Мулкъой[1] (оьрс. Мулкой) — нохчийн тукхумашна йукъа догӀуш доцу тайпа ду. М.А.Мамакаевс Мулкъойн тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпа лору[2].

Къена тайпа
Мулкъой
Тайпанан векалш
Тайпанан векалш
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам тукхумашна йукъа ца догӀу
Бухара тоба Басхой, Бенгаpой, БIoвархой, ГIезир-Кхеллой, Жaйнхой, Кейштрой, Коттой, Медархой, Хьуркой
Йукъара хаамаш
Йоза Кириллица
Дин ислам (суннийш)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ГӀалгӀайчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Мулкъа

Мулкъа - лаьтта ЧӀаьнтин Органан аьрру геннийн Мулкъойн эркан а, Гухойн эркан а бассейнехь, къилбехахь Конжухой ломан коьртан (2231 м) а, къилбаседехь Тумсойн лам дукъан (2074 м) а йукъахь. Мулкъойн лам лаьтта Хьорсанан кӀилба-малхбалехь.

Мулкъан малхбузехь доза ду Пешхошца, къилбаседехь - тӀаьхьуо Мулкъой охьахевшинчу Хьорсанца, малхбалехь а, къилба-малхбалехь а ЧӀухошца, къилбехь ТӀерлошца. Тайпанан эвла лору ГӀезир-Кхелли[3].

Мулкъан эвланаш

бӀаьра нисйан

Мулкъан йукъахь хилла эвланаш: Бассаха, Бенгара, Бов-а, ГIезир-Кхелли, Жайне, Ирзие, Кейшта, Котта, Меда, Хьархиечу, Хьуьрика. Тахана ерриг эвланаш саьлнаш хилла лаьтта, йохийна хено а, тӀамо а[4].

Топонимаш

бӀаьра нисйан
  • Муьлкъан хьостуй – ЧӀуохь ГутӀан къилбехьа.
  • Мулкъание – ЦӀечу аьхкиен къилбехьара йол хьокху меттиг[5].
  • Мулкъойн ирзу – ГӀойн арцан къилбан басехь, Олхазар-КӀотаран гергахь[6].
  • Мулкъойн лам – лаьтта Хьорсанан кӀилба-малхбалехь[7].
  • Мулкъойн эрк – долало Жайна эвлан гергахь, охьадогӀу къилба-малхбузера къилбаседа-малхбалехьа, дӀакхета Гухойн эрках аьрру агӀорхьа, и шиъ цхьаьна ЧӀаьнтийн Орган аьрру га ду, Уш-Кхелли уллохь кхета уьш Органах[8].

Мулкъой беха меттигаш

бӀаьра нисйан

Тахана Мулкъой беха эвланашкахь: БухӀан-Йурт, Бена-Йурт, ВаларгтӀе[9], Гикало, ГӀой-Йист, Доьлаке, Зонах[10], Ишоре, Олхазар-КӀотар, СаӀди-КӀотар[11], Хьорсана[12], Шинасуьйра-йукъ, Эна-Хишка, Эха-Борзе, ЧӀулга-Йурт[4].

Этимологи

бӀаьра нисйан

Цхьацца историн хаамашца, этноним «Мулкъа» уьйр йу «Мулк» дашца, маьӀна ду йукъаралло урхалла до латтанаш[13].

А.Сулеймановс дийцарехь, тайпан "мулхой" схьайалар долуш йу – некъ боккхурш, хьалха боьдурш, авангард. Мулкъой гӀезарийн тӀаьхьенаш хила а тарло[14].

Декъадалар

бӀаьра нисйан

Коттой, Жaйнхой, Медархой, БIoвархой, Басхой, Бенгаpой, Кейштрой, Гӏезир-Кхеллой.

Топонимаш

бӀаьра нисйан
  • Хьуьрика – Итон-Кхаьллан кӀоштара эвлан саьлнаш, лаьтта Мулкъахь Мулкъойн эркан аьтту бердаца, къилба-малхбалехьа Доьра эвлана.
  • Хьуьрикан Ӏам - Нойбоьран къилбаседехьа.
  • Хьурикан кӀога - Нашхахь Тусхаран къилбаседехьа Цхьогалан Ӏуьрган гергара кӀаг.
  • Хьуьрика йуххие - ЧӀуора Узмат-Кхеллин малхбузехьа, хьалхара дакъа кхолладелла шина компонентах: «хурриташ» + «йуххе», аьлчи а «Хурритий гергара эвла».
  • Хуьрика – ЧӀаьнтара ДоьрхӀан къилба-малхбалера эвла.
  • Хьуьрака - ХӀиман малхбалехьара меттиг.
  • Хьуьрика-гӀала - ЧӀаьнтара Иет-кхеллин йукъара бӀов. «Хурритийн бӀов».
  • Хьуьрикахойн бассуо - ЧӀаьнтара Хьелдин къилбаседа йист.
  • Хурикау – Къилбаседа ХӀирийчуьра Мазалкан кӀоштан эвла, йиллина 1872 шарахь. ХӀирийн маттара гочдича «Маьлхан эвла» хуьлу.

Аздин Вазара шен тептарахь буьцу аланийн мохк, лаьтташ бу Кура хин а, Тушетин а къилбаседехьа, Алазань хин а, Азербайджанан, къилбаседехьа Теркан хьостал а, цуьнан готта Ӏинал а, къилбаседехьара латтанаш Теркал а, Сотай аренал а Каспий-хӀорд тӀекхаччалц, йукъабогӀу Ийдал хин а, Дон хин а къилбехьара мохк. Тептарахь хьехайо аланийн нах хевшина меттигаш: Мажар, Дади-Ке, Баланжар гӀап, Балх, Малка (Мулкъа хила герга), Нашах, Макжа, АргӀун, Къилбах, Терки, ткъа кхин а буьйцу мохк Теркан лахахь, иза Каспий-хӀордах кхетучохь болу, оцу йукъахь Кешан акъари а, Нохчийн гӀайре а[15].

Йуккъерачу бӀешерашкахь а, керлачу хенахь а ломан Нохчийчоь лаьттина шеш долчу тайпанех: Аьккхий, ЧӀаьнтий, Маьлхий, ЧӀебарлой, Шарой, Шотой, Нашхой, МӀайстой, Садой, ТӀерлой, Пешхой, ЧӀинахой, Кей, Мержой, Хилдехарой, Галай, Мулкъой, Орстхой, кхин а. Цара дӀалаьцна хӀора Ӏинахь, хӀинци а лаьтта саьлнаш бахаман а, тӀеман а бӀаьвнийн, тӀулгах дина маьлхан кешнех а, лаьттах даьхна кешнех а[16].

Историн документашкахь дуьххьара Мулкъой хьахийна XVI-XVII бӀешарашкахь[17].

Историн документашкахь Мулкъой хьахийна, маьрша йукъаралла аьлла. Элийн мехкашца цхьаьна дара кхин а маьрша, элашна куьйга кӀелахь йоцу йартийн йукъараллаш. Нохчийчоьнан лаьмнийн зонашкахь "йукъаралла", ломан "латтанаш", "латтанаш" цӀарца хьахийна: мичигхой (мичкизы), мержой (меризи), шотой (шубуты), мулкъой (мулки), гӀалгӀай (калки), жӀайрхой (ероханские люди), чӀаьнтий (тшанские люди), Ӏовхой (ококи), Ӏовхойн мохк (окочанская земля)[18].

XVII бӀешарахь Мулкъоша йоккха роль ловзайора Органан йукъараллийн уьйр латтош а, луларчу къаьмнашца йохк-иэцар лелош а.

1618 шо — Оьрсийн документашкахь дуьххьара хьахийна Мулкъой а, ЖӀайрахой а[17].

1618 шарахь гӀебартойн элан Сунчалейн векалш ладаме гӀуллакхна Мулкъа бахара»[4]. Хьалхарчу хьосташкара хууш ду, 1618 шарахь жӀайхойн нуцал Маьхьти а, чергазийн эла Сунчалей а, Терки гӀалин Теркан воевода а цхьаьна бахара шотойн, мичиган а, гӀалгӀайн а эвланашка. Мулкъой оьрсашна гӀарабевлла, дегӀастанхой шайца даша туху герзаца болчу гӀазакхийн тобанца Шуьйтара Органан Ӏин чухула хьала бахара, массанхьа а дуьхьало йора царна, Уьш-Кхаьллара аьтту агӀора бирзина, тӀекхечира ЧIуохойн эвлана. Эвла схьайала хан йелира, амма бахархоша иза тӀе ца ийцира, тӀом болабелира. ЧIуохоша коста дахьийтира лулахошка гӀо доьхуш. Уггаре а халчу меттигехь Мулкъойн орца кхечира, ма-баггӀара мостагӀчунна агӀон тӀиера тӀелетира уьш дуьххьара даша туху герз долчу тобана. Ишттаниг хир ду аьлла хеташ боцу дегӀастанхой а, гӀазакхий а, иэшам хуьлуш бевдира. Оцу толаман лерина йуьйгӀира тӀеман бӀов, цунна цӀе тиллира «ЧIуо-Мулкъ». И тӀом хилла 1618 шеран герга, цул тӀаьхьа Мулкъой бийца бехира Органан Ӏинера Ӏаткъаме ницкъ аьлла[4].

1619 шеран документашкахь хьахийна Мулкъой – «Мержойн а, Шотойн а нах – ЧӀаьнтийн а, Мулкъойн а нах» («Мерезинские и шибуцкие люди — Тшанские и Mулкинские люди»[19]).

1619 шарахь къилбаседакавказан къаьмнийн цхьаьнатоьхна а, Российн а ницкъаш тӀелетира ногӀийн гӀезалошна, хӀаллакйина йагийра Теркаца йолу церан эвланаш. ГӀебартойн элас Алегука оьрсийн воеводе Н. Д. Вельяминовга шен кехат чохь хоуьйту, нохчийн тайпанаш — Мержой, Шотой, Мулкъой, кхин а лулара йукъараллаш кечам бира баккхийн ногӀашна тӀелата кечам беш[20].

Тайпа хьахадо 1621 шеран документехь: «гӀумкийн а, мержойн а, шотойн а, чӀаьнтийн а, гӀалгӀайн а, мулкъойн а, кхин шортта ломан мехканийн нах кийча бу цхьаьна НогӀийн нахана дуьхьала бовла», «гӀо доьху Теркан тӀийрачу оьрсийн воеводашка»[21].

1629 шо — Дуьххьарлера хаам Теркера оьрсийн кхийсархой даша эца Мулкъа бахарх[22].

XVIII бӀешо чекхдолуш XIX бӀешо долалуш Мулкъахь доккхура даша а, кӀеззиг дети а[4][22].

Оьрсийн документашкахь хаам бо, 1840 шеран июнан хьалхарчу декъехь Шемал шен жимачу шотойх а, чӀебарлойх а лаьтта тобанца, БуритӀе агӀонхьа воьдуш, тӀедиллира Мулкъошна шайх схьакхетар. Зумсойн МаӀаша хьехарца, «бийшина Ӏахкарна» Шемала масех йуьртдена веран кхелйира. Мулкъой иза бахьнехь тӀелетира цуьнан тобана, байира Шемалан уллера накъостий, царна йукъахь иза Органан Ӏинехь соцуш волу хӀусамда, доттагӀа Шуьйтара ШаӀбан а, зумсойн эла МаӀаш а. Шемалан йира, дийцарехь, чӀогӀа кхераме шиъ чов, цхьаъ куьйгана, шолгӀаниг – гайна[23].

Мулкъойх Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀаме Хьорсанара 47 стаг вахара, амма цӀехьа масех бен ца веара[24].

Мулкъойн тайпанан эвлан Хьорсана 1995 шеран 31 майх бархӀ кемано бумбанаш тоьхна хӀаллакйина дӀайаьккхира. Масех цӀа бен ца дисира эвлахь. Цул тӀаьхьа йуьртахой маьӀ-маьӀӀе дӀабахана йасъелира[4].

ГӀарабевлла Мулкъой

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. К вопросу о количестве чеченских тайпов. Натаев Сайпуди Альвиевич
  2. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973.
  3. Сулейманов, 1997, с. 131,409.
  4. 1 2 3 4 5 6 Духовная территория и история тейпа Мулкъой (Салавди Чадиев).
  5. Сулейманов, 1997, с. 15.
  6. Сулейманов, 1997, с. 453.
  7. Сулейманов, 1997, с. 413.
  8. Сулейманов, 1997, с. 135.
  9. Сулейманов, 1997, с. 388.
  10. Сулейманов, 1997, с. 417.
  11. Сулейманов, 1997, с. 406.
  12. Сулейманов, 1997, с. 409.
  13. А.С. Сулейманов. Топономия Чечено-Ингушетии. 1976г.
  14. Сулейманов, 1997, с. 131.
  15. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху ReferenceB тIетовжаран текст йазйина йац
  16. Кавказовед В.И. Марковин.
  17. 1 2 А.Х. Гутнов Россия и Центральный Кавказ в XVI-XVII вв
  18. Записки терского общества любителей казачьей старины. 1914. № 9. С. 73; Лавров Л.И. Эпиграфические памятники Северного Кавказа. М. 1966. С. 200-203; Исаева Т.А. Указ. Соч. С. 20-21
  19. 1619 г. позднее мая 4 — Отписка терского воеводы Н. Д. Вельяминова.
  20. Книга Алауди Мусаева «Шейх Мансур»
  21. Российский государственный архив древних актов, Ф. Кабардинские дела, 1621, №3. Л. 1-2
  22. 1 2 Я. Ахмадов. «История Чечни с древнейших времен до конца XVIII века»
  23. Мухаммед-Тахир аль-Карахи, Блеск дагестанских сабель в некоторых шамилевских битвах
  24. Духовная территория и история тайпа Мулкъой (Салавди Чадиев).

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан