world's largest...» Теллина 2010 шеран 25 августехь.
- Understanding Islam. Susan Headden. U.S. News & World Report (April 7, 2008). Теллина 2010 шеран 25 августехь.
- Major Religions of the World Ranked by Number of Adherents. Adherents.com. Теллина 2007 шеран 3 июлехь.
- ↑ Islamic Beliefs, Practices, and Cultures. — Marshall Cavendish, 2010. — P. 352. — ISBN 0-7614-7926-0.
- ↑ Shīʿite. Encyclopædia Britannica Online. — «Shīʿites have come to account for roughly one-tenth of the Muslim population worldwide.» Теллина 2010 шеран 25 августехь.
- ↑ Number of Muslim by country. nationmaster.com. Теллина 2007 шеран 30 майхь.
- ↑ Алов А.А., Владимиров Н.Г. Мусульманские этносы России. М.: Институт Наследия, 1996. — 122 стр. ISBN 5-86443-024. Теллина 2013 шеран 16 декабрехь.
Хьажоргаш Нисйе
- Викилармехь йу Бусалбаниг теман медиафайлаш
ХӀара исламах лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |