Ишоре

Невран кӀоштара йурт, Нохчийчоь.
(Ищёрски тӀера хьажжина кхуза)

Ишо́ре (оьрс. Ищёрская) — Нохчийчоьнан Невран кӀоштара гӀала. Ишорен йуьртан меттиган административан центр[3] (йукъайогӀу Ишоре гӀала, Дальни эвла а, Кречетово кӀотар).

Эвла
Ишоре
Сурт
43°42′55″ къ. ш. 45°07′35″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Неврен
Йуьртан меттиг Ишорен
Йукъара йекъайалар Ишоре, Дальни, Кречетов
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор 1771
Центран локхалла 102 метр[2]
Климатан тайпа Бараме
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 4899[1] стаг (2019)
Къаьмнийн хӀоттам Нохчий, оьрсий, туркой
Динан хӀоттам Ислам, керсталла
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366132
Автомобилан код 95, 20
ОКАТО 96222804001
Картин тӀехь
Ишоре картан тӀехь
Ишоре
Ишоре картан тӀехь
Ишоре
Ишоре картан тӀехь
Ишоре

ГӀала лаьтта Теркан-Куман аренахь, Теркан аьрру бердаца, кӀоштан центран Новр-ГӀалин 15 км малхбузехьа, Теркан кӀоштан центран ЧӀулга-Юртан 5 км къилбаседехьа, Алпатун 7 км къилба-малхбузехьа[4], Нохчийн Республикин Ставрополан мехкаца долчу административан дозан 4 км гена.

Ишорен йуьртан меттиган йукъара нах беха меттигаш

бӀаьра нисйан
  • Кречетов кӀотар йукъайогӀу Ишорен йуьртан меттиган административан йукъан[3]. Лаьтта Ишоре гӀалин къилбаседехьа. Бахархой хьалха хилла йолу «Россия» совхозан белхалой бара. ХӀинца совхоз йоьхна.

Дальни эвла йукъайогӀу Ишорен йуьртан меттиган административан йукъан[3]. Лаьтта Ишоре гӀалин къилбаседехьа.

Топонимаш

бӀаьра нисйан

КӀотарш лаьттина меттигаш

бӀаьра нисйан
  • Баскаковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
  • Бычковн кӀотар – Ишорен къилбаседехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар.
  • Лукъянан кӀотар – Ишоре гӀалин малхбален йисттера меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу гӀазакхийчуьн Лукъянан кӀотар хилла.
  • Новобычковн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийчуьн Бычковн кӀотар.
  • Новомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг. Хьалха и кӀотар аьхка а, Ӏай а даьхний кхобуш лелош хилла.
  • Орловн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбуза агӀора меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу даьхнийлелорхочун Орловн кӀотар хилла.
  • Сборни кӀотар – Ишоре гӀалин малхбален агӀора меттиг. Хьалха иштта цӀе йолуш кӀотар хилла. Къаноша дийцарехь, кӀотар кхоллаелла керла балийна гӀазакхий гуллалучу ирзухь.
  • Старомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн кӀотар. Старомельниковн кӀотарна гергахь хьалха хилла Новомельниковн кӀотар.
  • Хрусталевн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийн хилла кӀотар.
  • ХӀирийн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу хӀирийша йиллина кӀотар.
  • Чернышевн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
  • Чикулаевн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар[4].
  • Колесниковн бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу паччахьан инарлан Колесниковн бошмаш лаьттина, бошмашкахь болхбеш хуьлура йалхой а, салтий а.
  • Краюшкинан бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн Краюшкинан бошмаш лаьттина.
  • Лопатинан бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу бошмаш лаьттина[4].
  • Дешийн хьаннаш – иштта цӀе хилла Теркан аьрру бердан атагӀан чуьра, Ишоре гӀалин къилбехьара хьаннаш. Дешийн хьаннаш олуш хилла, цигахь гӀишлошйарехь лело мегаш йолу дечигаш йохуш хиларна.
  • Жима Гола – лаьтта Ишоре гӀалин къилба-малхбузехьа.
  • Йоккха Гола – Терко голатухучу меттигера, Ишоре гӀалин къилбехьара хьун.
  • Сибилиха – хьуьнан массив. ЦӀе схьайаьлла гӀазакхийчун фамилех. Иза хилла чӀогӀа говза таллархо, цуо оцу хьуьнхахь куьйранаш а лоьцуш, талла Ӏамош хилла, тӀаккха духкуш хилла олхазарш.
  • Сосовн хьун – лаьтта Ишоре гӀалин къилбехьа, Теркан аьрру бердаца.
  • Хурониха – Ишоре гӀалин къилбан йисташкара хьун[4].
  • Барышниковн барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа. Барышников – оьрсийн антропонимин фамили йу. ЦӀе йелла оцу барзан гуонахьара латтан дакъа Барышниковн хилар бахьнехь.
  • Городбище барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
  • ГӀалмакхойн барз – кошан барз лаьтта Ишорен къилбаседехьара меттиг. Этноним тюркийн меттанашкара йу: «кхалмыкх» - тӀехьабисинарш.
  • Жанжалинан барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбалехьа. Жанжалин – наггахь бен ца хуьлу оьрсийн фамили.
  • Закутинан барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
  • Куоканийн барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера тӀе куоканийн коьллаш йевлла кошан барз болу меттиг.
  • Косовн барз – кошан барз болу меттиг Ишорен къилбаседехьа.
  • Междуярский барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа.
  • Серебряковн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
  • Хохолийн барз – кошан барз Ишорен къилбаседехьа.
  • Часовницкийн барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа.
  • Шина вешийн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан ул-уллехь ши барз болу меттиг.

Кхин топонимаш

бӀаьра нисйан
  • Булгаков атагӀа – Ишоре гӀалин къилбаседехьара шера меттиг.
  • Дешийн атагӀа – иштта цӀе йара Ишоре гӀалин къилба-малхбален агӀора, Теркан аьрру бердан атагӀан. И цӀе йелла кхузахь чӀогӀа дика, хьена латташ долун дела.
  • Кхазакх кхуйу – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг. Гочдича хуьлу «ГӀазакхийн гӀу».
  • Кхыркхыз кхуйу – иштта цӀе йолу хин хьост долу Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг. Ма-дарра «ГӀиргӀазойн гӀу».
  • Мазалкан некъ – Мазалкний, гӀизларний йукъара шоссен некъ, цуо вовшашца уьйр латтайо массо а Теркан хьуьнан йисттехула йолчу эвланашца а, гӀаланашца а (Ишоре, Алпату, Новр-ГӀала, Макан-ГӀала, Савельевски, Гал-ГӀала, Новотерски, Керла Солкушино, Левобережни, Салт-ГӀала, Оьрз-ГӀала, Новощедрински, Шелковски, Гребенски, Старогладовски, Курдюковски, Каргалински, Дубовски, Бороздиновски). Оцу новкъан йу кхин а цхьа цӀе, Мазалк-ГӀизлар некъ, хӀинца а йолуш йолу. Цуьнга нисса боьду цӀерпоштнекъ. Мазалкан некъ дехьа болу тӀайнаш тӀехула Теркан аьтту берда тӀе Ишорехь, Оьрз-ГӀалахь, Гребенскехь.
  • Нефтекачка – Ишоре гӀалин малхбузехьара меттиг, цигахь лаьтта мехкдаьтта тотту станци[4].

Ишоре йилларан билгала терахь хууш дац. Дуьххьара хьахийна 1771 шарахь, оцу хенахь кхоьллира Мазалкан гӀазакхийн аса, цунна йукъайахара гӀала. 1772 шарахь Ишорехь хилла Пугачёв Емельян, иза гӀалагӀазкхаша алапа а, даар а деха хьажийра Москоха, амма Мазалкехь постехь Пугачёв лецира[5] (тӀаьхьуо цуьнан аьтту белира хойх вада).

1926 шеран хьолашкахь Ишоре гӀала йукъайодара Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран кӀоштан Ишорен сельсоветан. 1926 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, гӀалахь вехара 4312 стаг, царех оьрсий — 3255[6].

Беха Ишорехь нохчий а, гӀазакхий а, туркой а. Алсама бу нохчийн хьачарой, чӀинхой, чартой, шарой, зумсой, аьккхий тайпанийн векалш[4].

Бахархойн дукхалла
1926[7]1990[8]2002[9]2010[10]
4309463949304808
Къоман хӀоттам

ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2002 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[11]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 3 227 65,46 %
туркой 803 16,29 %
оьрсий 747 15,15 %
гӀалгӀай 22 0,45 %
украинаш 20 0,41 %
кхин берш 111 2,25 %
берриш 4 930 100,00 %

ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2010 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[12]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 3 482 72,42 %
туркой 756 15,72 %
оьрсий 521 10,84 %
кхин берш 49 1,02 %
берриш 4 808 100,00 %

ГӀарабевлла бахархой

бӀаьра нисйан

Транспорт

бӀаьра нисйан

ГӀалахь йу цӀерпоштнекъан станци Ишоре, 2018 шарахь Теркан тӀехула керла тӀай диллина, шираниг дӀа а даьккхина, чекхболу автотрасса МазалкГӀизлар.

Кхузахь лаьтта Невран кӀоштан Пачхьалкхан некъаш лелоран урхалла.

Топографин карташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
  2. http://www.latlong.ru
  3. 1 2 3 Закон Чеченской республики № 47-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Наурский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 11 февраль. Архивйина 2012 шеран 13 апрелехь Архивйина 2014-10-06 — Wayback Machine
  4. 1 2 3 4 5 6 7 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  5. Протокол показаний Е. И. Пугачёва на допросе в Моздокской комендантской канцелярии
  6. Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю. Ростов-на-Дону. 1929. С. 320. Архивйина 2016-05-17 — Wayback Machine
  7. Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 июнь.
  8. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  9. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  10. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  11. Этнокавказ. Национальный состав Наурского района по переписи 2002 года
  12. Том 4 книга 1 «Национальный состав и владение языками, гражданство»; таблица 1 «Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населённым пунктам, сельским населённым пунктам с численностью населения 3000 человек и более». Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine