Ислам

дела цхьаъ веш долу ИбрахӀиман дин
(Бусалба дин тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 33 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2016, 29 апрель).

Исла̄м (Ӏаьр. ُالْإِسْلَام‎‎ — «Далла муьтӀахьхилар») — иза Дела цхьаъвеш долу стигалан ИбрахӀиман дин ду. Ислам динехь Дела цхьаъ бен вац — иза АллахӀ ву, ткъа Цуьнан тӀаьххьара элча — Мухьаммад ву. Оцу динна тӀаьхьахӀиттинчарах бусалбанаш (Ӏаьр. مُسلِمُون‎‎, [муслимун]) олу. АгӀончийн дукхалла — 1,9 млрд гергга адам ду, 2022 шарахь лерича, дуьненан 125 сов пачхьалкхехь дехаш долу[2]. Дуьненан 28 махкахь ислам пачхьалкхан йа официалан дин лоруш ду. Дукхаха болу бусалбанаш (85—90 %) суннатхой бу, биснарш — шийӀаш а, ибадхой а бу. Иштта мазхӀабашка а бекъало.

Ислам
Ӏаьр. الإسلام‎‎
«АллахӀ» дош сулюс йозанца йаздина, Цхьаъ волчу Делан цӀе
Динан доьзал ИбрахӀиман динаш
Жайна Къуръан
Диллинарг ИбрахӀим (тӀаьхьабазарца), Мухьаммад
Мехкаш 125 сов пачхьалкх
Декъашхойн дукхалла 1,9 млрд гергга
Куьйгалхо хӀинцалерчу хенахь: вац
хьалхара халиф: Абу Бакр ас-Сиддикъ (632)
тӀаьххьара халиф: Ӏабдул-Мажид ас-Сани (1924)
Кхоьллина де 631[1]
МостагӀий керстанах

Ислам дино хьоьху АллахӀ — Къинхетамбийриг а, доллучунна Ницкъкхочуш а, Цхьаъ а ву аьлла. Цо адамаш нийсачу новкъадаьхна пайхамаршкахула а, элчанашкахула а, Сийлахьчу Жайнашкахула а, билгалонашкахула (аяташкахула) а. Исламехь динехь коьрта лоруш долу жайна — Къуръан ду, Дала Мухьаммаде ﷺ ша доссийна долу 23 шарахь Маккахь а, Мадинатехь а[3]. Бусалбанаш цуьнга хьожу иза ма-дарра Делан дош ду аьлла, гӀалатех лардина а долуш, иштта Ӏилманашка а, гӀиллакхан масалшка (суннате) а, Мухьаммад пайхамарца ﷺ къаьсттина долу хьадисаш чулоцуш долчу. Бусалбанаш тешаш бу ислам дино, шел хьалха бахкийтинчу пайхамаршка масийттаза доссийна, дела цхьаъваран Ӏакъийдат (динах тешар) кхоччуш чулоцу аьлла, Адаме санна, Нухье а, ИбрахӀиме а, ЯӀкъубе а, Юсуфе а, Мусага а, Давуде а, Сулаймане а, Юнусе а, Ӏийсага а[4]. Исламан йеза меттигаш (гӀаланаш) йу: Макка а, Мадийнат а, Къудс-ГӀала (Урусалим) а.

ЦӀе

«Ислам» боху дош — иза «аслама» (Ӏаьр. أَسْلَمَ‎‎) бохучу, диъ элп долчу хандешан масдар ду. ЛугӀатехь (лексикехь) ислам «истислам» (Ӏаьр. الْإسْتِسْلامُ‎‎ — «муьтӀахьхилар») бохург ду, цуьнах лууш дерг: Делан омранашна а, Цо цамагийначунна а муьтӀахьхилар ду.

Ткъа Ӏилманан маьӀнехь — иза Мухьаммад пайхамаро ﷺ деана дин ду, бусалбанаш тешаш болу, иза Дала шеца стигалан элчаналлаш чекхдаьккхина шариӀат ду аьлла.

Истори

570 шерашкахь, Маккахь болу Ӏаьрбий цӀунашна Ӏибадатдеш бара. АллахӀа воссийна царна тӀе шен элча Мухьаммад пайхамар, шовзткъа шо кхаьчча 610-чу шарахь цуьнга доссийна — аль-Ӏалакъ олу сурат, Жабраил маликехула.

Ислам дин къайлах лелош хилла Мухьаммада а, цуьнан накъосташа (асхьабаша) а кхаа шарахь. Дала бакъо йеллачу хенахь, цара кхайкхош хилла шайн дин довзуьйтуш. Дуккха а таӀзардина хилла бусалбаначарна.

Дуьххьара ислам тӀеэцнарг а, Мухьаммад бакъвинарг а цуьнан зуда Хувайлидан йоӀ Хадижат хилла. ТӀаккха Абу Бакр ас-Сиддикъ, Имам Ӏали, Билал, Хьамзат, Хьузайфат и. дӀ.кх. Мухьаммадан луьйра мостагӀ хилла волчу Ӏумара а иман диллина хилла, масийтта хан йаьлча. Исламна дуьхьала бара къурайшин куьйгалхой, уггаре а чӀогӀа дуьхьалваьлларг Абу ДжахӀль вара.

Мухьаммад даиман ларвеш хилларг цуьнан деваша Абу ТӀалиб вара, иза кхелхича Мухьаммад ларван цхьа а вацара. Маккара арабаьхна хилла уьш. Бусалбан нах тӀелаца кийча хилла Мадинатехь болу бахархой. ТӀаккха Маккара Мадинате бахана хилла бусалбан наха, уьш Мадинате дӀакхалхарх — ХӀиджрат олу.

Жайна

 
Исламан деза жайна Къуръан.

Хьалха бахкийтина пайхамарш болчу хенахь, АллахӀ-дала цаьрга доссийна хилла масех жайнаш. ТӀаккха керстан Ӏеламнаха оцу инжилан а, товратан а жайнийн дешнаш дӀа а дохуш, шайгара тӀе а детташ яздеш хилла. Оцу цара кхоьллинчу жайнах — Библи олу. Оцу хенахь болу нах тилабелла хилла. Цундела АллахӀ-дала шен бакъ долу жайна доссийна хилла Мухьаммад пайхамаран . Оцу жайнах — Къуръан олу. Къуръан тӀехь АллахӀ-дала ша хилар гойтуш дуьйцу. Массо Ӏалам а, дуьне а кхоьллинарг ву ша боху АллахӀ-дала.

Бусалбанаш

Ислам дин лелочарах бусалбанаш олу. Бусалбанаш шина декъе бекъалуш бу: суннатхой а, шийӀаш а. Дуьненахь дукхахберш суннатхой бу. Суннатхоша массо а сахьабаш а, Ӏеламнах а къобалбо. Суннатхой баьржина бу: СаӀудийн Ӏаьрбийчохь а, ӀЦЭ-хь а, Кувайтахь а, Кавказехь а и. дӀ. кх. ШиийӀаш къобал ца бо дукхахболу сахьабаш а, халифаш а, Ӏеламнах а. ШийӀиташ баьржина бу: Иранехь а, Азербайджанехь а, Ӏиракъехь а и. дӀ. кх.

Маьждигаш

 
КаӀбат

Исламехь дуьххьарлера АллахӀ-делан маьждиг ду Маккахь долу КаӀбат (ХьаьжцӀа), шолгӀаниг ду Мадинатехь долу Пайхамаран маьждиг (Масджиду-н-Набави). Оцу маьждигийн лардархо ву таханлерачу дийнахь СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз ибн Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд.

ТӀулгах дина зезаг санна, стаг цецвоккхуш, хаза ду ХьаьжцӀа. Юккъехь лаьтташ ю, массо а агӀор шена тӀебирзина ламазаш деш йолу КаӀбат. Цуьнан пена чубиллина бу АллахӀ-дала ялсамани чуьра баийтина болу Ӏаьржа тӀулг. Хьалха-м иза шура санна, кӀайн хилла боху, тӀаьхьо адамийн къинош дӀахуьйдина, кӀора санна, Ӏаржбелла. Мичча хена вахча а, оцу КаӀбатан гонаш дохуш эзарнаш хьаьжой хуьлу: Америкера, Африкера, Азера, Европера, Австралера — Ӏаьржанаш, кӀайнаш, можанаш, цӀенаш. Исс момсар йолчу маьждиг чу а, цунна гонах а ламазана дӀахӀутту 300-500 эзар стаг.

КаӀбат лаьттачу маьждиган майданахь йистехьуо лаьтта буха воьссича, Замзам хи ду. Цхьана хенахь кхузахь кӀорга Ӏин хилла. ИсмаьӀил карахь шен хӀусамнана йитина, хи лаха вахана хилла боху кхузахь ИбраьхӀим пайхамар (салам-маршалла хуьлда цунна). Иза схьавогӀург а ца хилла, хьогалла леш доллучу берана орца доьхуш, цигарчу лома тӀера вукху лома тӀе дӀасаидда боху беран нана. Кхин хи ца карош, дог а диллина, юхаеанчу нанна ИсмаьӀилна уллехь лаьтта бухара хьаладетташ хи гина.

— Зим-зим, зим-зим, - аьлла цо, оцу хино ИсмаьӀил верна кхераелла. Ӏаьрбашна «Замзам» бохург хӀун ду ца хаьа. Церан маттахь цуьнан маьӀна дан а ца ло. ХӀора хьаьжочунна парз хилла дӀахӀоьттина Сафа лам тӀера Марват лома тӀе дӀа а, юха схьа а ворхӀазза вахар.

Кхин хьажа

Билгалдахарш

  1. AA.VV. Encyclopaedia of Islam, Encyclopédie de l’Islam (фр.) — 1913. — Vol. 7. — P. 361.
  2. Muslim Population by Country 2022
  3. لماذا نزل القرآن على النبي في 23 سنة؟ 6 أسباب لا يعرفها الكثير
  4. Reeves, J.C. (2004). Bible and Qurʼān: Essays in scriptural intertextuality. Leiden [u.a.: Brill. p. 177